Дукха хан йоццуш, Хьалха-МартантIехь кIоштахь баьхначу бакъонашларъярхойн сийнна иэсан у схьадиллира.
Цигахь дакъалецира Хьалха-Мартан кIоштан куьйгалхочо Абдурешидов Валида, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас, Хьалха-Мартан кIоштан куратора Кадыров Хьасейна, Хьалха-Мартан мэра Заурбеков Iайндис, иштта администрацин белхахоша, кхелхинчеран гергарчара, кIоштарчу бахархоша.
Цигарчу наха и тайпа иэсан у схьаделларе сатуьйсу дуккха а хан яра. Таханлерчу дийнахь церан и лаам кхочуш хилла, Нохчийн Республикин паргIатонна гIаролехь лаьтташ мел кхелхинчу Хьалха-МартантIерчу бакъонашларъярхойн белхахойн цIерш гуттаренна а оцу уьнна тIехь язйина юьсур ю. 343 цIе ю цу тIехь язйинарг. И у дIахIоттийна Хьалха-Мартана чувуллучохь.
Цигахь гулбеллачара дуккха а довха дешнаш элира вайн мохк ларбаран некъа тIехь кхелхинчарех лаьцна.
– Таханлера гIуллакх къаьсттина мехала ду вайна. ХIокху уьн тIехь гайтинарш цкъа а вай бицбийр боцу турпалхой бу. Дала мукъ лахь, тIедогIучу хIора а шеран бекарг (март) беттан хьалхарчу дийнахь, оцу турпалхойн сийнна цхьаьнакхетарш дIа а хьош, царна тIера сагIа а доккхуш, гIуллакхаш дIахьур ду вай, – элира кIоштан администрацин куьйгалхочо Абдурешидов Валида.
Иштта, Хь.Кадыровс а довзийтира цу хьокъехь шена хетарг: «ХIокху хIолламна тIехь билгалбаьхна кIентий кхелхинчу хIусамашкара дай-наной, доьзалхой корта айъина лела йиш йолуш бу. И турпалхой баьхначу юьртана а, кIоштана а боккха юьхькIам бу уьш. Дала ийманца собар лойла хIокху кIентийн гергарчарна».
Цул тIаьхьа вистхиллачу Хьалха-Мартан гIалин мэрас Заурбеков Iайндис билгалдаьккхира иэсан у Къонахчун дийнахь схьаделлар ларамаза нисделла цахилар.
– ХIара паргIато а, маршо а вайна яккха гIерташ дуккха а кIентий дIакхелхина, церан массеран цIерш хIокху уьн тIехь вай дIа а язйина. Церан сий а, ларам а бина, бийр а бу, Дала мукъ лахь. Къаьсттина мехала ду Къонахчун дийнахь хIара гIуллакх вовшахтоьхна хилар. ХIунда аьлча, уьш вайн турпалхой бу, кегийрхоша масал эца хьакъболу. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIаболийначу некъа тIехь ара а бевлла, вайн паргIато ларйнарш а бу уьш! Дала декъалбойла уьш. Дала гIазот къобалдойла церан, – элира I.Заурбековс.
Эххар а бистхилира дIакхелхинчу бакъонашларъяран органийн белхахойн гергарнаш.
– Хьалха-Мартана юккъехь дIакхелхина волу хIокху чуьра кIант цхьана а меттехь хьахош вацара. Ткъа тахана хIокху уьн тIехь цуьнан цIе ю, кIайн йозанца къагийна. Цунах боккха кхаъ хилла суна. Иза дийна волуш санна хетадели суна. Церан хьакъ боллу тидам бар доккха совгIат ду-кх вайна. ХIокху гулбеллачарна юкъахь цхьацца-шишша, кхин сов а кIентий дIабоьхкина дай а, наной а бу. Вайна дицделла-м дацара иза, делахь а, кхара и карладаккхар боккха синхьаам бу-кх. Иштта гIуллакх цкъа а дIадаьхьна дацара вайн кIоштахь. Дела реза хуьлда шуна а, вайн республикин куьйгаллина а хIара гIуллакх дIадахьарна. Дала гIазот къобалдойла вайн республикин гIаролехь лаьтташ дIа мел кхелхинчеран, – элира Хьалха-Мартан вахархочо Гебертаев Салавата.
Хь.БАХТАЕВА
№18, шинара, бекарг (март) беттан 7-гIа де, 2017 шо