Чиллин (февраль) беттан 17-чу дийнахь республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис чекхдаьллачу 2016-чу шеран жамIаш довзийтаран Iалашонца пресс-конференци йира меттигерчу шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшца. Цунна хетарехь, оцу тайпана долу цхьаьнакхетар бахархошна хьалха прокуратурин органаша биначу белхан жамIаш довзийтар а, отчет яр а лара мегар ду. Шина сохьте гергга дахделлачу цхьаьнакхетарехь цо дийцира прокуратурин органаша бахархойн бакъонаш ларъярх а, республикин а, федеральни а законодательствош ца талхадайтарх а, зуламхошца къийсам латторах а лаьцна.

Ш.Абдул-Кадыровс билгалдаккхарехь, 2016-чу шарахь федеральни законодательствон талхораш дIадахаран Iалашонца прокуратурин органаша 52 эзар тайп-тайпана сацамаш тIеэцна. Цаьрца нийса а догIуш, 24 272 стаг жоьпе а озийна, иштта, бахархошна а, пачхьалкхана а 163 миллионан соьман барамехь дина зен метта а хIоттийна.
Бакъонаш ларъяран а, прокуратурин а органаша бертахь болх бар бахьанехь, дина долу зуламаш хьесапе эцар 8,9 процентана алсамдаьлла. Зуламхой билгалбахар а, цара зуламаш даран бахьанаш къастор а 86,5 процентан тIегIанехь ду. Даккхий зуламаш гучудахар 51 процентан тIегIанехь бен дацахь а, 22 стаг вер гучудаьккхина (шарахь вийнарг 26 стаг ву).
Къаьсттина тидам тIебахийтина некъан бохамашца а, нах тIепаза барца а, бакъо а йоцуш наркотикаш а, герз а лелорца а, ягорган-энергетикин комплексаца а, хIусамийн-коммунальни бахамца а доьзна долу зуламаш гучудахарна а, талларна а.
– Стаг а вуьйш, некъан бохам хилча куьг-бехке верг набахти чу волларх а, республикин Куьйгалхочун сацамца некъан бохамашца къийсам латторан штаб кхолларх а, меттигерчу Iедалша а, Iеламнаха а кхетош-кхиоран белхаш дIабахьар жигардаккхарх а бахьанаш а хIиттина, нах а леш хуьлуш болу некъан бохамаш 18 процентана лахбелла. Делахь а, цкъачунна, аьттехьа а малдала йиш яц оцу декъехь, – элира республикин прокурора.

Иштта, кхиазхоша дечу зуламийн барам 41 процентана лахбалар меттигерчу Iедалша а, Iеламнаха а цаьрца (кхиазхошца) дIахьочу цхьаьнакхетарийн дикалла лакхаяларца доьзна лору Ш.Абдул-Кадыровс. Цул сов, берашна дуьхьал дечу зуламийн барам а лахбелла 46,2 процентана, ткъа 44 процентана – доьзалшкахь берашна ницкъ бар. Бераша шаьш-шайна тIе куьйгаш кховдор лахдалар а ду бIаьрла хаалуш. Социальни сеташкахь берашна шайна зуламаш дайтар хьоьхуш а, кхойкхуш а йолу 6 тоба дIакъовлийтина…
2015-чу шарахь дуьйна кхечу пачхьалкхашкахь законаца йогIуш йоцучу тIеман тобанашна юкъахь дакъалоцуш болу республикин бахархой жоьпе озор лакхадаларца, 2016-чу шарахь цига дIаоьхучеран терахь 10 процент лахбелла. Делахь а, 192 стагана дуьхьал 117 уголовни гIуллакх долийна. 2013-чу шарахь дуьйна, кхечу пачхьалкхашкахь законаца йогIуш йоцучу тIеман тобанашна юкъахь дакъалацарна бехке а лерина, 598 стаг дуьненаюкъарчу розыске велла.
Транспортан инфраструктурин а, дешаран а, культурин а, могашалла Iалашъяран а учрежденешкахь, нах гуллучу тайп-тайпанчу майданашкахь антитерроризман законодательство кхочушдарна тIехь къаьсттина тидам латтийна.
Экстремизман декъехь зуламаш дарна 7 уголовни гIуллакх долийна. Республикин прокуратурин органийн дIахьедаршна тIе а тевжина, Роскомнадзоран векалша дIакъевлина 2 интернет-сайтана а, зуламаш кхайкхоран 512 а, лелхаш болу гIирсаш кечбан Iаморан 235 а статьяна а тIекхочийла.
Кхаьънаш эцарца къийсам латтор а жигардаьккхина прокуратурин а, бакъонаш ларъяран а органаша. Делахь а, чекхдаьллачу шарахь, 2015-чу шарца дуьстича, кхаьънаш эцар 30 процентана лакхадаьлла.
Предпринимателийн объекташна богIуш боцу талламаш барна 44 стаг административни жоьпе озийна. Прокуратурин тIедилларца дIадаьккхина тайп-тайпанчу тIегIанехь тIеэцна долу 500 сов бакъонийн акт. Цара, федеральни законодательствоца догIуш а доцуш, дозанаш а тухура, дуьхьалонаш а йора бизнес я шайн гIуллакх лелочу бахархошна.
Бахархойн хIусамийн-коммунальни хьашташ кхачам боллуш кхочушдар а, царна лерина йолчу тарифийн мехаш хIиттор а, догIуш доцу ахчанаш тIеяздар а тергонехь латтийна прокуратурин органаша дийнна шарахь. Бахархоша шайн лаамца газан а, тоькан а сеташна шайн хIусамаш тIетийсарца къийсам латторехь гучуваьлла 1 170 стаг. Царна 3,5 миллион соьман барамехь гIуда а тоьхна.
Федеральни а, республикин а меттанийн хьокъехь долу законодательство лардайтарна тIехь а жигара къахьегна прокуратурин органаша.
– Меттан хьокъехь долу федеральни закон кхачам боллуш лардеш ду республикехь. Республикин а ду шен «Нохчийн Республикин меттанийн хьокъехь» долу закон. Оцу законехь пачхьалкхан долу меттанаш маца, муха, мичахь лело дезаш ду билгалдаьккхина. Амма, цкъачунна, и закон кхачам боллуш кхочушдеш дац. Оцу декъехь цхьана прокуратурин органаш дIагIертарх гIуллакх хир дац. Бахархоша а, шайна и закон талхор я кхочуш цадар хааделча, тхоьга арз я дIахьедар деш ца хилча, тхо ларош а дац, я ларор а дац. Дийнна республикехь 270 сов бен прокурор вац. Цундела тхуна бахархошкара «гIо» оьшу оцу декъехь, – элира Ш.Абдул-Кадыровс.
Бахархойн аьрзнаш а, дIахьедарш а толлучу муьрехь къаьсттина терго пенсионерийн а, пачхьалкхера гIо-накъосталла оьшучеран а гIуллакхаш хьалхатеттина. Чекхдаьллачу шарахь прокуратурин органийн белхахоша 7 эзар стаг тIеэцна, республикин Прокурора – 574 стаг.
И.ИСЛАМОВ
№16, шинара, чиллин (февраль) беттан 28-гIа де, 2017 шо