Соьца ду нана хьан бIаьргаш сирла,
Хьаьъна безам царна чохь хилла.
Вай цхьаьна хиларо хазайо суьйре,
Маьлхан зIаьнаршца гIаттайо Iуьйре!..
Нохчийн зуда!.. Къинхетаман гIайре. Собаран гIап. Оьздачу гIиллакхийн кочар. И дерриге а довха дешнаш шех ала хьакъдолуш ю Ойсхарахь Iаш йолу Танталашева Марем. Тахана шен 85 шаре йирзина иза. Делахь а, къахьоьгучуьра сецна яц. Иза цуьнан цIийх доьлла ду.
Дукха хьалхе йисира Марем тIера хIусамда дIаваьлла, Дела воцург накъост воцуш, ялх бер кхабаран деза дукъ шен эгIазчу белшаш тIе доьжна. Цуьнан хIусамда Танталашев Амхьад Гуьмсан кIоштарчу милцойн отделехь оперуполномоченни вара. Шен белхан декхаршца дика ларош схьавогIуш а вара. Белхан декхарш кхочушдеш, зуламхойн арданг схьалаца вахханчохь, герз кхетта, кхалхар хилира Амхьадан 1962-чу шарахь. Вайнах Юккъерчу Азера цIабирзинчул тIаьхьа, белхан декхарш кхочушдеш нохчийн милцойх дуьххьара кхелхина стаг ву Танталашев Амхьад. Маремна-м хIун бен дара иза дуьххьара хилча, тIаьххьара хилча!? Ялх бер тIехь да воцуш дисира, цIийнан дукъ Маремана тIедазделира. Дуьйцийла йоццуш, хала зама яра, хIинца санна аьттонаш бацара. Хьацарца яккха езаш яра сискал. Цхьана стагана-м хала а, атта а цхьа гечо карор дара шена межарг баккха, ткъа, тIехь да воцуш, ялх бер хене даккха доккха хьуьнар оьшура. Бакъду, и хьуьнар Маремехь хиллера. Иза шайн юьртарчу совхозе балха яхара. Цу муьрехь «Терек» цIе йолуш яра Танталашева Марема шен хьаналчу къинхьегаман беркате гIулчаш дIайолийнарг.
ТIаьхьуо, хийцамийн мехаш вайн махка хьийзо доьлча «Ойсхар» цIе тиллира оцу совхозана. Вайнах Казахстанера цIабирзинчу муьрехь, хIинца санна дукха бацара йоза-дешаран кIоргенаш йолу зударий. Цундела белхаш а, дукха хьолахь, лаьттаца бан безаш нислора. Марем дуга кхиочу бригадехь болх беш яра. ХIинца а иэсехь карлабаьлча замано а, къахьегаро а хебаршка озийна юьхь серлайоккхуш цхьа дагалецам бу цуьнан. Дала гIазот къобалдойла цуьнан, Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вара кхеран бригадехь трактористан болх беш. Цу хенахь дуьйна хьекъале дош олуш, эшначунна гIо-накъосталла деш, дерриге а дуьне цхьана агIор далахь а, харцонна тIехIуттур воцуш стаг вара олий, хьахаво Танталашева Марема Ахьмад-Хьаьжа. Иза йоккхае и санна волчу къонахчуьнца ша болх бина хиларна. Болх мел хала белахь а, шайна тIедехкина декхарш юьхькIам боллучу агIор кхочушдеш, вовшашца долчу гIиллакхах ца бухуш, шайгара осалалла ца гойтуш, къахьегна адамаш ду уьш. Iедало диначу совгIаташа тIечIагIдо Танталашева Мареман дахар хьаналчу къинхьегамца доьзна хилла хилар.
Хиллачу СССР-хь тоьллачарах цхьаъ ларалуш долу совгIат ду цунна делла. Иза «Къинхьегаман ЦIечу Байракхан» орден ю. Къинхьегаман ветеран ю иза. ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь вайн махка хьаьвзинчу бохамех доккха дакъа а кхечира цуьнга. 1996-чу шеран хьаьттан (август) беттан 6-чу дийнахь тIеман кхийсарш алсамъевлча, дог иккхина кхелхира Мареман воккхах волу кIант Ахьяд.
2003-чу шарахь кхин цхьа кIант а тIаьххьарчу новкъаваккхар тIедуьйжира нанна. Муьлххачу нанна а Iаламат хала ду ша виначу доьзалхочунна тIаьхьахьажа. Ненан экамечу синан ах дIахьо эхарта воьрзучо, цIий дагадо, синпхенаш малдо. Хала ду иштта ирча киртиг тIехIоьттинчу нанна хIара маьлхан дуьне кхидIа даа а, хьеша а. Амма Танталашева Марема генна синкIоргенехь хьулбира шен иэшам. Цунна товш ца хийтира халкъе, махке хIоьттинчу тезетахь шен шина кIантана елхар. Къинхетамах, комаьршаллех дуьзна Мареман дог бехк боцуш вийначу, тIепаза вайначу массо а ненан кIантана доьлхура, Iийжара. Цул сов, хIора ламазехь, ерриге а Нана-Нохчийчоь йоьхура цо вай кхоьллинчу Веза-Воккхачу Деле. Хаддаза АллахI-Далла хьесталуш, доIанаш дора вайн махкана тIебазбелла бала, Шен комаьрша къинхетам орцахбаьккхина, дIаайбар доьхуш!
Мел еха буьйса а цкъа мацца чекхйолу! Иштта бодано хьаьшна вайн декъаза синош паргIатдохуш дIахIоьттира Нохчийчохь машар а. Йоккхае Танталашева Марем вайн махкара тIом чекхбаларна маьрша дахар дIахIоттарна. ХIинца берийн берашна сагатден мур бу цуьнан дахарехь, деша ваханарг а, балха ваханарг а Соьлжа-ГIалара цIаверззалц наб ца кхета мисканна. ХIоранна шегара там бан лаьа, буьрсачу тIамо бералла Iовжийначу церан дог хьаста лаьа. БIешерийн кIоргенера таханене схьакхаьчна нохчийн зудчун комаьршачу деган серло ю Танталашева Марема царна латтош ерг. Иза Дала цунна делла хьуьнар ду. Ма дика ду иштта зударий вайн махкахь болуш. Церан хьуьнарийн ницкъо де-дийне мел долу тIеттIа серлайохуш ю Нана-Нохчийчоь.
А.ГАЗИЕВА
№18, шинара, бекарг (март) беттан 7-гIа де, 2017 шо