Пачхьенан куц-кеп хийцарна лерина кхеташо дIаяьхьира

Пачхьенан куц-кеп хийцарна лерина кхеташо дIаяьхьира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Соьлжа-ГIалин мэрехь.

article666

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан хьалхарчу заместитела Закриев Якъуба, Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Тагаев Султана, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана, Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима, иштта коммунальни службийн белхахоша, Соьлжа-ГIалин еа кIоштан администрацийн куьйгалхоша, къеданаша.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира йохъяллалц а ца Iаш, Соьлжа-ГIалин паркаш, сквераш, некъаш, тротуараш тодаран болх жигарабаккха безаш хилар.

«Соьлжа-ГIалин урамашкахь цIано а, къепе а латторан гIуллакхашна къаьсттина тидам тIебохуьйту вай, хIунда аьлча, хIокху гIалин чолхе истори а ю, вайн регионан коьрта шахьар а ю хIара. Нохчийчоьнан пачхье шен цIеналлица Россин тоьллачу (масалечу) шахьарех цхьаъ ларалуш ю. Амма, цхьа квадратни метр бен яцахь а, бехъеллачу меттиго мел хьегна долу къа дойъу. Массарна а тамехь ма хета, Нохчийчу баьхкинчу хьешаша вайн республикех лаьцна диканиг олуш, вайн урамашкара цIано а, паркийн, скверийн хазалла а, бахархойн догдикалла а царна гуш, хазахеташ», – элира республикин Куьйгалхочо.

Цо билгалдаьккхира дIатесна мел долу лаьттан дакъош нехех цIандан а, тайп-тайпанчу организацешна а, учрежденешна а гуонахара латтанаш (меттигаш) кечдан а дезаш хилар. Республикин Правительствона, мэрица цхьаьна, йоццачу хенахь бан безачу белхийн барам а къастийна, уьш кхочушбар дIадолор тIедиллира Р.Кадыровс. Цхьайолчу меттигашкахь Iаьнан шелоно некъаш гIеххьа дохийна хиларна тидам тIебахийтира цо. Цундела, проблемаш дIаяхар тIаьхьатоьттийла дац.

«Соьлжа-ГIала, гуттар а санна, хаза а, паргIат а, бахархойн а, дерриге а дуьненара схьаоьхучу хьешийн а бIаьрг белош а хила еза», – элира Кадыров Рамзана.

Цул сов, оцу балхана декхарийлахь йолчу учрежденешна, нах чохь Iаш болчу (дукха петарш йолчу) цIенойн уьйтIарчу меттигашкахь берийн майданаш яр а, хьалххе, уьш мел оьшу къастор а тIедиллира республикин Куьйгалхочо.

Иштта, Iер-дахаран хьелаш тайп-тайпана хилар бахьанехь а, кхечуьнца доьзна а (галбовларна) кхерамечу тобанашна юкъабаханчу кегийрхошца болх баран тема а хьахийра кхеташонехь.

«Россин а, Нохчийчоьнан а мостагIий чIогIа къахьоьгуш бу кегийрхой тайп-тайпанчу зуламечу организацешна юкъаийзо гIерташ. Оцу Iалашонца, тIехула хаза а, дика а хеташ йолу цхьацца тобанаш, юкъараллаш кхуллу цара. Амма царна моьттург бакъ дац, церан къахьегар а эрна ду. Вай чекхдевлла оцу хIуманех, оцу зуламна дуьхьал къийсам латторехь жимма а мало йича хIун хуьлу а хаьа вайна. Оцу декъехь болх массара а бан беза – доьзалшна тIера дIадуьйладелла пачхьалкхан учрежденешна а, службашна а тIекхаччалц. Вайн нийяташ чIогIа а, хийцалур доцуш а ду – Къуръанца а, Суннатца а йогIуш йоцу тобанаш, секташ кхолларан Iалашонца корта хьалаайар а могуьйтур дац вай цкъа а, цхьанна а», – чIагIдира Р.Кадыровс.

А.ВАХАЕВА

№16, шинара, чиллин (февраль) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: