ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Кегийрхойн цIийнехь дIаяьхьира стоьла тIехь теннисах ловзаран Нохчийн Республикин схьайиллина йолу чемпионат.

Цигахь дакъалоцуш вара 14 шарера 35 шаре кхаччалц хенаш йолу бIе сов стаг. Царна юкъахь бара могашалла дика йоцурш а. Иштта, чемпионатехь дакъалаца Соьлжа-ГIала баьхкинера Дагестанера, Къилбаседа ХIирийчоь – Аланера хьеший. Чемпионат схьайиллира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра Ибрагимов Iийсас.
Масех сахьт даьлча, дуккха а партеш дIаяьхьначул тIаьхьа, билгалбевлира чемпионатан толамхой. Мехкаршна юкъахь хьалхара меттиг яьккхира Исаева Мадинас, шолгIа меттиг – Хушпарова Хьамилас, ткъа кхоалгIа меттиг Тибилова Иринас яьккхира. Кегийрхошна юкъахь хьалхара меттиг яьккхира Сулейманов Хас-Мохьмад-Риада, шолгIа меттиг – Джабраилов Мусас, ткъа кхоалгIа меттиг Виситаев Сулеймана яьккхира.
Толамхошна Сийлаллин грамоташ а, мехала совгIаташ а дира, ткъа хьалхара меттигаш яьхначарна – теннисан стоьлаш а елира.
Толамхошна совгIаташ диначул тIаьхьа, Ибрагимов Iийсас билгалдаьккхира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу министерство оцу тайпана чемпионаташ а, спортан кхийолчу кепашкахула йолу мероприятеш а кхул тIаьхьа а дIаяхьа дагахь хилар.
– Спорто стаг могаш а, ницкъ болуш а хилийтина ца Iаш, адамаш цхьаьна а туху, къахьега дог а доуьйту. Иштта кегийрхой бу вайн махкана оьшуш берш, могаш а, хьуьнаре а, бахчабелла а болу, – элира министра.
Цул тIаьхьа стоьла тIехь теннисах ловзар дезархойн Нохчийн Республикин чемпионат дIаяхьарехь гIолацарна Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран Баркаллин кехатаца билгалваьккхира Дагестан республикин Теннисехула йолчу федерацин президент Аванесов Константин а, Россин вовшахтоьхначу паралимпийски командин декъашхо Назиров Расул а, Дагестан республикин кегийрхошна юкъахь дукхазза чемпион хилла волу Нажмутдинов Ислам а, суьдхой Солтаханов Мохьмад а, Ахъядов Iела а, Мачигов Алик а, Шовхалов Сулейман а.
I.ТЕРЛОЕВ
№17, пIераска, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2017 шо