Поэтан кхоллараллин суьйре

Чиллин (февраль) беттан 21-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу А.Айдамировн цIарахчу республикин Къоман библиотекехь поэтан Асхабов Iабдул-Iазизан кхоллараллин суьйре дIаяьхьира. Асхабов Iабдул-Iазизан байташка ладогIа а, цунах лаьцна дош ала а кхуза гулбеллера культурин а, дешаран а белхахой, поэтан белхан накъостий.

IMG_8786

Цига еанера культурин министран гIоьнча Яндиева Хадижа а, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист, поэт, публицист Борхаджиев Хожа-Баудди а, поэташ Саиев Iумар а, Гакаев Iарби а, Гацаев Iарби а, кхиберш а. Цара шайн къамелашкахь билгалдоккхура Асхабов Iабдул-Iазиза нохчийн мотт бовзийтарна а, бийцарна а юкъа мах боцу доккха дакъа диллина хилар.

– Цунах лаьцна дийца дуккха а ду, Iабдул-Iазизан кхолларалла боккха чулацам болуш ю. Иза хилла ваьлла поэт ву. Цуьнан байташ шайн маьIне а, адамашка ойла йойтуш а ю. Цо даьхначу мукъамаш тIехь дIаолуш долу иллеш нохчийн халкъана дезаш а, девзаш а ду. Ишттадика а, кIорггера а нохчийн мотт хууш а, хьехархочун говзалла йолуш а, байташ язъеш а, мукъамаш язбеш а, цуьнца цхьаьна динах хаарш долуш а, назманаш йохуш а, уьш дIаолуш а болу нах вайн республикехь дукха бу аьлла ца хета суна, – элира Борхаджиев Хожа-Бауддис.

Юкъ-кара Iабдул-Iазизан байташ а йоьшуш дIадаьхьира цхьаьнакхетар, иштта нохчийн иллиалархоша дIаэлира поэтан байташ тIехь даьхна иллеш. Нохчийн Республикин халкъан артиста Эбиев Илеса дуьххьара дIаэлира I.-I.Асхабовн дешнаш тIехь даьккхина долу нанна лерина илли. Иза массеран а дагах кхеташ дара.

Школашкара баьхкинчу дешархоша а йийшира поэтан байташ. Поэте ладогIа а, шайн кхолларалла йовзийта а кхуза баьхкинера къона поэташ Малакова Хеда а, Малаков Джахар а, Шахабов Сайд-Селим а.

Цхьаьнакхетар дерзош, Асхабов Iабдул-Iазиза гулбеллачарна даггара баркалла элира. Цо билгалдаьккхира, шена уггаре а доккха совгIат – иза адамаша шен кхоллараллин хадош болу мах хилар.

I.МУРТАЗОВ

№18, шинара, бекарг (март) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: