ХIетахь нохчийн халкъах жоп дала цхьа а ца велира

ХIокху шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь нохчийн халкъ махках даьккхина 73 шо кхаьчна. Оцу дийнах а, 73 шо хьалха вайн дай-наноша лайначух а лаьцна яздина республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана инстаграмерчу шен агIонехь.

Цо билгалдаккхарехь, «дуьненахь дехачу дуккха а халкъаша шайн исторехь лайна кегий а, баккхий а бохамаш. Амма и бохамаш халкъан хIора а векалах хьакхабаларан хиламаш чIогIа кIезиг хилла».

«1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь нохчийн халкъ дохнан вагонаш чу а доьттина, Казахстане а, Юккъерчу Азенан йист йоцучу аренашка а хьажийра. Нохчийн ах халкъ хIаллакьхилира мацалллина а, шелонна а, цамгарш кхетта а, Iедало ницкъ барна а», – яздира республикин Куьйгалхочо.

Иштта цо билгалдаьккхира 1939-чу шарахь хиллачу тIегIане нохчийн халкъ 1959-чу шарахь бен кхаьчна цахилар.

«Халкъ арадаьккхинчу муьрехь республика дIа а яьккхина, цуьнан латтанаш дIасадийкъира. Цунах ца даьлла беркат хIинца а Iуьйшуш ду вай. Халкъ шен хIусамах а, бахамах а, архивах а, историн хазнех а даьккхира. Нохчийн халкъо Казахстанехь а, Юккъерчу Азехь а даьккхинчу 13 шарахь цуьнан цIера хIусамаш йохийна, аьтта дIаяьхнера, царна чуьра салпал дIасабаьхьнера.

Сталин Иосиф (эзарза неIалт хуьлда цунна) вайн халкъ а, цуьнца доьзна иэс а дIадаккха лууш вара хIокху дуьнен тIера. Амма хан-замано дIа и ша ваьккхира», – боху Кадыров Рамзана шен кехатехь.

Иштта, цо билгалдаьккхира «эзарнашкахь болчу нохчаша Кавказ а, Сталинград а, Москва а мостагIех ларйина хилар а, Киев а, Варшава а, Прага а, Вена а фашистех дIацIанъярехь а, Кёнигсберг а, Берлин а схьаяккхарехь дакъалаьцна хилар а. Цунна баркалла аларан метта, Сталина нохчийн халкъана таIзар дина» хилар а.

Республикин Куьйгалхочунна хетарехь, шеца зуламаш доцуш цхьа а тIом дIабоьрзуш бац.

«Эзарнаш шераш хьалха а, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь а, таханлерчу муьрехь буьйлучу тIемашкахь а, иштта хьал хуьлуш ду. Вайн халкъах схьабевлла болу зуламхой жоьпе озоран метта, и гIуллакх политикин хорша дерзийнера. Билггал хууш ду, фашистийн могIаршкахь дакъалоцуш хиллачу иттаннаш эзарнашкахь болчу Советийн Союзан бахархошна юкъахь нохчий хилла цахилар. Вай тешна ду 1944-чу шарахь хилла болу бохам кхин цкъа а вайна гург цахиларх! Ткъа тахана Сталинах турпалхо ван луучарна хаа деза: фронташкахь фашизмана дуьхьал къийсам латтош миллионашкахь салтий эгна хилар. Цара баьккхина фашизмана тIехь толам, Сталина ца баьккхина!

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан), вайн халкъо и ирча, къиза бохам лайна 50 сов шо хан яьлча, Делан пурбанца, шен дахар а ца кхоош, хIаллакьхуьлучуьра кIелхьарадаьккхира вайн халкъ. 1944-чу шарахь нохчийн халкъах жоп дала цхьа а ца велира. Сталинан къизалла бахьана долуш кхелхинчарна Дала гечдойла!», – олуш, чекхдаьккхина Кадыров Рамзана шен кехат.

Оцу денна лерина республикин пачхьенехь а, тайп-тайпанчу ярташкахь а, иштта Казахстанехь а, ГIиргIизойчохь а бехачу нохчаша а сагIанаш дехира, маьждигашкахь мовладаш дийшира, бахархоша кешнашкахь Къуръан дийшира. Дагестанерчу аьккхаша а, хIоразза а санна, шайн хIусамашкахь тезет ду аьлла, кевнаш диллина а латтийра оцу дийнахь.

И.АДАМОВ

№16, шинара, чиллин (февраль) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: