«Нана», «хIусамнана» – уьш уггаре а еза цIерш ю. Абабакарова Рашанан кхолламе ладогIа воьлча, майрра ала йиш ю-кх, иза «дика нана», «дика хIусамнана» ю, аьлла.
Рашан цкъа а ца хилла халонех къехкаш. Иза жима йолуш дуьйна а яра шен нийсархошна юкъахь тIе бIаьрг хIуттуш. Берийн ловзаршца гергарло цкъа а ца хилла цуьнан. Шен нийсархоша хан ловзаршна йойъучу хенахь, баккхийчу нехан къамеле ладугIуш я кертахь цхьацца гIуллакхах тасаелла йоллуш гора иза. Вуьшта, Рашан даима а яра къахьегарна тIера. Кертахь дан дезарг а, лулахоша гIо дан ша кхайкхича а, ша ца кхоош чекхдоккхура цо муьлхха а гIуллакх. Шегахь йолу и дика амал дахарехь цунна эша а ийшира.
Атта ца хилира цуьнан кхоллам. ГIалмакхойн республикерчу Элиста гIалахь бехаш бара церан доьзал. Цигахь йина а, кхиъна а ю иза. Школехь дешна яьллачул тIаьхьа, зударийн а, берийн а бедарш тега Iаморан курсаш чекхъехира цо. Къахьега Iемина йолчу йоIана езаелира бедарш тегархочун говзалла. Хаьржинчу балхах сиха дуьйлира цуьнан куьйгаш. Бедарш тега Iемачу хенахь, гергарчара а, лулахоша а доьхура йоIе шен-шена хIума тега, олий. ЙоI куьйгана говза хилар гучудаьллачу цара, цунах тешайора тегийта шаьш дагалаьцна бедар. Массо а санна, атта тегалуш йолчу хIуманашна тIера дIайолаелира иза. Де-дийне даларца говзаллехь кхуьуьш йогIура иза. Шега тега аьллачу кепара тегна ца Iаш, бедарийн керла куьцаш дохура цо, ша дага а лоьцуш. ХIетахь цуьнан 18 шо дара.
Цул тIаьхьа мелла а хан елира. Цо шен доьзал кхоьллира. Шен ков-керт, хаза хIусам а, доьзал а болуш, ирсе яха хиира иза. «Дахар хийцадала цхьа минот а тоьаш хиллера-кх», – дуьйцу цо. – Вайн махкахь вевзаш футболист хилла волу цуьнан хIусамда Абабакаров СаьIид цIеххьана цамгаро лоций, заьIапхойн гIудалкха чохь вуьсу. Иштта дагахь а доцуш, церан хIусаме беанчу бохамо дерриге а дукъ Рашанна тIедожадо. ХIетахь церан 3 йоI яра. Уьш кегий а, даима а шайна тIехь бIаьрг латто безаш а бара. ХIусамдега хьажар а, доьзал кхабар а – оцу дерригенна а хIинца жоьпалле ша хиларх дика кхеташ йолчу Рашана диканах дог ца дуьллура. ТIехIоьттина йолу муьлхха а чолхе киртиг дIаериг хиларе йолчу дегайовхонца ехара иза.
Дукха хан ялале бакъдуьнена вирзира хIусамда. Ша цхьалха хийтира цунна. Амма, гIайгIа-бала шегахь бара аьлла, йоьхна Iен йиш яцара цуьнан. Иза доьзалан нана ма яра. Кога-ирахIотто езаш 3 йоI яра. Жимачохь дуьйна а къахьега Iеминчу нанас масех болх цхьана ханна тIелецира, царах коьртаниг – бедарш тегар. Иштта, цхьана балхара яьлча, вукху балха йодуш, массанхьа а кхиа хьожура иза. Оцу дерригенно а шен сине, кIадъяларе ладогIа а ца юьтура. Шен доьзална нана хилла ца Iаш, ден метта а хила дийзира цуьнан. Иза иштта хилла хиллийла замано гайта а гайтира. Ламазца-мархица, лела хаарца, гIиллакхца кхиийра цо 3 йоI.
Доьзал дика кхиорал сов, йоцчу таронах амал а беш, йоьIаршка дешийтира цо. Йоккхах йолчу йоIа Мадинас хьехархочун говзалла караерзийна, юккъераниг – Iайшат – экономист ю, ткъа жимах йолчу Хадижата Соьлжа-ГIалин медицинин колледжехь дешна. Царах хIоранна а дахарехь шен меттиг карийна. Йоккхахъерг «Евросетехь» болх беш ю, юккъераниг – «Вайнах» телерадиокомпанин видеотекин редактор ю, ткъа жимахъерг медйиша ю. Уллехь накъост а воцуш, шен куьйгашца хьанал къахьегарца, Дала гIо деш кхиийна доьзал беркате хилла цуьнан. Цуьнан цхьана йоIа шен доьзал а кхоьллина. Тахана шена дукхаезачу говзаллехь къахьоьгуш ю иза.
З.ЛОРСАНОВА
№18, шинара, бекарг (март) беттан 7-гIа де, 2017 шо