Россин блогерийн ассоциацин декъашхой – республикехь

Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Блогерийн ерригроссин ассоциацин векалшца. Бекарг (март) беттан хьалхарчу дийнахь деа денна республике баьхкинера уьш.

Р.Кадыровс Инстаграмерчу шен агIонехь билгалдаьккхина ма-хиллара, Ассоциацин векалшца хиллачу цхьаьнакхетаро Россин сирла кхане хирг хиларх тешийра иза.

– Адамийн ламаст а хилла схьадогIуш цхьа хIума ду – кегийрхой даима а бехкебар, царна довдар. Цхьаболчара-м денна а дуьйцу, шаьш кегий долчу хенахь хилла долу тIекхуьу чкъор хIинцалерчух тера цахилар. ТIекхуьучу чкъурах лаьцна дика дош алар эхье ларалучу хьоле доьдуш санна а хетало и гIуллакх. Ас биначу тидамо-м Россера дукхах болу кегийрхой спортаца а, дешарца а къаьсттина уьйр лелош хилар гойту. Могаш дахар хоржурш а, шаьш кегий хиларх а ца къехкаш, керла доьзалш кхуллуш берш а дукха бу. Суна даима а синтеме хетта ишттачу кегийрхошца цхьаьнакхетар, – яздира республикин Куьйгалхочо. – Кегийрхошна лазаме хеташ долу гIуллакхаш дийцаре дира оха Блогерийн ерригроссин ассоциацин векалшца. Хьешашка ладогIа воьлча, уьш хьекъал а, кхетам а болуш хилар хааделира суна. Кхуьуш иштта кегийрхой мел бу, Россин кхане кхиаме хир ю.

Шаьш республикехь даьккхинчу деа дийнахь хьеший туризман тайп-тайпанчу меттигашка кхечира: Къоьзан Iам, Итон-Кхаьллан кIошт, Нихалара чухчареш, этнографин «Шира кIотар» музей, Соьлжа-ГIалара «Нохчийчоьнан дог» а, Устрада-ГIалара «Ненан дог» а маьждигаш, иштта дIа кхин а.

Цул сов, республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн а, кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу а министерствийн а, шуьйрачу хаамийн гIирсийн а векалшца а хилира блогерийн цхьаьнакхетар.

Цигахь дийцаре дира социальни сетийн гIоьнца республикехь керла куц-кеп кхолларан а, оцу сетех меттигерчу хаамийн гIирсаша пайдаэцаран а гIуллакхаш.

Хьешашна хетарехь, республикин куьйгалло туризман дакъа кхио гIерташ къахьоьгуш хиларх бала пайда бац, меттигерчу хаамийн гIирсаша а оцу новкъахь къахьоьгуш ца хилча. Царна хетарехь, республикехь хIоьттинарг, цкъачунна, иштта хьал ду.

Оцу «сацамна» реза хуьлийла дацахь а, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон зорбанан изданийн департаментан директора Вахидов Iилмана билгалдаьккхира, хаамийн гIирсийн коьртачу редакторшца а, журналисташца а дага а ваьлла, «хьешаша биначу тидамах» пайдаоьцург а, оцу декъехь цара мелла а гIо-накъосталла дан дезарг хилар а.

Ассоциацин векалша шаьш оцу декъехь гIо дан кийча а, декхарийлахь хилар а, республике шаьш дахкаран Iалашо и хилар а хаийтира.

И.ИСЛАМОВ

№18, шинара, бекарг (март) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: