Дукха хан йоццуш, нохчийн халкъана бохам тIехIоьттина рогIера шо дузучу деношкахь, чуьра цхьацца шира кехаташ луьстуш, царна юккъехь гучуелира хено гIеххьа мажйина «Ичкерия» газетан цхьа номер. Цо орамашкара хийцира юьхьанца дагалаьцна хилларг. Цо шашаха карлабаьккхира халкъо лайна, шен йозаллица хIумма а байн боцу, кхин цхьа бохам, цо Iаьвшина халонаш, шен хIусаме дерза аьтто боцуш дерриге а дуьненахула даржар. Кхеташ ма-хиллара, оцу бохаман юьхь а.
Тамашийна хIума ю стеган кхетам. ДIадаханарг кхоччуш дицделла аьлла хеттачу хенахь, цхьана пайда боццучу бахьаница, кега-мерса хIума а дицдалийтар доцуш, ойлано къеггина хьалха хIоттадо хьуна цхьана хенахь гинарг, хьо теш хилларг. Иштта хилира хIинца а. Газетан агIонашка хьоьжуш ойланаша бIаьргашна хьалха хIиттийра XX-чу бIешеран 90-чу шерийн юьххьехь халкъ рогIерчу Iазапе лаца Iалашо хилла хиламаш. Царна коьртехь лаьттара хIетахь кхолладеллачу хьолан коьрта бехк шайна тIехь болу ши гIаларт: хеной, махой-малхой хьалха хиллачу басара яьккхина тиша плащ юьйхина, кара тетрадь а лаьцна, ярташкахула шен «парти» кхолла гIерташ лелла Яндарбиев а, цо а, и санна болчара а халкъан кочатесна, мегарг ненан мотт бийца а ца хууш, дийнахь кхо ламаз дар магийна, вайн махка валийна дукха хан ялале республикина а, делахь-хIета, халкъана а урхалла дар шега дIакховдийна волу Дудаев а. Даггара теша буьйцуш болчу хиламийн а, оцу шина стага халкъан кхолламехь лелийначу маьIнин а истори Iамош болчара, шалхе йоцуш, хьакъ боллу мах хадориг хиларх. Со иштта даггара тешна ву халкъо лайначу берриге а бохамна коьрта бехк цушинна тIехь хиларх. И шиъ коьртехь лаьттинчу гIеранан аьтто белира бакъ йолчу паргIатонах хьаьгна долу халкъ Iехо, иза шен лаамна кIелхIотто. Дукхах болчарна хIинца а йицъялаза ю цуьнан юьхь: Соьлжа-ГIаларчу коьртачу майданахь митингехь лаьттинчара «Оьрсий – Рязане, гIалгIай – Несаре, эрмалой – Ереване!» бохуш, хьекхна маьхьарий, оцу кепара шайн лаам дуьненна бовзийтар, Iасанаш Iуьттуш, хIаваакеманаш дохо кечбелла лаьттинарш, четарш дIа а хIиттийна, царна чохь садоIуш, молуш бIе грамм а йолуш, йиина жижиган тIассаш (кIезиг бацара царна юкъахь КГБ-н архиваш караяхкар бахьанехь советийн Iедалан шерашкахь шаьш биттина мотт гучубаларна кхоьруш, шайна тIера «къинош» дIадаха арабевлларш а. Аьлча а, Яндарбиевс а, цуьнан хьадалчаша а алссам пайдаийцира чекисташа ишттачу меттехь юкъаялош хиллачу кепах). Шатайпана беш хаам бара иза.
ХIаваакеманаш-м шаьш хьалха ма-леллара стиглахула лелаш дара, амма цкъа хьалха гIалина гуонахарчу, тIаккха шайн гуо шорбеш Теркал сехьарчу а, дехьарчу а бахамашкара дохнан фермаш яссаяла-м юьйлаелира. Митинг жижигах а, маларх а хадо йиш яцара! Цундела царна чухула мох хьийзо боло дукха хан ца ийшира – цхьа-ши бутт а ца ийшира республикера иттаннаш эзарнашкахь дагарлуш хилла бежанаш а, уьстагIий а, кхидолу даьхни а хIаллакдан. Цунна тIаьхьа догIург хаа хала дацара – герзаца кечъелла гIеранаш, адамийн коча а оьхуш, ков-керташка кхийда юьйлаелира. Шайна пайда хир бу аьлла хетарг схьайоккхура. Иштта, хIусамашна тIекхийда а бевлира, царна чохь бехарш ара а кхуьссуш. КIезиг яцара хIусам бахьанехь долахой хIаллакбина меттигаш а. Шайн бахамах дог а диллина, йохкалург дIа а юхкуш, шайн синош довдийна шаьш Iийначу меттигашкара дIадахар гIолехь хийтира адамашна. Республика цкъа хьалха дIацIанъелира нохчийн къомах боцчарах. Уьш масех бIе эзар вара. Царна тIаьххье рагI кхечира нохчашка шайга а. Цунах тешар вара оцу муьрехь республикин дозанел арахьа дIаваха гIоьртинарг: некъийн ерриге а шоралла дIалаьцна цхьана агIор дIаоьху машенаш, наггахь «совгIат» а кхуссуш, тIехула хьийза, Iасанаш Iуьттуш дохоза дисина, хIаваакеманаш, ткъа дозане дIакхаьчча, дуьхьало йина лаьтта федералийн посташ. Де-дийне даларца яссалуш лаьттара цхьана хенахь ерриге а Къилбаседа Кавказехь а уггаре а тоьллачарах цхьаъ хилла йолу регион. Цунна тоьшалла ду хIара терахьаш а: дIадаханчу бIешеран 90-гIа шераш дуьйлалучу хенахь кхузарчу промышленносто ерригенах 41 процент продукци арахоьцура, 34 процент кхочура юьртан бахаман производствона, йоккха яра гIишлошъяран декъо экономикина юкъаюьллуш йолу хазна. Нохчийчоьнан промышленни комплексан коьрта бух хилла лаьттира мехкадаьттан а, цунах гIуллакх даран а промышленность.
