«Даймехкан» кхиам

Иллин а, хелхаран а пачхьалкхан «Даймохк» берийн ансамблана Дуьненаюкъара «Звездный путь» конкурсан Гран-При елла.

daiymokhk

«Звездный путь» хореографин а, циркан а искусствехула йолу Дуьненаюкъара конкурс Ставрополан крайрчу Кавказан Минералийн Хиш гIалахь дIаяьхьира чиллин (февраль) беттан 25-чу дийнахь. Россехь а, дуьненахь а гIараяьлла евзачу берийн кхоллараллин коллективаша дакъалецира цигахь. Нохчийн Республикин векал яра иллин а, хелхаран а пачхьалкхан «Даймохк» берийн ансамбль. Вайн республикерчу къоначу артисташа шайх ца далийтира конкурсан коьрта совгIат – Гран-При. Цул сов, оцу конкурсан 1-чу даржан кхо диплом а даьккхира кхаа номинацехула.

ХIара 18 шо хан ю «Даймехкан» солисташ шайн хьуьнаршца, похIмица нохчийн къоман культура йовзийтаран новкъахь къахьоьгуш болу. 2000-чу шарахь «Даймохк» коллективо дуьххьара Ялово гIалахь дакъалецира Дуьненаюкъарчу фестивалехь.

«Даймохк» ансамблан «бохча» Дуьненаюкъарчу Дерригдуьненан фестивалашкахь а, конкурсашкахь а даьхначу совгIаташа дуьзна ду.

Европин пачхьалкхашкахь дика евза и коллектив. Коллективан гастролаш хилла Францехь, Голландехь, Ингалсан махкахь, Швецехь, Финляндехь.

2005-чу шарахь Сочехь «Хрустальная магнолия» фестивалехь, 2006-чу шарахь Бельгехь «Сфинкс» конкурсехь, 2007-чу шарахь «Союз талантов России» фестивалехь, Гран-При совгIаташ делла коллективана. Нохчийн къоман культура йовзийтарехь доггах къахьоьгуш схьабогIу «Даймохк» ансамблан солисташ.

З.ХИЗИРОВА

№18, шинара, бекарг (март) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: