Дийцира Iалам лардарх

Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствехь, куьйгаллехь оцу ведомствон хьаькам I.Ибрагимов а волуш, кхеташо хилира тIекхуьучу къоначу тIаьхьенна гуонахара Iалам цIеначу хьолехь латторан некъаш довзийтаран хьокъехь. Оцу кхеташонехь дакъалоцуш Iаламан тIаьхьалонийн, гуонахара Iалам лардаран министр С.-М.Темирханов а, республикехь йолчу кегийрхойн тайп-тайпанчу юкъараллин организацийн векалш а бара цигахь.

2

Кхеташонехь дийцаре дира кегийрхойн экологин декъехь дешарх а, иза кхиорах а, экологин волонтерство кхолларх а, цуьнан болх кегийрхошна пайда болучу агIор дIахIотторах а, кегийрхошна гуонахара Iалам Iалашдар доккхачу маьIне гIуллакх хилар хаийта дезаш хиларх а лаьцна.

Ибрагимов Iийсас дийцарехь, кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу министерство кийча ю Iалам Iалашдарехь дIахьон долчу муьлххачу а гIуллакхехь, пректехь жигара дакъалаца.

Хууш ма-хиллара, 2017-гIа шо Россин Федерацин Президента В.Путина Экологин шо аьлла, дIакхайкхийна ду. Цул сов, Нохчийн Республикехь хIинцачул алссам тидам тIебахийта лерина Iаламан шатайпаналла йолу меттигаш Iалашъярна.

Цуьнца доьзна Нохчийн Республикин Iаламан тIаьхьалонийн, гуонахара Iалам лардаран министерствона тIехь долу белхан декхарш кхин а алсамдевлла. Республикехь йолчу министерствийн, ведомствийн бахархойн ницкъаш тIе ца озийча, цхьана министерстве шегга дIабахьалур бац Iалам лардаран болх. Цунна тIедоьгIна дара I.Ибрагимовс экологин хьал тергонехь латтор дуьненна а, пачхьалкхана а, республикина а доккхачу маьIне хилар билгалдаккхар.

– Вайн гIаланийн, яртийн урамаш сендан деза. Керла синтарш дуьйгIуш дIахьон долчу гIуллакхашкахь жигара дакъалаца кийча ю тхан министерство. Соьлжа-ГIалахь парк йогIа а, экологи Iалашъярехь волонтерийн организаци кхолла а кийча ду тхо, – элира I.Ибрагимовс.

Экологин шарна леринчу белхан планаца цхьаьна болх бан барт хилира шина министерствон куьйгалхойн.

З.ХИЗИРОВА

№17, пIераска, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: