КIезиг хан яц ТIехьа-МартантIера яхархо Кунтаева Яхийта цамгаро хьийзош йолу. Масех шо хьалха дагна операци а йина, мелла а гIоли хиллера цунна. Делахь а, хIетахь дуьйна кест-кеста кардиологана тIеяха езаш хуьлу иза. Цо дийцарехь, цуьнан ирс хилла Чагаева Раиса санна йолчу кардиологана тIенисъяларна.

– Коьртан а, деган а таIам гIеметтахIоьттинчеран лакхара хилча цец ца волу. Вайна ма-хаъара, иза шен-шен хенахь бустуш а, иза лахабаккха денна молханаш молуш ца хилча, цо цIеххьана тешнабехк бо. Дуккха а шераш дара коьртан таIам лакхара хиларо со хьийзайо. Операци йиначул тIаьхьа, таIам мелла а меттахIоьттинехь а, хIора а кIиранах аьлча санна, кардиологана тIеяха езаш хуьлу со. Иштта евзина суна ТIехьа-Мартан кIоштан больницин кардиолог Чагаева Раиса. Со шена евзаш йолу дуккха а хан йолуш санна, со шен гергара йолуш санна тIеийцира цо. Сайна Раиса евзинчул тIаьхьа, больнице йоьдучу хенахь сайна дукхадезаш долу адам долчу йоьдуш санна хетало суна хIоразза а, – дийцира Яхийтас.
Раиса къона ю. Амма цуьнца къамеле ваьлча хаало, шен хене хьаьжна а доцуш, адамашца дан къамел цунна карош хилар.
– Вайна ма-хаъара, кега-мерсачу дог этIарша а, халахетарша а меттахйоккху вайн дегIаца йолу муьлхха а цамгар. Цундела, больнице веанчуьнга довха дош аьлла а цуьнан сапаргIатдаккха хьажа веза лор, – бохура Раисас.
Пятигорск гIалахь кхиъна а, цигахь школехь дешна а ю иза. Школехь дешна яьллачул тIаьхьа, Ставрополан пачхьалкхан медицинин академи чекхъяьккхина цо. Цул тIаьхьа яхара иза ТIехьа-Мартан кIоштан больнице кардиологан болх бан. Школехь а, Академехь а цо дика дешна а, медицинин хьаьрмахь шена оьшун долу хаарш гулдина а хиларна, тахана цунах пайда хуьлу дуккха а нахана. Иштта, тахана Кунтаева Яхийтас ма-аллара, Раисина даггара баркалла ала луурш кIезиг бац.
З.ХАСИЕВА
№18, шинара, бекарг (март) беттан 7-гIа де, 2017 шо