Яздархойн цIерш книгашца еха

Хууш ма-хиллара, бекарг (март) беттан 3-гIа де Яздархойн де ду. Оцу денца доьзна Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председателера Ибрагимов Кантера интервью ийцира оха.

IMG-20170302-WA0028

– Де дика дойла хьан, Канта. Цкъа хьалха, Яздархойн денца декъал ван луур дара хьо а, союзан декъашхой а. Дийцахьа, хIун хьал ду тахана вайн Яздархойн союзехь?

– Далла дезийла, марша а догIийла. Со тахана воккхаве, Дала сайна язъян похIма даларна. Массарна а тамехь ца язъяхь а, сан йозанийн а ву шен ешархо. Иштта, хIора а яздархочун а ву шен-шен ешархо. ТIеман кампанеш дIаевллачул тIаьхьа, цхьана чуьра арахецча санна, гучубевлира вайн дуккха а яздархой. Ткъа хIинца союзехь 104 яздархо ву. Суна чIогIа хазахета къона яздархой кхуьуш хилар а, къаьсттина уьш нохчийн маттахь язъеш хилар а.

– Кест-кеста богIий Яздархойн союзе къона яздархой?

– Къонанаш-м буьйцур а бац, гIеметтахIиттинарш а богIу союзе шайн цхьацца байташ я дийцарш дохьуш. Араяла езаш йолчу книгашна юкъахь нохчийн маттахь ерг хьалха йоккху оха, хIунда аьлча чIогIа кIезиг ю хIокху заманахь нохчийн маттахь йолу литература.

– ХIун кхачамбацарш ду нохчийн литературин хьаьрмахь?

– Таханлерчу дийнахь къоначу яздархошна юкъахь зудабераш алссам ду, уьш поэзехь а, прозехь а билгалбевлла бу. Ткъа вайна оьшушъерг – лирика, романтика, драматурги, берийн дийцарш – жанраш ю. Литература массо а агIор кхио езаш ю. Нохчийн литературин драматургехь духхьарлера пьеса язъеш ву со оьрсийн маттахь. Шу чудахкале 56-гIа агIо язъеш воллура…

– Кхечу пачхьалкхашкахь бехаш дуккха а нохчий бу. Царна юкъахь кIезиг бац нохчийн литература йоьшуш берш. И санначара шайна исбаьхьаллин литература яийта олий Союзе?

– ТIаьххьара Парижехь Къаьмнийн исбаьхьаллин литературин книгийн гайтамехь хилла со. Суо цига вахале интернета чуьрачу сайн агIонехь айса книгаш йохьург хилар хоуьйтуш хаам язбинера ас. Цхьана чамди чохь книгаш яьхьнера ас цига. Уьш дIа а хIиттийна, оцу сила болчу гайтамах бIаьрг а тоьхна, со юхавеача, цхьа а книга яцара терхи тIехь. Суна чIогIа хазахийтира, нохчаша, шаьш Европехь бехаш бара аьлла ца Iаш, вайн къоман литература йоьшуш хилар.

– Советийн заманахь яздархочун, нохчийн литературин бухбиллархочун Бадуев СаьIидан цIарах совгIаташ а луш, дешархошна а, студенташна а юкъахь литературин хаарш зеран къийсадаларш дIахьора. ХIокху шарахь, масала, Сулейманов Ахьмадан хIутосург (май) беттан хьалхарчу дийнахь 95 шо кхочуш, Окуев Шимин лахьанан (ноябрь) беттан 6-чу дийнахь 80 шо кхочуш юбилейш ю, тIаккха цаьрца доьзна кегийрхошна юкъахь цхьа а проект дIаяхьа дагахь юй Яздархойн союз?

– Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нохчийн меттан де билгалдаккхаран хьокъехь Указана куьг яздина хIокху шарахь 10 шо кхочуш ду. Нохчийн меттан де билгалдоккху оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь. И дерриге а тидаме а оьцуш, вайн республикин ерриге а школашкахь, культурин кхерчашкахь а цхьаьнакхетарш дIадахьа дагахь ду тхо, Дала мукъ лахь. Оцу дийне ца хьоьжуш, дуьззинчу шарахь юбиляраш билгалбохуш, школашкахь я ВУЗашкахь цхьаьнакхетарш дIахьо оха. Бакъдерг аьлча, халахеташ делахь а, кегийрхоша книгаш кIезиг йоьшу. Ешаро бен мотт кхиа ца бо я Iама а ца бо. Книгаш йоьшуш волу стаг кхетамца, хьежамашца билгал хуьлу.

– XIX–XX-чуй бIешерашкахьлерчу яздархойн муьлхха а дийцар схьаэцча а, деша дог догIуш хуьлу. Церан кхоллараллин шатайпаналла иза церан говзарш замано ширъеш цахилар ю. Канта, хьуна хIун аьлла хета, кху заманан яздархойн дийцарш хан-зама яларца шир а ца луш, шен ешархой болуш хир ду аьлла хетий хьуна?

– Суна хета а ца оьшуш, иза иштта хила дезаш ду. ЦIе ян ца гIерташ хила веза бакъволу яздархо. Цуьнан хIора дош а, хьаьрк а даима литературехь яха йиса езаш ю. Советийн заманахь язъян ца буьтуш дукха яздархой хьийзийна. ЦIе ян-м царна дагадеана а хир дацара, шайн дош халкъе дIакхачаре сатийсина цара. Цундела, цара хIетахь язйинчу говзарийн тахана а шен ешархой бу. Вайна ма-хаъара, яздархочун мах хадош верг ешархо ву.

– Дела реза хуьлда хьуна, Канта, тхан хаттаршна чулацаме жоьпаш даларна.

М.ВЕГИЕВА

№17, пIераска, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: