Кхиазхойн толамаш

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштарчу Iалхан-Чурт поселкехь дIаяьхьира 2004– 2008-чуй шерашкарчу кхиазхошлахь греко-римски кепара охьатохархлатарехь хьалхеяккхаран турнир. Цигахь дакъалоцуш бара ДЮСШ-ра, РДЮСШ-ра, ШВСМ-ра спортсменаш.

greko-rim_1_apr

Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш яьхнарш: Эскерханов Iусман (35 кг.), Хамидов Ризван (35 кг.), Таипов СаIид (35 кг.). ШолгIа меттигаш яьхнарш: Джабраилов Юсуп (23 кг.), Ибрагимов Мохьмад (38 кг.), Хайсмеков Минкаил (35 кг.). КхоалгIачу меттехь вара Бихаев Мохьмад (35 кг.) а, Эльмуханов Шамхан (23 кг.) а.

Оцу кхиамашка спортсменаш кхачийнарш бу церан тренерш болу Х.Эскерханов а, М.Таипов а. Цундела тахана спортсменаша даггара баркалла боху царна.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА

№18, шинара, бекарг (март) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: