Белоруссин коьртачу шахьарахь Минскехь 31 пачхьалкхерчу векалша дакъа а лоцуш дIабаьхьира Дуьненаюкъара XXIV-гIа книгийн ярмарка-гайтам. Оцу гайтамна юкъахь чиллин (февраль) беттан 8–9-чуй деношкахь Дуьненаюкъара «Яздархо а, зама а» литературин симпозиум хилира 17 пачхьалкхера баьхкинчу литераторша дакъа а лоцуш.

Вайн махкахочо, поэта, гочдархочо, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленин декъашхочо Ахматукаев Адама лаьцна оцу симпозиумехь дакъа.
Цигахь А.Ахматукаевс чулацаме къамелаш дира белоруссин книгашъяран гIуллакхан 500 шо кхачарна леринчу литературин-исбаьхьаллин презентацехь а, Колос Якубон цIарахчу Пачхьалкхан литературин-мемориальни музейхь а, къоначу литераторийн симпозиуман пленарни кхеташонехь а, журналисташна хьалха а.
Книго адаман дахарехь, цуьнан синкхетам, дуьнене, дахаре болу хьежам кхиоран новкъахь лелочу маьIнех а, белоруссин дуьхьарлерчу зорбанан белхахочух Скорин Францискин кхолларалло шена бинчу тIеIаткъамца белоруссин литература шена марзъяларх а дийцира цо.
Циггахь Адама ша белоруссин маттера нохчийн матте гочйина Скорин Францискин байташ а йийшира. Хаийта лаьа, цо М.Богдановичан, Е.Стельмахан, В.Радуньан говзарш, нохчийн а, оьрсийн а меттанашка яьхна хилар а, карарчу хенахь кхечу авторийн белхаш тIехь къахьоьгуш хилар а. Ахматукаев Адам 201 6-чу шарахь а хиллера Белоруссехь. ХIетахь Белоруссин йозанан де билгалдоккхуш вовшахтоьхначу «Созвучие: слово Скорины в современном мире» аьллачу Дуьненаюкъарчу «горгачу стоьлан» балхахь дакъалоцуш хилира иза.
Белоруссин хаамийн министерствос меттигерчу Яздархойн союзаца а, «Звезда» издательствоца а цхьаьна вовшахтоьхначу симпозиуман вовшахтохараллин комитето кхайкхарца ваханера А.Ахматукаев симпозиуме. Литературин мехаллех а, литература кхидIа кхиоран некъеха лаьцна гIуллакхаш дийцаре дира оцу симпозиумехь.
Газетан рогIерчу цхьана номерехь оха йовзуьйтур ю Ахматукаев Адамера журналисташа эцна интервью.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№17, пIераска, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2017 шо