Масане ю корматаллаш. Ткъа цхьаерш церан IиндагIехь лаьтташ санна хетало. Вайн хан ца хуьлу церан мах хадо. Генарчу ярташкара некъ бо вайн бахархоша Соьлжа-ГIаларчу кхачанан сурсатийн туьканашкахь шайн хьашт-дезарш кхочушдархьама. ГIуллакхаш чекхдовлале делкъе ян еза хан а тIекхочу. Кхача кечбаран кхерчаш ког баькх-баьккхинчохь бу. Делахь а, цхьайолчу кафешкахь яахIуман чам цкъа веанчун юха а ван догдоуьйтуш хуьлу.

Соьлжа-ГIаларчу «Беркат» махлелоран туьшан кертарчу кафе чохь болх беш ю Мухтарова Айза. ЦIе яьккхича ца йовзахь а, цо деш долу чIепалгаш, хингалш дика девза цу кхерчахь хIума юучу нахана.
– Дала рицкъ даккха хIоранна а шен-шен некъ, бахьана делла. Ткъа шо хан ю чIепалг, хингал дарх сайн болх бина со къахьоьгуш йолу. Самукъадолуш бо ас сайн болх. Хьехархочо, я лоьро, я журналиста шен болх дукхабеза аьлча, цхьа а цец ца волу, ткъа ас иштта аьлча цхьаверг цецволу. Цхьа а болх бац атта, коьртаниг хьанал рицкъ даккхар ду, ша дийриг нахана оьшуш дуй хаар ду, – элира Айзас.
Иза дукха нахана евзаш ю. Сарахь балхара цIа богIучара я хьеший гуллуш меттиг хилча, цуьнга шайна шортта чIепалгаш, хингалш дойту. Москва боьлхучара а хьо цо дина чIепалгаш, хингалш. Айзас дийцарехь, «ши бIаьрг хьаббина» далур дара цуьнга уьш.
ГIеметтахIиттинчарна хала хуьлу аьхкенан йовхо лан, ткъа Айзас пеша хьалха шозза алсам лов и йовхо. Iуьйранна исс сахьт даьлча, сарахь бархI сахьт даллалц, хIора дийнахь бохург санна, текх, дама лелош ю иза. Вуззалц хIума а йиъна дIавоьдучунна, дукха хьолахь, «Юха а кхуза ван веза!», – олий, сацам хуьлу.
Нохчийн зуда цкъа а ца къихкина халонех. Цо собарца а, хьуьнарца а ницкъ лоьхуш, муьлххачу а балха тIехь шен яьккха дика цIе юьтуш къахьоьгу.
М.ВЕГИЕВА
№18, шинара, бекарг (март) беттан 7-гIа де, 2017 шо