«Даймехкан гIаролехь»

Иштта яра хIокху деношкахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу мемориальни комплексехь Россин Федерацин Къоман гвардин эскарийн Жуковн цIарахчу орденан оперативни хьаштийн 46-чу къаьсттинчу бригадин историн гайтаман цIе. Нохчийн Республикин вузашкара студенташ а, Соьлжа-ГIалин школийн лакхарчу классашкара дешархой а бара цигахь дакъалоцуш. Россин бIаьхоша мохк ларбарх лаьцна видеокийсак гайтарца схьабиллира гайтам. И Даймохк безарна дог-ойла ир-карахIоттош яра.

IMG_0815

Гайтаме йиллина яра 2000-чу шарахь Жуковн цIарахчу орденан оперативни хьаштийн 46-чу къаьсттина бригада кхоьлличхьана гулйинчу шайн экспонаташна юкъара 150 экспонат – духарш, герзаш, мохк ларбеш дIакхелхинчу бIаьхойн совгIаташ, мидалш, иштта кхиболу гIирсаш.

– Уггаре а хьалха суна билгалдаккха луур дара Къоман гварди кхоьлличхьана хIокху тайпана гайтам оха дуьххьара дIахьош хилар. Тхан базе мил-милла а ца вуьту, цундела Даймохк ларбархочун денна лерина гайтам вовшахтохар дийхира тхоьга Нохчийн Республикин культурин министерствос. Теша лаьа, хIара гIуллакх, дика ламаст а хилла, хIора шарахь дIахьуриг хиларх. Нохчийчоьнан бахархойн санна, республике баьхкинчу туристийн а таро хир ю 16 шарахь гулбинчу бIаьхойн гIирсашка хьовса. Даймохк ларбархочун денца а, иштта, Россин Федерацин Къоман гварди кхоьллина 16 шо кхачарца а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нохчийчохь Халкъийн цхьаалла дIакхайкхийна шо кхачарца а ас декъалво Даймахкана гIаролехь лаьтташ волу массо стаг а, зуда а, – элира Нохчийн Республикин искусствийн хьакъволчу гIуллакххочо, подполковника Бурмистов Василийс.

Гайтаме даьхкина бераш дехха лаьттира хIора а экспонате леррина хьовсуш. Церан хаттаршна жоьпаш а луш, царна цухуург довзуьйтуш музейн белхахой а бара гайтамехь жигара дакъалоцуш.

Гайтам лаьттар бу бекарг (март) беттан 6-гIа де тIекхаччалц.

М.ВЕГИЕВА

№16, шинара, чиллин (февраль) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: