Нохчийчохь туризм кхиор ю

435345345Нохчийн Республикехь инвестицин политика керлачу тIегIане яккхаран а, туризм кхиоран а, мохк кхиоран стратеги вовшахтохаран а Iалашонех лаьцна дийцира Нохчийн Республикин мохк кхиоран а, къоман политикин а, шуьйрачу коммуникацийн а министра Хучиев Муслима дIаяьхьначу кхеташонехь. Цигахь дакъалецира Ерригроссин Юкъараллин «Деловая Россия» цIе йолчу Организацин Федеральни дакъошна юкъарчу Советан председатела Шнайдер Александра.

Хьешашка маршалла хоттуш, Хучиев Муслима билгал ма-даккхара, Нохчийн Республика инвестицешна юкъаозоран а, мохк кхиоран а программаш а кхиор тIедиллина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цу декъехь хьокъала боллу болх беш ю Нохчийн Республикин экономикин а, йохк-эцаран а министерство а. Цуьнца цхьаьна республикин экономикин дерриге а дакъошкахь лаккхара корматалла йолу говзанчаш кхиор лоьху регионан Куьйгалхочо, бохура министра.

– Белхан меттигаш кхоллар а, республикин хьокъала йоллу налогийн база кхоллар а мехала ду тхуна. Хууш ма-хиллара, кхийолчу регионашкахь а вуно актуальни ду бахархой балха дIанисбар.

Ма-дарра аьлча, мохк кхиор деккъа тхан цхьана министерствон хилла ца Iаш, республикин ерриге а министерствийн а, ведомствийн декхар ду. Муниципальни хIора органийн башхалла хьесапе а оьцуш, хьокъала йоллу программа кхолла еза аьлла хета суна Республикин Куьйгалхочо хьалхахIиттош йолу Iалашонаш кхочушъярехь, – элира М.Хучиевс.

Шен рогIехь Шнайдер Александра ма-аллара, федеральни а, региональни а Iалашонан программаш кхолларехь доккха зеделларг долуш ю церан организаци.

– Оха вовшахтоьхна Россин чоьхьара а, арахьара чубахкаран а туризм кхиоран программа, – дийцира А.Шнайдера. –Тахана вайн пачхьалкхехь кхиамца болх беш ю и программа. Оцу программина юкъаян лаам хиларх хаийтина Нохчийн Республико а.

Цу тайпана мехала къамел хилира кхеташонехь. Республике инвестицеш чуялорна бIегIийла хьелаш кхоллар доккхачу маьIне хилар билгалдаьккхира цхьаьнакхетаран дакъалацархоша. Инвестицеш хилахь туризм а кхуьур ю, бохура цара.

Э.ДАВЛЕТБАЕВ

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: