Мерза кхача кечбо

Шела шахьарна юккъехь стигала кхевдина лаьтта 20 эзар сов стагана жамIатехь ламаз дан аьтто хир болу исбаьхьа, хазачу куьцехь долу доккха маьждиг.

IMG-20170303-WA0082

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарах долу и маьждиг дан долийна 2013-чу шарахь. Хонкарара, Дагестанера, Нохчийчуьра белхалой бара маьждиг дан долийначу юьххьехь къахьоьгуш. ХIара доьалгIа шо ду оцу белхалошна Алиханова Мадина кхача кечбеш йолу. Iуьйранна 7 сахьт даьлча буьйсанна 8 сахьт даллалц болх беш, дийнахь кхузза керла, бовха, мерза кхача кечбо Мадинас. «Хьалха 200 гергга белхало вара хIокху объектехь къахьоьгуш, хIинца, шуна ма-гарра, маьждиган пенаш доьттина, тхов бина баьлла, чуьрачу белхашна тIебирзина, хьахаран белхаш бу беш, цIенкъе мармаран экъанаш ю йохкуш. ХIинца 100 белхалочунна кхача кечбича йолу со» – дуьйцу Мадинас.

Генарчу Хонкарара баьхкинчу нахана шайн мехкан, къоман даар дага ца догIийла яц юкъ-кара. Цундела нохчийн къоман кхачанаш кечбина ца Iаш, цо дукха говза кечбо туркойн къоман кхачанаш а. М.Алиханова 4 беран нана а ю.

Iуьйранна бераш набарха дохий, цаьрга ламаз дойтий, уьш тIехь-когахь къагадой, школе дIахьовсадар а ду цунна тIехь.

Иза собаре, оьзда, ийман долуш зуда ю. Шен марнанна Хьавана чIогIа дукхаезаш ю. «Яцахьара йиш яцара. Бусалба дог-ойла ю, шен хIусамехь оьзда, цIена ю, яхь йолуш ю», – элира марнанас шен несах лаьцна.

Мадинина лаьа шен 2 кIанта а, 2 йоIа школехь дика доьшийла. Суна хиира Мадина нохчийн литература дукхаезаш, дукха говзарш ешна юйла. «Мамакаев Iаьрби, тхайн юьртахо Хасбулатов Ямлихан а дукхавеза суна школехь йолуш дуьйна. Иштта, Гайтукаева Банин поэзи а, амал а еза суна», – бохура цо. Зудчуьнгахь товш, дика мел дерг ду цуьнца. Из-за ас шега аьлча «Нохчийн зуда иштта бен хила а ма ца еза», – аьлла, эсала елакъежира Мадина.

З.ШАЛИЕВА

№18, шинара, бекарг (март) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: