ЦхьаьнагIуллакхашдаран хьокъехь барт бина

ХIокху деношкахь Сочехь дIаяьхьначу Россин инвестицийн форумехь Нохчийн Республикехь биологин тайп-тайпаналла а, Iаламан тIаьхьало а ларъяран хьокъехь барт бина. Оцу кехатана (бартана) куьг яздина Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара а, «Кавказан Iаламан туьшан» генеральни директора Шюшайте Ренатас а, Россин Федерацин Правительствон Председателан заместитель Хлопонин Александр а, Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волу министр Кузнецов Лев а уллехь а волуш.

0_1489ac_4ffe8a8_orig

Биначу бартаца нийса а догIуш, кхочушбан леринчу белхашна юкъахь ду Нохчийн Республикехь Хьалхарчу Азин пхьантарш (леопардаш) Iалашдарна а, меттахIитторна а тIехьажийна долу гIуллакхаш. Масала, дагалаьцна ду Нохчийчохь «экологин уче» кхоллараллехула цхьаьна гIуллакхашдар. Пхьантар (леопард) арахоьцу а, иза деха а меттигаш цхьаьнатухуш хир ю «экологин уче». Оцу меттигашкахь таллар а, инфраструктурийн объектийн гIишлошъяр а доьхкур ду. Къаьсттина тидам тIебохуьйтур бу Хьалхарчу Азин леопард Iалашдаран жоьпалла лакхадаккхарехула меттигерчу бахархошца бечу балхана.

Куьг яздина болу барт Нохчийн Республикин Iаламан тIаьхьало Iалашъярна а, йовзийтарна а лерина хиларе терра, вайн регионан Iаламан тIаьхьалонийн объектийн хьал талларехула гIуллакхаш вовшахтохар а, уьш дIадахьар а дийцаре дира Нохчийн Республикин куьйгалло а, «Кавказан Iаламан туьшан» векалалло а.

Нохчийчоьнан исбаьхьчу Iаламан жовхIар ларалучу Къоьзан Iомехь хуьлуш болу эйзенамски бакъчIара Iалашбарехула цхьамогIа гIуллакхаш а дIахьур ду лакхахь билгалъяьккхинчу туьшо. БакъчIерий дIадовларна кхерам кхоллабелла, хIунда аьлча, Iома чохь дукха даьржинчу «голавль» олучу даккхийчу чIераша церан (эйзенамски бакъчIерийн) кIорнеш дIаюу.

Иштта, Нохчийн Республикехь туризман-экологин некъийн (маршрутийн) сеть кхолла а, оьшшучу гIирсашца иза тоян а ойла ю.

Дагадоуьйту, Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран Указаца нийса а догIуш, 2017-гIа шо Экологин шо ду аьлла дIакхайкхийна хилар. Цуьнца доьзна цхьамогIа цхьаьнакхетарш дIадаьхьна Нохчийн Республикехь, хIинцале цу декъехь кхочушдан долийна цхьадолу гIуллакхаш.

А.ХАСБУЛАТОВА

№17, пIераска, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: