Информатикехула ЕГЭ дIаяларна кечамбо

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетехь 11-чу классийн дешархошца «ЕГЭ ИКТ 2017» проект юкъаяккхаран хьокъехь цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала, Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан техникин университетан Iилманан декъехула волчу проректора Гайрбеков ИбраьхIима, «Команда» проектехь дакъалаьцначу Фокина Маргаритас, Силютин Александра.

i

Дешархошка хьалхара дош олуш вистхилира Байханов ИсмаьIал: – Вай деха зама – технологийн зама ю. Вайн цхьана а хIуманна тIаьхьадиса йиш яц. Технически университете деша ваха луучу муьлххачу а дешархочо уггаре а хьалха дIаяла езаш ерг информатикин экзамен ю. Цунах дика кхета веза шух хIора а. Информатикин экзамен дIаяларехь уггаре а лахара баллаш хуьлуш хиларна а, и саннарг цахилийтархьама а юкъаяьккхина ю «ЕГЭ ИКТ 2017» проект. Информатикин предметан хьехархошца цхьаьнакхетар хилла тхан дукха хан йоццуш. Дешархошца шаьш беш болу болх кхин а алсамбаккхаре кхайкхина оха хьехархой. «ЕГЭ ИКТ 2017» проектан гурашкахь, 11-чу классийн дешархошца 15 дийнахь болх бийр бу Фокина Маргаритас а, Силютин Александра а. Информатикин предметехула экзамен дIаяла кечдийр ду цара шу. Ткъа шун декхар ду шайна хьоьхучуьнга дика ладогIар а, оцу предметана кечамбарехь дикка къахьегар а. Тахана оцу предметана къаьсттина тидам тIебахийта беза аш, дерриге а хьелаш кхоьллина хилча.

Лакхахь хьахийна проект маьIне хилар билгалдаьккхира проректора Гайрбеков ИбраьхIима.

– «ЕГЭ ИКТ 2017» проект вайна оьшуш а, маьIне а ю. Со теша, оцу проекто вайн дешархошна информатикехула ЕГЭ дIаяларехь гIо дийриг хиларх. Цул сов, дешархойн таро хир ю шайн хаарш зен а, шайн дика а, ледара а йолу агIонаш билгалъяха а, – элира цо. – Со йоккхае «Команда» проекта юкъахь айса дакъалаьцна хиларх а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана сан тидам бина хиларх а, цо тешам баларх а.

«ЕГЭ ИКТ 2017» проектах дешархошна доккха беркат дериг хиларх тешна ю со. Информатикехула ЕГЭ дIаяла дешархошна гIо дарехь оха вовшахтоьхначу балхахь хIора а дийнахь экзамен дIалур ю дешархоша. Ца кхеташ дисинарг царна хьеха а, церан хаарш денна а алсамдахарехьа къахьега а дагахь ду тхо. Дешархошка цхьа дехар ду сан: оцу курсашкахь сема хилар а, шайна дина тIедахкарш дукха лерина кхочушдар а. Аш дика къахьегахь, со тешна ю, информатикехула ЕГЭ аш кхиамца дIалург хиларх, – элира Фокина Маргаритас.

З.ЛОРСАНОВА

№16, шинара, чиллин (февраль) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: