Юьхьанцарчу классашкахь йолчу хенахь дуьйна а яра Байсултанова Малика хинйолчу дикачу зудчун амалш йолуш. Кхидолу бераш санна, арахь ловзуш, шен самукъадоккхуш Iан йиш ца хуьлура цуьнан. Мукъа хан цуьнан хила а ца хуьлура, ала мегар ду. Нана (десте) стомма а, буткъа а поппар хьохуш болх беш яра. Иза цIа кхачале чохь-арахь дан дезарг а дой, юург а йой Iаш хуьлура жима йоI. Школера цIа еанчул тIаьхьа дан дезаш дара изза гIуллакхаш. Иштта, мукъачу деношкахь поппар хьохуш шена гIо дан а юьгура нанас, цигахь а дика накъост яра йоI. Поппар бечу хенахь хи тIедохьуш, иза хьуьйш, цул тIаьхьа и дIахьохуче тIебохьуш, шега далучу кепара гIо дора цо нанна. Жимма хан яьлча буткъа поппар хьаха Iемира йоIана…

Адамийн бакъонаш ларъяран дакъа хазахеташ йолу М.Байсултанова, 1992-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан экономикин а, бакъонан а факультете деша яхара. Шина шарахь дешначул тIаьхьа юкъахдита дийзира дешар.
Цул тIаьхьа дуккха а шераш дIаихна. ХIинца Байсултанова Малика хIусамнана а, боккхачу доьзалан (кхо кIант, ши йоI) нана а йолуш, «Родина» совхозехь Iаш ю. ТIаьхьарчу масех шарахь доьзалан дукъ шена тIехь дисина цунна. Юьхьанца, гIишлош, долара а, пачхьалкхан а цIенош хьохуш а, экъа юьллуш а яра иза. ХIинца кхин а хаза, кхузаманан лехамашна жоп луш болчу гIишлошъяран гIирсех пайда а оьцуш болх беш ю. Масала, шпатлевка хьохуш, пенах кехаташ (обойш) латош, карнизаш лоцуш, пен ангали санна шарбеш йолу «венецианка» еш, гипсах йина хIуманаш летош, и.дI.кх. а.
«Нехан хIусамаш куьце ялош болх бо ас. Болх бина йолучу хенахь, хаза мел хили а самукъадолу сан. Сайн болх дукха а безаш бо ас. Муьлхха а гIуллакх суна сайна муха хилча хазахетар дара аьлла, леррина дан хьожу со», – бохура М.Байсултановас.
Шаьш цIа дина девлча, цу чохь бан безаш болу белхаш байта белхалой лоьхуш лела ца дезна цуьнан. Цо ша дукха хаза кечйина дIахIиттийна шайн чоьнаш. ХIусам йиначунна хуур ду иза мел хала болх бу.
Л.ИБРАГИМОВА
№18, шинара, бекарг (март) беттан 7-гIа де, 2017 шо