Малхбузерчу цхьамогIа пачхьалкхашна Россина дуьхьал тIеэцначу санкцешна хьакъ доллу жоп даларан Iалашонца хIокху беттан юьххьехь дуьйна дихкина ду цхьамогIа даьхнилелоран, стоьмийн-хасстоьмийн, чIерийн, кхидолу сурсаташ вайн махкахь дохкар.
Оццу хенахь пачхьалкхан куьйгалло хьокъала йоллучу ведомствошна хьалха хIоттийна юьртан бахам кхиоран боларш лакхадахарна тIехьажийна билггал гIуллакхаш дар, оццу хенахь юьртабахаман сурсатийн мехашна тIехь латтош болу тергам чIагI а беш. Декхар лаьтта юьртабахаман тайп-тайпана дакъош сихдинна кхиорца цхьаьна уьш конкуренци лелорна хьуьнаре дар, лаьтта тIехь, даьхнилелорехь гIуллакх деш болчарна гIоленаш яр ма-хуьллу жигардаккхар, ахчанан таронаш алсамъяхар. ТIаьххьарчу чоьтехь эцархойн хьашташ тайп-тайпанчу а, дикаллин а сурсаташца буьззинчу барамехь кхочушдар.
Боккхачу айамца тIеийцира Россин Президентан и сацам вайн агропромышленни комплексан белхахоша. Цаьргахь дегайовхо кхоллаелла хIинца дуьйна аграрни секторехь долу хьал орамашкара хийцалург хиларх, механа дорах даьхнилелоран, экологин декъехь цIена латталелоран а, хас-бошмийн а сурсатийн барам алсамбаккха йолу таронаш шайна хьалха схьаеллалуш хиларх. Шайга ишттачу гIоленашна хьакъ доллу жоп далалург хиларх тешна а бу уьш.
ДуьххьалдIа оцу гIуллакхна лерина яра Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, цигахь дакъалоцуш регионан юьртан бахаман министр а, районийн куьйгалхой а болуш, дIаяьхьна кхеташо а. М.Дадаевс гулбеллачеран тидам тIебахийтира юьртан бахам кхиорна а, кхачанан сурсатийн барам алсамбаккхарна а республикехь таронаш хиларна.
– Вайн Iаламат яккхий таронаш ю, – бохура министра, – доккхуш долчу жижиган, шурин, стоьмийн, хасстоьмийн барам хаъал алсамбаккха. Оцу гIуллакхна жоп луш ю инвесторша тIаьхьарчу хенахь схьайиллина йолу оцу сурсатех гIуллакх даран масех предприяти болх бан йолалуш хилар. Иштта шорлуш ю кемсийн майданаш а.
Республикин агропромышленни комплекс хьалхелелочу дозанашка яккха декхар а хIоттош, Кадыров Рамзана министрана хьалхахIоттийра берриге а бахамашкахь тахана долуш долчун кIорггера хьесапаш дар, цигара хьал тодарна тIехьажийна билггал программа кечъяр, алссам инвестицеш юкъаяхкарна бегIийла хьелаш кхоллар, ткъа районийн куьйгалхошна тIедиллира юьртабахаман предприятешна куьйгаллин кадраш къасторехь министерствоца герггара цхьаьна гIуллакхаш дар.
Регионан куьйгалхочо гулбеллачеран иштта тидам тIебахийтира бахамашна тIехь царах иттех шо хьалха хьаьрчина декхарш хиларна. И гIуллакх къастийна цхьалхадаккхар тIедожийна республикин Правительствон Председательна.
– Вайн бахамашкахь кхиадо экологин декъехь уггаре а цIена сурсаташ, – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана. – Церан лаккхара мах хадабо Москвахь а, мехкан яккхийчу кхечу гIаланашкахь а. Тахана вайн ерриге а таронаш ю дIадохьуьйтуш долчу сурсатийн барам алсамбаккха, иза вай дийр а ду.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службо хаам беш ма-хиллара, регионан куьйгалхочо иштта дIахаийтира, нагахь хIора а шен белхан меттехь Даймехкан кхолламах шена тIехь долчу жоьпаллех кхеташ хилахь, цхьана а санкцийн Россина эшам бан ницкъ кхочург цахиларан хьокъехь. Доккха хи жимачу татолашна тIера дIадолалуш хилар а санна, Россин нуьцкъалла айарна жимачу республико юкъадуьллуш долу дакъа цунна хьакъ долуш хирг хиларх тешна ву иза.
Цунна тоьшалла дора, масала, дIадаханчу шоьтан дийнахь Нохчийн Республикин юьртан бахаман министерствос ТIехьа-МартантIехь дIаяьхьначу юьртабахаман сурсатийн ярмарко а. Регионан дийнна цхьамогIа районашкарчу латталелорхоша, даьхнилелорхоша, гIуллакх даран предприятийн векалша цигахь гайтира шаьш долчохь кхиош, кечдеш долу сурсаташ. Царна юкъахь жижиган, шурин, хас-бошмийн тайп-тайпана сурсаташ. Тидам тIебоьдура церан тайпаналла эцархойн хьашташна жоп луш хиларна. Иза гойтура цига баьхкина хилла бахархой доккха хьашт хиларца хьовсуш а, сурсаташ дIаоьцуш а хиларо.
Нохчийчоьнан юьртан бахаман министран заместитела Сельмурзаев Мохьмада тидам тIебахийтира мукъачу денойн иштта ярмаркаш хIора районехь вовшахтоха билгалдеш хиларна. Цуьнан коьрта Iалашо лору ведомствехь ваьш долчохь кхиош долчу сурсаташна бахархойн тидам тIебахийтар, церан тайпаналла шуьйра йовзийтар. Аьлча а, ишттачу гIуллакхаша таро хуьлуьйтур ю кхечу пачхьалкхашкара вай долчу кхоьхьуш хиллачу сурсатийн меттиг меттигерчарна дIаяла.
– Мукъачу денойн ярмаркаша таро хуьлуьйтур ю мехаш бахьана доцуш лакхадахар сацо, – бохура М.Сельмурзаевс, – хIунда аьлча и сурсаташ гIопсташна тIекхочур ду, юкъарчаш юкъа а ца балош. Iаламат лахара хир ду мехашна дина тIетохарш а.
Кхин цхьа гIуллакх а лорура цо мехала: республикехь хIора шарахь тIеттIа алсамболуш бу фермерийн бахамийн барам. Цуьнца цхьаьна шайн сурсаташ дIадохка меттиг еза царна. Оцу гIуллакхна жоп луш хир ю, аьлла хеташ ву иза, тайп-тайпанчу районашкахь вовшахтоха билгалйина ярмаркаш. Цара гIо дан декхар ду сурсаташ кхиош болчарна а, хьаштахошна юккъера уьйраш чIагIъярна.
Мехаш базарахьчул хаъал лахара хIиттийна долу шайна оьшу сурсаташ эца таро хилира оцу дийнахь эцархойн. Тоам хилла бара йохкархой а. Шина а агIонна пайдехь дирзира и гIуллакх.
Л.АБУБАКАРОВ
