Дуккха а, тайп-тайпана а говзаллаш ю вайн адамаша шайна хаьржина, караерзийна. Царна юкъахь ю массарна а евзаш йолу лоьрийн, хьехархойн, гIишлошъярхойн, даьхнилелорхойн, кхиерш. Цхьайолу говзалла зудчуьнгахь бен товш а ца хуьлу, делахь а, Сайдуллаева Зиннура евзачарна хаьа, цо хаьржина некъ дукхах болчу зударшка дIакхехьалур боцийла. Иза спортан каратэн декъехула евзаш ю Россин Федерацехь. Вайн заманан «Таймасха» ала хьакъ долуш ю иза.
Зиннура дуьнен чу яьлла 1983-чу шеран бекарг (март) беттан 7-чу дийнахь. Схьаялар Нажи-Юьртарчу Бетти-Махкара делахь а, Гуьмсехь йина а, кхиъна а ю иза. Нохчийчохь хIоьттина чолхе хьал бахьана долуш, 1999-чу шарахь шен доьзал а оьций, цуьнан да Зелимха ГIалмакхойчу дIавоьду. Цигахь, Артезиан поселкехь, 16 шо кхаьчна йолчу йоIана дуьххьара евза каратэ (шинкиокушинкай). Йовзарал сов, кхидIа долчу цуьнан дахаран говзалла а, Iалашо а хуьлий дIахIутту иза.
Нохчийн йоI охьатохархлата Iемаш ю аьлча, тамашийна хетта, цецдаьлла да-нана, цуьнан лаам даггара хиларх кхетий, тIетов цо хаьржинчу некъана.
ХIинца 18 шо ду Зиннура спортан шинкиокушинкай кепара леташ, къийсадаларшкахь дакъалоцуш йолу. 1999-чу шарахь, оццу Артезиан поселкехь яьккхина йоIа дуьххьара толаман меттиг. Нохчийчу цIайирзинчул тIаьхьа а шен дукхаезачу спортаца дахар доьзна схьайогIуш ю иза.
КIезиг бац Зиннурас баьхна кхиамаш а, царах цхьаберш бовзуьйту оха:
2007-чу шарахь, ЮФО-н «Кубок Черного моря» схьайиллинчу турнирехь – 2-гIа меттиг;
2008-чу шарахь, Каратэн шинкиокушинкай декъехула Россин чемпионатехь – 3-гIа меттиг;
2009-чу шарахь Дуьненан 4-чу Кубкан дакъалацархо; ЦФО-н а, Москван чемпионатехь – 3-гIа меттиг;
2012-чу шарахь ЮФО-н 7-чу схьайиллинчу турнирехь – 2-гIа меттиг, ЮФО-н чемпионатехь – 1-ра меттиг.
Иштта хьалхара меттигашяьхна Волгоградехь, Сочехь, Элистахь.
Тахана кегий бераш (царна юкъахь зудабераш) Iамош ю Зиннура. Ша шен говзаллехь кхиъна яьлла аьлла хеташ а яц йоI. Дукха хан йоццуш, кроссфит караерзо йолаелла иза. ДIадаханчу шеран товбецан (сентябрь) баттахь Соьлжа-ГIалахь хиллачу «В» котегорин зударийн дIакъевлинчу къийсадаларшкахь 2-гIа меттиг яьккхина цо. ХIокху шеран бекарг (март) баттахь Ставрополан крайрчу Светлоград гIалахь дIадахьа леринчу «Кубок Кавказа» къийсадаларшкахь дакъалаца кечлуш а ю.
Зиннура оьзда, яхь йолуш, шен къам, мохк дукхабезаш, хила ма-еззара патриот а ю.
Луур дара Зударийн дезачу денца Зиннура даггара декъалъян а, лаккхарчу кхиамашка а, шена хьалха хIоттийначу Iалашоне а иза кхочийла а.
М.МАГОМАЕВА
№18, шинара, бекарг (март) беттан 7-гIа де, 2017 шо