ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетехь гIишлошъяран факультето дIадаьхьира студентийн гIишлошъярхойн отряд йовзийтаран цхьаьнакхетар. Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министран заместитель Ибахаджиев Хьасан, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран заместитель Усманов Ахьмад, Нохчийн Республикин Iилманийн академин Iилманан-талламан институтан директор Батаев Дени, гIишлошъяран компанийн векалш, оццу университетан хьехархой, студенташ.
Цхьаьнакхетар дIадолош, хьешашка маршалла а хоттуш, вистхилира университетан Iилманийн декъехула волу проректор, профессор Гайрбеков ИбрахIим. Цо билгалдаьккхира студенташна, шаьш мукъа болчу хенахь шайн хаарш а, хьуьнарш а зен гIишлошъярехь болх бар мехала гIуллакх хилар.
– Советийн заманахь хилла и дика ламаст меттахIоттор ю студентийн гIишлошъярхойн отрядан коьрта Iалашо. Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаддаза шен тергонехь латтош ду кегийрхойн дахар. Цундела, студентийн таро хир ю гIишлошъяран меттигашкахь, аьхка, шаьш мукъа долчу хенахь, шайн хаарш зен, – элира И.Гайрбековс.
Дагадаийта лаьа «Россин студентийн отрядаш» Ерригроссин кегийрхойн юкъараллин организаци 2004-чу шарахь Россин Федерацин дешаран министерствос кхоьллина хилар. Уьш гIишлошъяран а, цIерпоштнекъаш даран а, цIерпошта чохь проводникийн декхарш кхочуш даран а, аьхка берашца садаIаран курорт ашкахь кхетош-кхиоран болх баран, иштта кхин дуккха а хир ю.
Студентийн отрядаша Россин регионашкахь бечу балхах лаьцна видеокийсак гайтира. Студентийн дог-ойла ира-карахIоттош практика ца хилча, Iилма Iаморах цхьаннах а бакъволу говзанча хир воций хоуьйтуш яра иза. Россин муьлххачу а регионехь дIахьош болчу балхахь дакъалаца йиш хир ю Нохчийчуьрчу студентийн гIишлошъярхойн отрядан.
Отрядан командира Садыков Iийсас доклад йира карарчу шарахь шаьш кхочушдан лерина гIуллакхаш довзуьйтуш. Цо билгалдаьккхира карара шо Россин Экологин шо ду аьлла, дIакхайкхийна хилар а, оцу декъехь экологин отряд кхолла шаьш дагахь хилар а.
– Тахана вайн республикехь хIокху тайпана отрядаш кхоллар мехала гIуллакх ду, хIунда аьлча дуккха а хан дIаяьлла Ерригроссин яккхийчу организацешкахь вай дакъалацаза. Дукха хан йоццуш, Нохчийн Республика Россин Студентийн-спортсменийн союзана юкъаяхана, ткъа хIинца студентийн гIишлошъяран отряд кхоьллина. Ишттачу отрядаша вайн кегийрхойн таро хуьлуьйту кхечу регионашкарчу студенташца гергарло лелон, гIишлошъяран а, экономикин а, дешаран а декъехь зеделларг вовшашна довзийта, – элира А.Усмановс.
– Ахмат-Тауэр туш а, и санна йолу яккхий гIишлош ярехь а болх бийр бу гIишлошъяран отрядан декъашхоша. ТIейогIучу хенахь кхечу регионашкахь а белхаш бан дагахь бу студенташ. Университет чекхъяьккхинчул тIаьхьа студенташна белхан меттигаш нисъян а аьтто хир бу, – бохура И.Гайрбековс.
Цхьаьнакхетар дерзош университето министер- ствошца а, гIишлошъяран компанешца а цхьаьна болх баран хьокъехь болчу бартана куьйгаш яздира.
М.ГЕРЗЕЛИЕВА
№17, пIераска, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2017 шо