БIаьрса доцучарна лерина концерт

ХIокху деношкахь республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь хилира региональни юкъараллин «Оптимум» организацин гIоьнца вовшахтоьхна йолу бIаьрса доцучу заьIапхошна лерина «Диканиг де» концерт.

2017-02-16-2869

Концерте кхайкхина бара къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон юкъараллин а, динан а организацешца цхьаьна гIуллакхаш даран белхан коьрта говзанча-эксперт Вазаралиев Висади а, Нохчийн Республикин а, Россин кхечу регионашкара а бIаьрса доцучеран юкъараллийн векалш а.

– Син паргIато хилар а, хьал-де хаар а, вовшашка даггара дистхилар а суна хIокху дуьненахь уггаре а дукхадезна хIуманаш ду. Цундела вайн республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран Умаров Джамбулатан цIарах баркалла ала лаьа суна хIокху тайпана цхьаьнакхетарш дIадахьарехь дакъалоцучу организа- цийн а, фондийн а векалшна, – элира Вазаралиев Висадис.

Эшарш локхуш а, иллеш олуш а хьовсархойн самукъадоккхуш бара Нохчийн Республикера а, Россин кхечу регионашкара а бIаьрса доцучеран юкъараллийн къона жигархой.

Таханлерчу дийнахь Ерригроссин бIаьрса доцучеран юкъараллин Нохчийн региональни организацехь хьесапе эцна ву хьалхарчу а, шолгIачу а, кхоалгIачу а тобанийн бIаьрса доцу 3 624 заьIапхо. Царна юкъахь 600 сов бер ду. Организацин коьрта декхар ду бIаьрса доцу нах лахар а, уьш шайн юкъаралле тIеэцар а, царна социальни реабилитаци яр а, лакхарчу дешаран заведенешка деша бахарехь царна гIо дар а. БIаьрса доцучу нахана хIокху дуьненахь шайн меттиг караяйта гIо до цара. Иштта, Москва а, Подмосковье а 1–5 баттана реабилитаци ян а, шайна цхьайолу говзаллаш Iамо а хьовсабо.

ХIокху шарахь компьютерни классаш схьаелла дагахь ю БIаьрса доцучеран юкъаралла. ХIора а компьютера тIехь хир ю «Джалс» цIе йолу мотт буьйцу леррина программа. Цуьнан гIоьнца бIаьрса доцучу нахана компьютер лело а, цу тIехь болх бан а Iемар ду.

М.ЮНУСОВ

№16, шинара, чиллин (февраль) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: