Арсанукаев Iабдулла

ХIокху деношкахь боккха иэшам хилла нохчийн литературина а, республикин халкъан дешарна а – чиллин (февраль) беттан 22-чу дийнахь бакъдуьнена вирзина Арсанукаев Iабдулла, вевзаш волу литературовед, хьехархо-методист, Россин Яздархойн союзан декъашхо.

Abdulla2

Арсанукаев Iабдулла вина 1939-чу шеран оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь Хьалха-Мартанан кIоштан Iалхан-Юьртахь, Нохчийчохь а, ерриге Къилбаседа Кавказехь а гIараваьлла вевзаш хиллачу Iеламстеган Арсанукаев Мохьмад-Бешар-Хьаьжин доьзалехь. Бераллин а, кхиаран а шераш дIадахана Казахстанан Семипалатинскан областан Урджар юьртахь (дерриге а халкъаца цхьаьна дIакхалхийначохь). Диъ шо бен доцуш махках ваьккхинчу кхуьнан а лан дийзира кхалхоран къаьхьа бала: мацалла, махкалла дар, бевза-безачех къестарш, Даймахке сатийсар. Циггахь – Урджарехь – 1957-чу шарахь чекхъяьккхира юккъера школа. ХIетта шен автономи меттахIоттийначу республикехь ненан меттан хьехархой кечбаран Iалашонца Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь историн-филологин факультетехь схьайиллинера къоман отделени. Кхин ойлаяр доцуш, сихха цIа а веана, оцу отделене деша хIоьттира Iабдулла, 1962-чу шарахь кхиамца институт чекх а яьккхира. Цул тIаьхьа белхаш бо Чечанарчу, ВаларгтIерачу, Iалхан-Юьртарчу юккъерчу школашкахь директор волуш. 1971-чу шарахь дуьйна РСФСР-н серлонан министерствон Къаьмнийн школийн Iилманан-талламан институтан Нохч-ГIалгIайн филиалехь болх бо (Iилманан лакхара белхахо, куьйгалхо волуш). ТIаьхьуо цунах институт йо (хIинца Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Дешар кхиоран институт). Шен дахаран тIаьххьара де тIекхаччалц оцу институтан куьйгаллехь лаьтта Iабдулла. Цуьнца цхьаьна Нохчийн пачхьалкхан университетехь къоман отделенин студенташна нохчийн литература хьехаран методика йовзуьйтуш къа а хьоьгура цо. Цул сов, жигара дакъалоцура нохчийн литературин хьехархойн говзалла лакхаяккхаран Iалашонца ЧИПКРО-с вовшахъеттачу семинарашкахь а, курсашкахь а.

Нохчийн литература а, юккъерчу школехь и хьехаран методика а талларна леринчу Iилманан 150 сов белхан автор ву Арсанукаев Iабдулла. Царна юкъахь ю нохчийн литературин программаш, хрестоматеш, учебникаш, фонохрестоматеш, нохчийн литература хьехаран методикин пособеш, цхьацца яздархошна лерина статьяш. Нохчийн меттан, литературин хьехархоша лаккхара мах хадийна а, шайн балха тIехь цара шуьйра пайдаоьцуш а яра «Юккъерчу школехь (8–10 классаш) нохчийн литература хьехаран методика», «Юккъерчу школехь лирически а, лиро-эпически а произведенеш Iамор», «Бадуев СаьIидан кхолларалла школехь Iамор», «Школехь исбаьхьаллин произведени таллар», «Нохчийн литературин Iилманан терминийн лугIат» книгаш. Нийсса аьлча, юккъерчу школехь нохчийн литература хьехаран методикин бух биллархойх цхьаъ вара Iабдулла.

Къаьсттина ала догIу цуьнан «Нохчийн яздархой» балхах лаьцна. Оцу белхан Iалашо йовзуьйтуш, цо ша иштта яздо: «Нохчийн исбаьхьаллин литературин исторехь а, хIинцалерчу литературехь а шайн цIерш йолчу берриге а яздархойх кхачам боллуш хаамаш баларан Iалашо ю хIокху белхан. Кху тIехь хIора яздархочун дахарх лаьцна дуьйцу, цуьнан кхоллараллех кхетам ло, цуьнан ерриге а произведенеш йовзуьйту, цунах лаьцна йолу литература ялайо. Нохчийн литературехь вевзаш волчу хIора яздархочунна лерина ша статья ю. Статьян чулацам иштта бу: яздархочун фамили, цIе; кхоллараллин корматалла (поэт, прозаик, драматург, литературовед, критик, гочдархо); вина хан, вина меттиг; ден цIе, цуьнан корматалла; яздархочун дахар а, кхолларалла; цуьнан ерриге а произведенийн цIерш, ара маца евлла а, мичахь евлла а хоуьйтуш; цунах лаьцна йолу ерриге а литература, маца, мичахь зорбатоьхна а дуьйцуш. Цу тайпана, яздархочун биографий, кхоллараллий йийцина ца Iаш, библиографи а ялийна. Библиографин ши дакъа ду: яздархочун произведенеш, цунах лаьцна литература. Иштта, нохчийн яздархойх лаьцна биобиблиографин довзийтар ду хIара (биобиблиографический справочник)».

«Нохчийн яздархой» белхан хьалхара том а, шолгIачу томан ши книга а араяккха ларийра Iилманча. ЧIогIа лерина, кхачаме бина болх бу иза. Хьалхарчу томехь дуьйцу ХХ-чу бIешеран 50-гIа шераш тIекхаччалц йолчу заманахь нохчийн литератури юкъабаьхкинчу яздархойх лаьцна. ШолгIачу томан ши книга лерина ю ХХ-чу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкинчу яздархошна. Араяьллачу кхаа книги тIехь нохчийн 68 яздархочух хаамаш бу. Нохчийн литература а, нохчийн яздархой а бовза лууш болчарна дукха мехала книгаш ю уьш, ткъа нохчийн литературин хьехархойн-м уьш хIораннан стоьла тIехь хила еза аьлла хета. ЧIогIа дагахьбалламе ду вайн заманан яздархошна лерина йолу кхоалгIа том чекхъяккха иза ларийна цахилар.

Шен дерриге а дахар нохчийн литература талларна а, и хьехаран методика кхиорна а, халкъан дешарна а дIаделла Арсанукаев Iабдуллас, оцу декъехь беркате гIуллакхаш дан а ларийна, Дала диканца бекхам бойла цунна.

Дахарехь а, балха тIехь а ша-шеца чIогIа лехаме волуш, кIезиг хIума ца дезаш, цIена бусалба а, къоман хиндолчух доглозуш, мехкан стаг а вара Iабдулла, ша вевзинчарна массарна а хьаналчу къинхьегаман а, лаккхарчу оьздангаллин а масал хилла лаьттина а вара.

Дала гечдойла цунна!

Хь.АБОЛХАНОВ

№17, пIераска, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: