Нохчийн яздархойн кхолламаш къаьхьа хилла

Нохчийн халкъан векалийн йозано беркате зIийдиг тесна хан лара йогIу ХХ-чу бIешеран юьхь. Эпсарийн, совдегарийн доьзалшкара йоза-дешарца уллера гергарло долу цхьамогIа кегийрхой бевлла оцу муьрехь. Нохчийн яздархойн халкъе, махке болчу безамо, хьуьнаро, похIмано, таро елла вай дуьйцучу чкъурана къоман яздархой кхиийта беркате бух билла. Цара бIаьрла лар йитина вайнехан литературехь, уьш хьакъ а бу цIеначу даггара лараме дош шайх ала.

Нохчийн къоман литература кхиорехь дакъалаьцна бу вежарий ШериповгIар, цаьрца цхьаьна цIе яккха хьакъ бу вежарий МутушевгIар, Саракаев ИбраьхIим-Бек, Эльдерханов Таьштамир, Хакишев Солта, иштта дуккха кхиберш а. ШериповгIара, Саракаевс шайн статьяш, очеркаш Кавказан шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь зорбане йохуш хиллехь, вежарша МутушевгIара ИсмаьIала, Ахьмадхана Петербургехь арадолуш хиллачу «Новая Русь» газетехь зорбане яьхна шайн очеркаш. Кхузахь билгалдаккха догIу вежарийн МутушевгIеран жигаралло оцу газетехь «бусалба» отдел схьаеллийтина хилар. 1918-чу шарахь Буру-ГIалахь зорбане йоккху «Из чеченских песен» цIе йолу Шерипов Асланбекан книга. Иза вайнехан турпалаллин иллех лаьтташ ю. Автора ша оьрсийн матте даьхна уьш, церан башха поэтика дуьненна дIайовзийта лаарна. Ша схьаваьлла къам дукхадезарна, цуьнан дуьхьа ваха, ваца болчу лаамна къеггина тоьшалла ду къоначу Шерипов Асланбека бина мехала болх.

Нохчийн яздархой а, къоман литература а кхиорехь доккха дакъалаьцна, дуьненахь ша цхьаъ бен доцучу «Даймохк» газето. Ша зорбане дуьйлучу заманан йохалла цо масех цIе хийцина. Бакъду, ца хийцина шен доьналле амал, къоман хатI, ненан мотт кхиорехь, марзбарехь, баржорехь йолу хьаналчу къинхьегаман шовкъ. 1923-чу шеран оханан (апрель) баттахь дуьйна зорбане долуш ду газет. Газето Iаламат боккха тIеIаткъам бина къоман йоза хила дезаран хьокъехь йолу ойла чIагIъеш. Йоза кхолладаларан хьостанехь а лаьттина ала мегар ду газет, хIунда аьлча къоман газетал ши шо тIаьхьа гучуяьлла вайн алфавит – 1925-чу шарахь. Мухха хиллехь а, цо таро елла вайн къомана шуьйрачу хаамийн гIирс ненан маттахь зорбане баккха. Нохчийн къоман сийлахь воккха серлонча, яздархо Арсанов СаьIид-Бей хилла цуьнан дуьххьарлера коьрта редактор. Цуьнан хьуьнар, нуьцкъала амал бахьанехь болх бан йолаелла къоман газетан редакци. Къоман воккха патриот, говза яздархо Арсанов СаьIид-Бей хиларна тоьшалла до, мелла а йозанца уьйр-марзо йолуш волу стаг цо газетан балхана юкъаозош хиларо.

Иштта, «Серло» газетан агIонаш тIехь зорбане яьлла 1925-чу шарахь Эльдерханов Iийсас язйина нохчийн дуьххьарлера пьеса «Мохсум-шайх». Дуьххьара зорбане дала доладеллачу къоман газетан агIонаш тIехь ненан маттахь шен кхоллараллин къинхьегаман жамI гаро дог ира-карахIоттийначу Эльдерханов Iийсас кхин а язйина драмин жанрехь говзарш, царах цхьаерш нохчийн къоман театро хIитта а йина. Ткъа ша Эльдерханов Iийса «Серло» газетан (тIаьхьуо «Ленинан некъ», хIинца «Даймохк») коьртачу редакторан болх бина ву. Уггаре а довха, хастаме дешнаш шех ала хьакъ долуш а ву. I.Эльдерхановн дуьххьарлера говзарш зорбане яьхна Iаш дацара газет. Цуьнан агIонаш тIехь дуьххьарлера говзарш халкъана, махкана йовзуьйтуш, литературехь къахьега буьйлабелла нохчийн берриге а бохург санна яздархой. Тахана къаьсттина хьахо хьакъдолуш бу цхьамогIа нохчийн яздархой, нохчийн газетах чIогIа самукъадаьлла, цуьнца уллера гергарло лелийна, цунах шолгIа цIа дина баьхна а, къахьегна а болу. Буьйса хазйина седарчий санна, серлаюьйлу церан сийлахь цIерш нохчийн литература хьахийнначохь. Уьш бу нохчийн къоман литературин хьостанехь лаьттина Сальмурзаев Мохьмад, Нажаев Ахьмад, Дудаев Iабди, иштта кхиберш а. Газето гIо-накъосталла деш халкъана, махкана евзина церан говзарш. Нохчийн дуьххьарлера яздархой, похIма долуш а, Iаьрбийн дешар Iамийна, кIорггера Iилма долуш а хилла, гIиллакхе, оьзда, халкъе, махке болчу безамца яхь йолу дегнаш догуш, церан дуьхьа баха, баца, бала резаболуш а хилла.

Нохчийн яздархойн хьалхара тулгIе ларалуш ю Арсанов СаьIид-Бей, Ошаев Халид, Бадуев СаьIид, Айсханов Шамсуддин, Мамакаев Мохьмад, Мамакаев Iарби. Кхоллараллин балха тIехь алссам зеделларг долуш волчу Арсанов СаьIид-Бейн дIадолорца, 1929-чу шарахь цара дуьххьара вовшахтуху нохчийн Яздархойн союз.

Лакхахь хьахийна массо а яздархо оцу союзан декъашхо хилла. Цкъачунна, Соьлжа-ГIалахь хиллачу оьрсийн пролетарийн яздархойн цхьа дакъа санна, болх бан йолало и союз. Дукха хан ялале гучуйовлу вайн яздархойн говзарш, меттан хазаллица, кIорггерчу чулацамца, башхачу дустаршца суртхIоттош дешархой баккхийберца цецбаха ницкъкхочуш. Уггаре а хьалха шайн цIе яккха хьакъ ю Бадуев СаьIидан «ЦIеран арц», «Iадат», «Мацалла», «Дашо Iам», иштта кхийолу говзарш. Гучуйолу Мамакаев Мохьмадан «ЦIий хуьйдина лаьмнаш» поэма. Шен говзарш язйо, тIаьхьуо нохчийн къоман воккха яздархо хилла дIахIуттуволчу, Ошаев Халида. Де дийне мел долу чIагIлуш схьадогIу нохчийн яздархойн нуьцкъала аз. Церан зазахеца хьаьгначу кхоллараллех довха дешнаш олу Москвахь а, Ленинградехь а Iаш болчу оьрсийн яздархоша.

Кхузахь суна билгалдаккха лууш кхин цхьа бакъдерг ду: кIезиг бацара оцу муьрехь литературехь шайн хьуьнарш зуьйш болу зударий а. Уггаре а хьалха, шех хастаме дош ала хьакъ ю вайнехан яздархо Исаева Марем. Иза лаккхарчу даржашкахь белхаш беш яра. Амма мукъа йисинчу минотехь исбаьхьчу шатайпаллица къаьста говзарш язйора цо. Литературин хьаьттахь иштта хьуьнаре къа- хьоьгуш яра Курумова Селима, цуьнан йиша Бата. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 30-гIа шераш юккъе доьлхуш Горький Максима язйина «Нана» цIе йолу роман, нохчийн матте гочйина яьллера иза. Иштта, цо нохчийн матте гочйина Пушкинан, Лермонтовн, Некрасовн, Тютчевн байташ. Дийца даьккхинчуьра аьлча, дукхахболчарна мичара даьлла ца хууш, вай тахана шуьйра шайх пайдаоьцу «ГIура-дада» боху дешнаш 1935-чу шарахь Курумова Батас оьрсийн маттера нохчийн матте даьхна ду.

Сингаттамийн бода букъбеш даьхкира СССР-н массо а маьIIехь санна, Нохчийчохь а чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 30-гIа ше- раш. Къаьсттина лазаме дара 1937-гIа шо. Бехк-гуьнахь доцу адамаш НКВД-н белхахоша схьалоьцуш, къинхетамза чудохка долийра. 1937-чу шеран мангалан (июль) беттан 31-чу суьйранна дIабуьйлабелла хьаьттан (август) беттан 1-чу дийнан сай-бодий къастале 14 эзар стаг, дIалахьийна, чувоьллира цара. Оцу декъазчу декъахь хилла Арсанов СаьIид-Бей, Нажаев Ахьмад, Дудаев Iабди, Бадуев СаьIид, Айсханов Шамсуддин, «Даймохк» (оцу муьрехь «Ленинан некъ») газетан жоьпаллин редактор Арсанукаев Халид, Мамакаев Мохьмад, Ошаев Халид, Гадаев Мохьмад-Селахь, Исаева Марем, Курумова Бата, иштта дуккха а кхиберш. Iожалла цакхачарна цIавирзина Арсанов СаьIид-Бей, Мамакаев Мохьмад, Мамакаев Iаьрби, Ошаев Халид, Арсанукаев Халид, Гадаев Мохьмад-Селахь, Исаева Марем, Курумова Бата, иштта кхиберш а.

Нажаев Ахьмадна, Айсханов Шамсуддина, Дудаев Iабдина, Бадуев СаьIидна, цуьнан вешина Шарпуддина НКВД-н белхахоша тоьпаш тоьхна. Къинхетамза хIаллакдина нохчийн къоман кхоллараллин интеллигенцин заза. Делахь а, доьналлех ца боьхна нохчийн яздархой. Цара язйина набахтешкахь, махках баьхначохь, буьрса тIом кхехкачу аренашкахь.

Вайн дай-наной 13 шарахь Даймахках хьегочу муьрехь, генарчу Казахстанехь зорбане яьлла ю нохчийн дуьххьарлера роман «Маца девза доттагIалла». Нохчийн яздархойн махках баьхча а хьуьнар хилира ненан маттахь газет зорбане даккха, «Къинхьегаман байракх» цIе а тиллина. Доьналла, халкъе, махке безам а, хьуьнар а оьшуш гIуллакх ду хийрачу махкахь къоман газет зорбане даккхар. Яхь, нуьцкъала амал, синъондалла йолуш вайн дай хиларна къеггина тоьшалла ду, цара Делан диканах дог ца дуьллуш гездина некъаш. Мел хала хеташ делахь а, набахтешкара цIаберзар массера а ца хилла церан. Iедалан къизалло къинхетамза хIаллакбина царна юкъара тоьлларш. Амма вайца яха йисина церан башха кхолларалла, хаддаза вайга массаьрга дикане, къинхетаме, нохчалле кхойкхуш.

НКВД-с хIаллакбинчу нохчийн яздархойн сийлахь цIерш вайна массарна синбIаьвнаш хилла яха йисина дуьнен чохь. Церан доьналла, яхь, оьздангалла, халкъе болу безам бу, мел буьрса дарц хьекхарх къар ца долуьйтуш, вай хьалхахьа дIаийзош берг. Генарчу седанех таръелла, вайн екхачу синошна токхе кхача латтош, даима вайн ойланех хьерча церан сийлахь цIерш. Дуккха а хан дIаихира Нохчийн Яздархойн союзана а, оцу пекъарийн верасашна а НКВД-с хIаллакбинчу яздархойх дерг ца хууш. ТIаьхьарчу шерашкахь архивашкахь цхьацца гечонаш карадарна таро хилла церан къаьхьачу кхолламах дерг довза. Нохчийн литература кхиоран беркатечу хьаьттахь хьанал къахьегна, цо зазахецаре сатесна, къоман сирлачу кханенах дегайовхо кхобу яхь йолу кIентий хилла уьш. Цундела Нох- чийн Республикин Яздархойн союза НКВД-с хIаллакбина яздархой дагалоцуш, цхьамогIа литературин цхьаьнакхетарш вовшахтоьхча дика хир дара, аьлла хета. ХIинца и дан а, хеназа кху дуьненах баьхна нохчийн къоман яздархой хьахо а, бийца а вайн аьтто хилча муххале а. Дукха харж ер йолуш гIуллакх а дацара иза, амма цуьнан мехалла йийцина ца валлал йоккха хир яра кегийрхой кхетош кхиорехь. ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь а, цул тIаьхьа а Iедалан таIзарш бахьанехь хIаллакьхиллачарна деза, доккха совгIат хир дара цунах.

А.ГАЗИЕВА

№17, пIераска, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: