Интернет-туьканахь товараш эцаран гIуллакх нисдеш ду Россин Федерацин 1992-чу шеран чиллин (февраль) беттан 7-чу дийнахьлерчу №2300–1 йолчу «Хьаштахойн бакъонаш ларъяран хьокъехь» долчу законца а, Россин Федерацин Правительствон 2007-чу шеран товбецан (сентябрь) 27-чу дийнахьлерчу №612 йолчу сацамца чIагIйинчу дистанционни кепара товараш дохкаран бакъенашца а, законодательни кхечу акташца а.
Интернет-туьканахь хIума оьцуш нисъелла проблемаш дIаяха еза лакхахь хьахийначу нормативни-бакъонийн документашна тIе а тийжаш.
Интернет-туьканан хIора а эцархочо хIокху хIуманашна тидам тIебахийта беза.
Рознични йохкаран-эцаран хьокъехь барт бан тарло хьаштахо йохкархочо товар каталогийн а, проспектийн а, буклетийн а, суьртийн а, зIенан гIирсийн а (телевизионни, почтан, радиозIенан, кхечуьнан) гIоьнца довзийтинчул тIаьхьа.
Йохкархочо барт бале хьалха хьаштахочунна йовзийта еза товаран коьрта башхаллаш, билгалонаш, хаам бан беза йохкархочун адресан (волчу меттиган), товар диначу меттиган, механ, товар эца долчу хьелийн, йохкархочун фирменни юьззинчу цIеран, иза дIадахьаран, барт барна билгалйоккхучу хенан хьокъехь.
Товар дIакхачочу хенахь хьаштахочуьнга дIабала беза товаран хьокъехь а, товар юхадерзоран къепенан а, хенан а хьокъехь а болу хаамаш (импортан товарашна – оьрсийн маттахь).
Хьаштахочун бакъо ю муьлххачу хенахь а товар схьа ца эца а, схьаэцначул тIаьхьа ворхI де далале ша цунна реза цахилар дIахаийта а.
Нагахь санна товар схьакхачочу хенахь дикалла кхачаме йолу товар юхадерзоран къепенан а, хенан а хьокъехь йозанан хаам ца беллехь, хьаштахочун бакъо ю товар схьаделлачул тIаьхьа кхо бутт баллалц иза схьа ца эца.
Дикалла кхачаме йолу товар юхадерзо тарло, нагахь санна цуьнан товарни гар, хьаштахойн башхаллаш, ткъа иштта билгалдина товар эцаран хьелаш а, бакъхилар а тIечIагIдеш долу документ Iалашдаделлехь. Эцархочуьнгахь товар эцаран хьелаш а, и бакъхилар тIечIагIдеш долу документ цахиларх, цуьнан таро ю эцархочуьнгара и товар эцна хиларан хьокъехь долчу кхечу тоьшаллашна тIетовжа.
Эцархочун бакъо яц дикалла кхачаме йолу, шен билгало башхалла йолу товар схьа ца эца, нагахь санна билгалдинчу товарах иза оьцуш волчу хьаштахочо пайдаэца йиш елахь.
Нагахь санна хьаштахочунна товарехь дерташ карийнехь, уьш йохкархочо хьахийна а дацахь, хьаштахочун бакъо ю:
– оццу маркех долчу товараца иза хийцар деха;
– кхечу маркех долчу товараца хийцар деха, мехе хьаьжжина перерасчет а еш;
– эцаран мах охьабаккхар деха;
– товаран кхачамбацарш сихонца дIадахар я хьаштахочо, я кхечо уьш дIадохуш йина харжаш сихонца меттахIиттор деха;
– эцаран-йохкаран хьокъехь биначу бартана реза ца хила, товарах дIаделла ахча схьадеха. Йохкархочун лехамца а, цуьнан четах а хьаштахочо юхадерзо деза дерт долу (кхачамбацарш долу) товар;
– хьаштахочун иштта бакъо ю дикалла лахара йолу товар дохкар бахьанехь шена хилла зен буьззинчу барамехь меттахIоттор деха.
Хьаштахочун хьокъала боллу лехамаш кхочушбаран, дикалла лахара йолу товараш дохкар бахьанехь цунна хилла зен меттахIотторан хан а, иштта, хьаштахочун лехамаш кхочушбаран а, хьаштахочуьнца расчет яран а, нагахь санна цо дикалла ледара йолу товар эцна хьал хилахь, йохкархочун (товар диначун, векал йинчу организацин я индивидуальни предпринимателан векалан, импортеран) жоьпалла а билгалдоккхуш ду Россин Федерацин «Хьаштахочун бакъонаш ларъяран хьокъехь» долчу Законан 18–24-чуй статьяшкахь.
Хьаштахойн бакъонийн Дерригдуьненан де тIекхочучу муьрехь, иза 2017-чу шеран бекарг (март) беттан 15-чу дийнахь билгалдоккхуш ду,
Роспотребнадзоран Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллехь, «Терахьийн оьмарехь хьаштахойн бакъонаш» кхайкхамца болх бан йолаелла «йовха» зIе. Цуьнан Iалашо ю интернет-махлелорехула а, кхечу гIуллакхашкахула а хьаштахойн бакъонаш ларъяр а, бахархошна тематикин хьехамаш бар а. Роспотребнадзоран Нохчийн Республикехь йолчу Урхаллин территориальни отделийн «йовхачу» зIенан телефонийн номерш, Устрада-ГIалахь а, Гуьмсан, Нажи-Юьртан кIошташкахь а, хIорш ю: 8(8714)72–22–98; 8(928)736–14–42; 8(928)944–73–60.
№16, шинара, чиллин (февраль) беттан 28-гIа де, 2017 шо