Аргунехь схьайиллина хьафизийн хьуьжар

конференция суфизм ИБ 27. 08 2014 085

Цунна леринчу даздаршкахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочо Даудов Мохьмада, иштта кхечу официальни наха. Даздарийн лараме хьеший хилира иттаннаш пачхьалкхашкара Соьлжа-ГIалахь дIахьош йолчу Исламан дуьненаюкъарчу конференце баьхкинчу баккхийчу Iеламнахах.

Республикехь хьафизийн пхоьалгIа хьуьжар ю Аргунехь схьайиллинарг. Тахана кхиамца болх беш ю Хоси-Юьртара, Гуьмсера, Соьлжа-ГIалара, Хьалха-Мартанара хьуьжарш. ХIинцале а бIеннаш хьафизаш кхиийна цигахь.

«ХIокху тIаьхьарчу шерашкахь бIеннаш берийн таро хилла Сийлахь Къуръан дагахь Iамо. Доккха ниIмат ду АллахIан деза дош дагахь хууш хьафизаш вайн хилар. Вай тешна ду цара шайн хаарш, хан мел ели кIаргдеш, Исламан беркат махкахь даржориг хиларх. Шайна чохь иштта Iамал-Iибадат деш хьуьжарш мел ю, вайн мохк кхуьур бу, вайца Делан къинхетам лаьттар бу», – билгалдаьккхира шен вистхиларехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.

«Тхуна хаьа, дин лелор бахьанехь шун дай дукха хьизийна хилар. Бехк-гуьнахь доцуш хIаллакбина, махках баьхна, набахтешкахь бахкийна уьш, амма Делан некъа тIера ца бевлла. Цо гойту нохчийн къомехь Делах тешар чIогIа хилар. Далла хастам бу, тахана хьал орамера хийцаделла. Шун таро ю парггIат Далла гIуллакх дан а, Ислам дин даржо а, маьждигаш дан а, хьафизийн хьуьжарш схьаелла а. Делан къинхетам бу иза», – элира Iаьрбийн Цхьаьнакхеттачу Эмираташкара веанчу Iеламстага Аль Жифри Iали Зайн Алабдис.

Хьуьжар Кадырова Айманин ненан Байсултанова Табарикан цIарах ю. Шен къамелехь Кадыров Рамзана а, ткъа иштта даздаршкахь къамелаш динчу Табарик евзаш, цуьнца уьйр-марзо эца йиш хиллачу наха а билгалдаьккхира, иза ийман чIогIа долуш, догдика, доьзалшца кIеда-мерза, хьешашна комаьрша, башха оьзда зуда а, цIена бусалба а хилла хилар. Цунна хьакъ дара шен цIарах иштта хьуьжар хилар, чIагIдира къамелаш диначара.

Хьуьжарехь цхьанаметта доьшуш хир ву 100 мутаIелам. Дешархошна хаза хьелаш кхоьллина кхузахь: дешаран корпус, маьждиг, юкъараIойла, спортзал, бассейн.

ХЬ.АБАЕВ

(Материал кечъеш пайда эцна НР-н Куьйгалхочун, Правительствон пресс-службин хаамех)

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: