Некъ юхахьабаьлла арахь висинарг а, шаьш дага а даьхкина шайга веанарг а, муьлхха а, диканна диллинчу дагца тIеоьцу Итон-Кхаьллан кIоштан Кхокхадан бахархоша АюповгIар Сайдана а, ПетIамата а. И ший а башха ши адам хилар тоьшалла до церан юьртахоша хьовха, кIоштан берриге а бахархоша. Ткъа уьш уллера бевзачарна дика хаьа, цу шиннах башханиг ПетIамат юьйла.
Цуьнан дерриге а дахаран коьрта корматалла хилла йисина нохчийн оьзда зуда, хIусамнана, доьзалан нана хилар. Юккъерчу дегIахь йолчу ПетIаматан шераша хершнашца аьгначу юьхьа тIехь комаьршаллин ховхачу цIарца богу екхначу стигалан басара бIаьргаш. Ша хаъал хилчахьана а къахьегна ши куьг, стоьла йистехь садоIуш Iехкийта тем боцуш, я юх-юха а пхьегIаш нисъеш, я дIакхевдий горгам шаршош, я стоьла тIера чукхозучу шаршун чечакх нисъеш карадо.
Чекхдаьлла, юха ган сатесна хаза гIан санна, дIаелира ПетIаматан бералла. Шен вуьрхIитта шо кхочуш АюповгIеран нус хилира цунах. Къинхьегамна тIера дара доккха ши стаг, марда-марнана. Алссам даьхни а, дуьйш-дерзош кхаш а долчу церан, мукъа хан хиллане а ца хуьлура шеран цхьана а мурехь. Ткъа меттахIотийначу кхузарчу «20-гIа Партсъезд» колхозехь а уггаре а хьуьнаре тонкалелорхо яра къона ПетIамат. Оцу шерийн дагалецамашка ладоьгIча, тонкалелор цунна кIорггера хууш хилар гучудолу: – Чиллин (февраль) баттахь тонкин хIу дIадоьра, – дуьйцу цо. – Цунна метта-мотт кечбора буха кIира хьорсий, цу тIе Iаьржа латта духкий, цу тIе гIум тосий. ТIаккха гIамарца иэдина хIу довхачу хица даша а дой тIедухкура, цунна тIехула кхеллин латта духкура, иза цхьана езачу хIуманца датадой, тIехула телат тухура. Ши-кхо де даьлча, жим-жима телат хьала айдеш, мох кхоьтуьйтура. Арахь йохъяла йоьлча, тонкин ховха зIийдигаш аьчкачу чараш чохь дIасайоькъура белхалошна.
Iаьно парникашкахь а, цул тIаьхьа, колхозан аренашкахь а къахьоьгура ша кхоо ца хуучу жимачу зудчо. Пачхьалкхан болх садаIар хета, цIахь-кертахь долчунна а дерриге а шен куьйга ца дича, юьхьIаьржа хуьлура баккхийчарна хьалха. «Нана, хIинца хIун де ас?», – хаттар бен, совнах дош ца дужура къоначу несан багара, дезарш кIордийна я ойла галъяьлла мисхал а баккхийчарна хамталла ян дагадаийта а ца хIоьттина иза.
Цхьаъ вукхунна тIаьххье дуьнен тIе белира доьзал а – 5 кIант, ши йоI.
Хи диллина гIабакхаш санна, хьалакхиъна кIентий, ден а, деден а агIо хилла дIахIиттира. Шайн нана санна иэхье а, гIуллакхна тIера а кхиира зудабераш. ГIеххьачу уьйтIахь, гуо чуберзош цIенош а дина, доьзал кхиъначул тIаьхьа, бовбевлла АюповгIеран ирс деха ца хилира. ТIеман цIарах яга йолаелира Нохчийчоь. Хьалхарчу тIамах Дала ларбира доьзал. Ткъа шолгIаниг, дуккха а болчу кхечарна санна, кхаьрга а кхечира. Охьахь хуьлуш дерг хIун ду хьажа веана ши кIант, Соьлжа-ГIалин дега юккъе тоьхначу ракетийн геригаша вийра. Пхеанна юкъара дедас къастийначех вара и шиъ. Дуьне а, цуьнан гIиллакхаш а девзаш волчу воккхачу стага: «Дукха диканна а ца вуьйцуш, жимма мукъане вуонна а цIе яккхахьара Асланан, Русланан», – аьллера.
Могаш-маьрша араваьлла ши кIант, айвина юхавеъча, доккха тохар хилира массарна а, ненан сатийсамийн гIаланаш а егира, чим хилла.
«Сайн дагара цхьаьнгга а ца дийцахь а, со а ма яра берийн берех хьаьгна, – дагалоьцу ПетIамата, – сайнаш кхуьуш, меца а, шийла а ца хилчахьана бохуш, уьш хьеста ца лараелла со, сатесна яра кIентийн тIаьхье йовза. Иза дагадеача а цергех хи тосура суна – кху дуьнен тIехь бан а боцу, маца хир бу а ца хуу уьш, стенна безара а хаац суна? Сайн берашна кхачийта я хьекъал я зама ца тоъна безаман аьхналла ерриге а царна а елла, кIелхьара яла йоллуш яра со. Амма, со тахана а оцу сатийсамехь еха…».
Буха дисина бераш а эцна, «кога-акха» яьлла ПетIамат, Нохчийчохь тIеман къахь лахъелча цIа йирзира, амма уьш, шайна Дала догI-догIийтинчу рицкъанаш тIехь севцира.
Тахана а, ша цкъа а охьа ца диллинчу несаллин гIиллакхийн гуонан гIуллакхашца еха ПетIамат. Мел гена синан кIорге кхевдина ша дийца йоьлча а, ладугIучунна ша бахьанехь вас ца ян, елакъажарца йолало иза, амма кхуьнга хаттар доцуш, беснеш тIехула охьакерчачу бIаьрхиша йохайо цо дог чIагIдарца йоьттина нохчийн ненан оьздачу гIиллакхийн бIов.
…Ма товш хуьлу, ненан барма эцна къовламе кIентий боьлхуш, ма жима болх бац «винарг яла хьан» баха йисар. Дала шен сих даьллачунна тIаьхьа ма хьажайойла цхьа а бусалба нана.
Т.САРАЛИЕВА
№18, шинара, бекарг (март) беттан 7-гIа де, 2017 шо