Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIил чиллин (февраль) беттан 27-чу дийнахь Хь.Ибрагимовн цIарахчу математикин школехь цхьаьнакхийтира республикин дешаран учрежденийн куьйгалхошца.

Оцу цхьаьнакхетаре гулбеллера дешархойн ОГЭ а, ЕГЭ а дIаяларехула диагностика яран жамIаш а, бина болх бовзийтар а, экзаменаш яла еза хан тIекхачале кхочушдан деза гIуллакхаш дийцаре деш, вовшех дагадовлар Iалашо йолуш. Хьалхара дош министра И.Байхановс элира. Цо школийн директоршка дийхира ОГЭ а, ЕГЭ а дIаяларехь дешархошца бан безачу кечамна берриге а ницкъ, тидам тIебахийтар. «Хьехархой а бу шо-шаре кхуьуш. Цу тIехь дешаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран Нохчийн институто а, Дешаран дикаллин мах хадоран туьшо а доккха накъосталла а до. Вайн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикел арахьарчу вузашкахь деша лаам, хьуьнар долчу кегийрхошнахIоттийна стипенди ду. Иза 60 студентана деша гIо дан аьтто беш ду хIора шарахь. Ткъа вайн стохка 13 студент бен ца хилира деша ваха кийча. Хьенан хилла и аьттонаш? Деша луучарна оццул хьелаш кхуллуш хилча ма хила вай ледара, – элира И.Байхановс.
Цул тIаьхьа доцца къамел дира Роскомнадзоран Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин эксперта-говзанчас П.Эдельхановас. Цо дийцарехь, церан урхаллин белхан декхаршна юкъадогIу дешаран белхахойн а, дешархойн а хьокъехь болу хаамаш ларбар.
«Дешархойн планшеташна, гаджеташна чохь дерг Iалашдар муха хила деза дийцар ю тхан белхан Iалашо», – бохура цо.
Докладаш чекхъевлча, дешаран а, Iилманан а министран хьалхарчу заместитела Тааев Илеса йовзийтира цхьаьнакхетаран кхидIа йолу программа. ХIора кIоштан дешаран урхаллин куьйгалхочо шен кIоштахь дIабаьхьначу ОГЭ-на, ЕГЭ-на диагностикин белхан жамIаш довзийтира.
Нохчийн Республикин Дешаран дикаллин мах хадоран туьшан директора Бечиев ШахIруддис, проектарна тIехь гайта а гойтуш, хьесапаш дира хIора кIоштарчу дешаран урхаллера шайга кхаьчначу жамIийн. Аттестацина кечам барехь гучудаьлла сурт довзийтира. Дешаран шо чекхдала йисинарг дукха хан яц, амма кхочушдан дезаш дуккха а гIуллакхаш ду хьехархошна а, дешархошна а тIехь.
Дешаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран Нохчийн институтан ректора Эльмурзаева Гангас а дийцира школийн директорш аттестацех чекхбовларан гIуллакхах дерг. Институтан говзанчаша боккха болх дIахьо хьехархошна дешаран керла программаш йовзийтаран курсаш вовшахтухуш.
З.ЦЕНТОРОЕВА
№18, шинара, бекарг (март) беттан 7-гIа де, 2017 шо