ХIора шарахь чиллин (февраль) беттан 25–26-чуй деношкахь Кувейт пачхьалкхо билгалдоху шен халкъан дезденош. Цуьнца доьзна Нохчийн Республикин пачхье йолчу Соьлжа-ГIалахь а дIадаьхьира оцу хиламна лерина даздар.

Республикин Къоман библиотекехь хиллачу цхьаьнакхетаре дукха адамаш даьхкинера. Царна юкъахь бара Iеламнах, кхоллараллин интеллигенцин векалш, могIарера бахархой. Мероприяти вовшахтоьхнарг Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхалла яра.
Кхузахь яра Россин Федерацин а, Кувейтан а къаьмнийн лидерийн суьрташ тIехь долу баннерш, Россин а, Кувейтан а, Нохчийн Республикин а пачхьалкхан байракхаш. Библиотекин Iаьнан бешан аьрру агIор гайтаме дехкина дара Кувейт пачхьалкхан тайп-тайпана суьрташ. Муьлххачун а таро яра шена исбаьхьаллин а, динан а литература схьаэца.
Мероприяти схьайиллира Къуръанан сураташ дешарца. Шен къамелехь Нохчийн Республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас билгалдаьккхира, къаьмнашна а, пачхьалкхашна а юкъара зIенаш ларъяр а, кхиор а чIогIа маьIне хилар.
– Кувейтехь дерриге а бусалбанийн умматна пайдехь дерг дуккха а дина. Цигахь арахецна бусалбанийн дахарна оьшуш долу жайнаш. Оцу пачхьалкхаца долу вайн доттагIалла, уггаре а хьалха Ислам дино латтош ду, цундела вайн вовшашца боккха ларам а бу, – элира С.-Хь.Межиевс.
Муфтис дийцарехь, Нохчийчоьнан а, Кувейтан а юкъара дуккха а хIума ду, къаьсттина терроризмаца а, радикальни тобанашца а къийсам латторехь. Къаьмнашна юкъахь кхоллаеллачу вежараллин уьйраша таро хуьлуьйту дерриге а дакъошкахь вовшашца юкъаметтигаш латто.
Нохчийн Республикин культурин министран заместительна Мадаев Мамедана хетарехь, культурин учрежденехь – библиотекехь, хIара тайпа маьIне мероприяти дIаяхьар чIогIа мехала ду.
– Вайна хууш ду Кувейт боккхачу бохамах чекхъяьлла хилар. Нохчийн халкъ дика кхета шен вежарех-кувейтхойх. Тхуна хаьа маршонан а, паргIатонан а мах, – билгалдаьккхира М.Мадаевс.
Вевзаш волчу политолога Истамулов Iабдуллас тидам тIебахийтира, республика Кувейтан историн маьIнечу денойн ларам беш хиларна а, кувейтхошца церан хазахетарш а, халахетарш а декъа кийча хиларна а.
I.МУРТАЗОВ
№17, пIераска, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2017 шо