Бакъонца дукха хан ялале хIаллакаллин куьг кхечира цхьана хенахь зазадоккхуш кхуьуш хиллачу халкъан бахаман дерриге а дакъошка: яссаелира заводаш, тийналла хIоьттира аренашка. Оцу дерригенах цхьа а хIума шайна оьшуш цахилар гайтира инарлас а, цо ша шех иштта олуш а хилла ма-хиллара, «халкъан поэта» а, царна тIаьхьа хIоьттинчу гIерано а. Халкъана тIехь болу бала байбан, цуьнан дахар ницкъ кхочучу кепара тодан ойла хилла араяьлла яцара и зуламе тоба. Цундела хIаллакьяйтира мехкадаьттанах гIуллакх ден промышленность, хIора шарахь 60–70 эзар тонне кхаччалц кемсаш луш хилла майданаш. Амма мехкан керла бевллачу дайшна оьшург кхин дара – сихха а, хIинцца а сом кисана диллар. Ткъа иза кхочушъян таро хуьлуьйтур йолуш ши меттиг бен яцара: мехкадаьтта а, чагIаран аьргалла а. Хьалха хиллачуьнца дуьстича, республикехь мехкадаьтта даккхар пхоьаззачул сов лахделлехь а, царна тоьар долуш дара оцу хенахь доккхуш хилларг а. Цунна тоьшалла дара хIора дийнахь республикал арахьара дIаоьхуш йолу шалонаш. Изза хьал дара чагIаран аьргаллица а. Теркал дехьарчу бахамашкахь (коьртачу декъана цигахь яра кемсаш кхиоран а, чагIар даккхаран а промышленность) лаьтта бухахь йина хиллачу сурсаташ Iалашдойлашкахь эзарнаш декалитрашкахь чагIар а, чагIаран аьргалла а яра оцу муьрехь Iалашъеш. Иза дерриге а шайн хьаштана хьовзийра халкъан цIий мийла дуьйладеллачу цIубдарша.
Лакхахь ас дийцинарг дагалецамийн цхьа агIо бен яц. Оцу хенахь коьртаниг доллура нохчи массо а меттехь бандит, мостагI лоруш хилла хиларх. Iаламат чIогIа хорам хуьлура цхьана хенахь, хьо нохчи вуйла хиъча, шен берриге а бахам а хьох тешо кийча хилларг тахана хьуна букъ берзийна дIахIоттар, ахь дуьйцург дош цахетар, хьох цатешар, ахь шена цхьа ямартло ярна кхерар. Иштта яра адамаш лечкъош, царах йохка-эцар лелош, цхьа а тайпа бехк боцу адамаш дойуш, шен оьздачу гIиллакхашца дерриге дуьненахь а гIарадаьллачу халкъан сий дойуш халкъана «паргIато» йохьуш деанчу Iедало лелийна зулам. Ас ца буьйцу республикел арахьа лецна хиллачу нохчашна тIехь федералаша латтийна ницкъаш (суна гина фильтрацин лагерехь волчу хенахь цигахь шуьйра пайдаоьцуш хилла кепаш), церан зуламаш бахьанехь, тIепаза байна эзарнаш нохчийн кIентий, йоIарий. Тахана а Iийжачуьра совцаза ду и бохам шайн хIусаме кхаьчначеран дегнаш. Шен хенахь деша аьтто цахиларна вайн тIаьхьенна хилла эшам. Ларамаза герз эккхар бахьанехь йинчу чевнаша Iожалла тIехIоттийнарш (уьш Дала декъалбойла). ХIунда аьлча, замано моьнашка ерзор ю дегнашна хилла чевнаш, бохам, эшам хиллачеран дахар а цхьана нийсачу хорша доьрзур ду. Амма йожийна, сийсазъяьккхина цIе меттахIотто Iаламат хала хир ду. Цунна оьшур ду иттаннаш шераш. Иштта бу вайн халкъана оцу зуламечу гIерано беана «дика болх». Шаьш динчу зуламна къера хиларан меттана цунах бухайисина дозанал дехьа Iаш йолчу зуламхойн тIаьхьенаша халкъ сийсаздарна тIехьажийна лелош долу гIуллакхаш хьакъ боллу бекхам болуш доьрзург хиларх даггара теша со. СагIа доьхурш цкъа а ца хилла нахана юккъехь ала дош долуш, адамашна юкъахь сий-ларам болуш.
Л.МАГОМАЕВ
№17, пIераска, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2017 шо