Тимаев Апти, профессор, филологин Iилманийн доктор, академик: – Дезачу денца даггара декъалбо ас вайн наной, йижарий, хьоме зударий. Дала ирсе, токхе дойла шун дахар. Дала хIора а догIу де декхна, хаза, кхаьънаш дохьуш догIийла шуна. Дала шаьш лелочух самукъадолуьйтийла шун. Дуьнен чохь шаьш йоккху зама ирс-аьтто болуш йоккхийла аш. Дала могаш а, маьрша а леладойла шу! Ирсе дахар хуьлда шун!
Гапуров ШахIрудди, Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент, историн Iилманийн доктор: – ХIора стеган дахарехь хьомениг нана, йиша, зуда, йоI хуьлу. Царал хьоме цхьа а хир вац. Уьш берриге а хIокху бIаьстенан дезачу денца декъалбо ас. Дала ирс лойла царна, массо а хIуманна тIехь аьтто хуьлда церан. Дала могашалла лойла царна!
Хасиев Бекхан, Грозненски кIоштан куьйгалхо: – Ирсе дахар долуш хила луур дара нохчийн нана, йиша, хIусамнана. БIаьргех долуш долу хи хазахетарний бен а ца долуш, яха лаьар-кха хIора зуда. Ирсе хуьлда дахаран хIора де а, сахьт а, дуьнен чохь йоккхуш йолу ерриге а хан. Да а, ваша а воккхавийр волуш кхуьийла хIора йоI а. Дала ирсе дойла шу хIокху дезачу денца!
Хакимов Артур, Айдамиров Абузаран цIарахчу Къоман библиотекин а, Россин Президентан библиотекин региональни отделенин а куьйгалхо: – Берриге а зударий декъалбан лаьа суна бIаьстенан хIокху хазачу денца. Дахаран некъ маьрша а, могаш а, доьзалехь ирс-аьтто а хуьлда шун! Цкъа а вуон ма гойла шуна шайн доьзалшкахь. Дала сий дойла шун массеран а!
Царбицов Мада, Соьлжа-ГIалин №12 йолчу гимназин директоран заместитель: – Даггара декъалбо вайн наной, йижарий, мехкарий бIаьстенан дезачу денца. Ирсе хуьлда шун дахар, Дала шаьш дагалаьцначу дикане кхачадойла шу! Дахаран хIора де а сирла а, маьрша а догIийла шун!
№18, шинара, бекарг (март) беттан 7-гIа де, 2017 шо