Шемарчу буоберашна – кхачанан сурсаташ

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондо Шемарчу буобершна кхачанан сурсаташ дахьийтаран гIуллакх вовшахтоьхна дукха хан йоццуш.

Иштта хаам бо Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана инстаграмерчу шен агIонехь.

«ХIокху деношкахь Нохчийчуьрчу оцу юкъараллин фондо вовшахтоьхна кхачанан сурсаташ дIасадийкъира Алеппохь. 200 сов буобере маьхза делкъе а яйтира, хIоранна а совгIаташ а дира. И тайпа гIуллакхаш Алеппохь а, Дамаскехь а кхул тIаьхьа а дIадахьа лерина ю фонд», – яздо республикин Куьйгалхочо.

Иштта, цо дийцарехь, бекарг (март) баттахь 800 стагана (буоберашна, бисина Iачу зударшна, халабохкучу доьзалшна) гIо кхачор ду фондера.

Фонд Шемарчу правительствон структурашца юххера зIенаш латтош ю, цундела царна сих-сиха гIо-орца кхачон аьтто хуьлу фондан куьйгалхойн.

Лакхахь билгалъяьккхинчу фондан вице-президента Сабсаби Зиядас дийцарехь, фонд, герггарчу хенахь, «Иблисан пачхьалкхерчу» террористаша дохийна долу Алеппорчу Омейядийн маьждиг меттахIотто лерина ю (и маьждиг долу 1300 сов шо ду).

«Ас даггара баркалла боху фондан куьйгалхочунна, сайн хьомсарчу нанна Кадырова Айманина цо Шемарчу нехан Iуналла дарна. Вайн халкъана дика девза тIеман хьал, цундела даггара хьовсу вай и бала токхучу бусалбанийн дегнашка. Дала Шен дуьхьа дойла хIораннан а сагIа. Ас хастам бо АллахIана Шемарчу мисканашна гIо дан вайн аьтто барна», – яздина цо.

Хь.БАХТАЕВА

№16, шинара, чиллин (февраль) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: