Комаьрша Аймани

Нохчийн халкъаца дика а, вуон а доькъуш, цунна хазахетар хилча кхаъ хуьлуш, бохам хилча дог Iовжош, даима цуьнца цхьаьна яьхна, еха Несин Аймани. Тахана Нохчийчохь хьовха, луларчу регионашкахь а наггахь стаг карор вац Айманих, цо куьйгалла дечу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондах, церан комаьршонах лаьцна дуьйцуш хазаза. Нохчийчуьрчу, Дагестанерчу, ГIалгIайчуьрчу, ХIирийчуьрчу, ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу, ткъа иштта Иорданерчу эзарнаш нахана сагIина кхачанан сурсаташ, кхиерг йохьуьйту цо кест-кеста. Берашна дарба карийнарш масане бу Нохчийчохь а, цул арахьа а, Айманис ахчанца гIо-накъосталла дар бахьанехь, иза орцахъялар бахьанехь.

1438858804

Цуьнца цхьаьна Кадырова Айманис гIолацар бахьанехь вайн бIеннаш махкахойн аьтто хилла шайн цIенош меттахIитто, цIиндан, шайна керла цIенош дан, шайн гIуллакх дIадоло, когахIитта. Сий-ларам беш, тахана халкъалахь Аману олий йоккху цуьнан цIе. ХIинцца гучуяьлла яц Айманин комаьршалла. Тахана гучудаьлла дац цуьнан ийман, дог-дикалла, гIиллакх, оьздангалла, эхь-бехк. И дикаллаш, мехаллаш даима а хилла цуьнгахь. Цунна тоьшалла до бераллехь дуьйна иза евзаш хиллачара а, Къилбаседа Кавказехь а шен дика цIе йоккхуш волчу Кадыров Хожа-Ахьмад-Хьаьжас а. Цуьнгахь и дикаллаш хилла вайн халкъана, махкана хала киртигаш тIехIиттича а, зиэран муьраш даьхкича а. Орамера схьа ду и дерриге а. Несин Аймани хIокху дуьнен чу еана нохчийн халкъ махках даьккинчу луьрачу къизачу, декъазчу хенахь. Оцу хенан къаьхьа чам бевзина ю иза, шен хенара массо а нохчи санна. ХIетте а, оцу хенахь а цуьнан ден-ненан ницкъ кхаьчна шайн йоIехь адамалла, бусалбалла, эхь-бехк, доьналла, стогалла кхион. Жимачохь дуьйна а марздина ламаз-марха, Iамийна хьанал-хьарам къасто, халонашна бIо ца къажо.

И дерриге а эшна цунна ша йоккха хилча, дахаран чордачу некъа тIе хIоьттича. Шен деган дикалла доьзалшна дIаяла а хиъна оцу хьуьнаречу зудчунна. Ахьмад-Хьаьжина а мел хала хилла хир дара, и иштта ца хиллехь хIаллакьхиларан зиле кхачийначу нохчийн халкъана хьалхавала а, иза Iинах доьдучуьра кIелхьардаккха а, вуно доккха и жоьпалла тIелаца а. Оцу луьрачу муьрехь цунна тешаме гIортор хилла дIахIоьттина Аймани. Кхерчан йовхо, аьхналла латтийна цо Ахьмад-Хьаьжина. Иза къонахчунна кIезиг хIума дац.

Айманис лайнарг лалур долуш дукха зударий бац Нана-Нохчийчохь. ХIинца-м, тIеман кIуьрлара девлла, машаран новкъадовлуш дара вай аьлла хеттачу хенахь ямартчу мостагIаша тешнабехк бина, кхалхар хилира Ахьмад-Хьаьжин. Оцу бохамо Iовжийна дог-бIаьрг доьлхучуьра сацале Делан кхиэле вирзира кIант – Зеламха… И дерриге а лан мел доккха ийман, собар оьшу! Мел доккха ийман, собар оьшура цул тIаьхьа, нахана, шен доьзална шегара бала-гIайгIа ца гайта! Цуьнгахь хилир-кха и ийман а, и собар а, и доьналла а.

Корта таIIийна, де-буьйса ца лоьруш нехан хьашташка хьоьжуш а, хьанал къахьоьгуш а ю иза. Мукъа еана хан Далла Iамал-Iибадат дарна а, берийн бераш ша санна оьзда, гIиллакхе, яхь-юьхь, эхь-бехк долуш кхиорна а дIало Айманис. Хьаьхийначуьра аьлча, Айманис дукха лерина кхочушдо фарзаш а, суннаташ а. Иза жимачохь дуьйна сатесна яра, сийлахьчу Макка яхана, Хьаьждан. Дала цуьнан цу тIехь аьтто бира 1992-чу шарахь. Оцу шарахь дуьххьара ХьаьжцIа а яхана, КаIбате, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Ровзате бIаьрг тоха ирс хилира цуьнан. Цул тIаьхьа а хилла иза оцу сийлахьчу, езачу меттигашкахь. Амма хIинца а цунах кхачам хилла яц Аймани. Харц хир дацара цуьнан са хIинца а Маккахь а, Мединатехь а лаьтта аьлча. Иза иштта хоьтуьйту цуьнгахь долчу иймано, комаьршалло, хазачу гIиллакхаша, беркатечу гIуллакхаша.

С.ХАСАНОВ

№18, шинара, бекарг (март) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: