Нана, хьо дIаяьлчахьана…

Нана, хьо дIаяьлчахьана йовхонах Iебаш вац со. Вайн кхерчара цIе а гIийла йогу, кхерч ца бохбо цо, мел йоккха латийча а. Сийса а сийсаш, дог-ойла сингаттаман йийсаре лоьцуш йогу иза, сан ойланаш евзаш санна. Соне тебна Iаш ю пеш, буобер санна. Нана, хьо гуонаха хьаьвзича вайн кхерчара цIе ловзайолура, чоь серлайохуш, шен жIамаршца пена тIехь хаз-хаза суьрташ хIиттош.

65315_original

Нана, хьо дIаяьлчахьана вайн кхерчара йовхо а дIаяхана. Шийла бу кхерч, сан дог а шелдеш. Самукъа а дац цхьана а хIуманца. Хьалха санна малх а хьоьжу, бутт а кхета, седарчий а лепа, де-буьйса а хийцало. Дерриге а шен низамехь ду. Цхьаъ доцург. Хьо яц-кха. Оцу дерригенан а чам беш хилла йолу. ДIаяха-кх хьо. Тхуна деккъа байттамал дуьтуш. Ца моьттучу хенахь, хила йиш йоццург деш.

Нана, хьо-м дIаяха еана ма-хилла. Тхо охьа а туьйсуш. Хьо дIаяхчахьана буобераш хета-кх тхуна тхаьш, кертахь уьдуш берийн бераш делахь а. Байлахь дисина хета, хIара кхерч, хIара пеш санна. Хьуна ма тIера яр-кха вайн пеш. Буьйсанна хьуо охьайижале пеша хьалха охьахуура хьо жIайхойн лохачу гIанта. ДIаяйна хиллехь а, хьан юьхь ма гинна пешара цIе юха латайолалора, хьуна эшахь а олий. Ахь иза хьостуш, цуьнца къамел дора: – СадаIа. Тхуна хьайн кийрара йовхо схьалуш, йогий дIайолу хьо, юкъ бен ца юьсуш. Хьан са – суй, овкъаршлахь лохий, хьо самайоккху ас, хьуна чу садуьллу. ТIаккха юха а ловзайолу хьо, дечигах хьерчаш, кхийсалуш, шатлакхах суйнаш кхуьйсуш. Суна там бан гIерташ, сан шогачу куьйгех барт баккха гIерта… Сахилчахьана дуьйна йогуш ю хьо. ХIинца садаIа, дIайижа. Кхана Iуьйранна а оьшур ю хьо, вай оцу хене довлахь… Ахь бохучух кхетча санна, цIе дIайовра. Ахь морзахца, юргIана кIел бер санна, овкъаршлахь къайлайоккхура цIе.

Нана, тхо кегий долуш, оцу пеша хьалха а гулдой, хаза хабарш дуьйцура ахь, пешарчу алу тIехь ахьаран межар- гаш а, тоьпаш а йоттуш. ЭхI, ма мерза а хуьлура уьш. ТIера юкъ дIа а йоккхуш юура оха. Ма чомехь а хуьлур-кха уьш. ХIинца а Нана, оцу межаргийн хьожа еттало-кх суна… ДагадогIу ахь хIетахь дийцина цхьа хабар. «Бераш, шун воьалгIачу ден нанас латийна хилла цIе хIокху кхерчахь бIе шарахь сов латтийна шуна дIа ца йойтуш. ЦIе-кIур дIадайча хIу хадарна кхерам бу. Варийлаш, кхерчара цIе дIа ма яйталаш, Iалашъелаш», – олуш хиллера Бабас.

Амма, хIокху цIийнан хIу дебош лаьттина вайн дай махках баьхча дIаяйнера вайн кхерчара беркате цIе. Цхьаьннан а ницкъ ца кхечира и дIа ца яйта. Овкъаршна юккъе ткъех суй а биллина, кхаби чохь и «мохь» новкъабаккха дагахь хиллачу тхан деден ненан карара кхаба оззийна схьа а яьккхина, лаьттах тоьхна яржийна дIаяхийтинера цхьана салтичо… ДIаяйра кхерчара цIе.

Казахийн гIум-аренашкахь 13 шо а даьккхина цIадаьхкинчу дийнахь, нана, ахь тхан дега хаьттина хиллера: «Стаг, хьан нанас летийна пеш мичахь ю? ЦIа дендан йоллу со… ЖIайхой чуьра ара а баьхна, поппар хьаьхна, кир тоьхна нохчийн пеш цIанйина, цIинйина, къагийна дIа а хIоттийна, Делан йоккха цIе а йоккхуш, оцу пешахь цIе латийра ахь. Хьо дIаяххалц цкъа а дIа а ца яйра иза. Цкъа а мехкадаьтта а тухуш цIе латош яцара хьо. Ахь овкъаршлахь дIаIалашйина алу, ахь куьг тIекховдоре сатуьйсуш сахуьленга йолура. Оцу дийнахь, нана, ахь бохбина кхерч хьо дIаяххалц кхин шел ца белира. Оцу кхерчан йовхонехь итт доьзалхо кхиийра ахь, нохчийн гIиллакхаш, оьздангалла, эхь-бехк Iамош, ламаз-мархина тIера долуш.

Нана, хьо цкъа а кIад ца ло моьттура суна, кIадъяла а ца еза моьттура. Цкъа цхьана суьйранна хьайца цхьаьна Чартин Хьусайнан хьера вигинера ахь со. ХIетта бархI шо кхаьчна вара со. Бода чIагIбала боьлча бен ца хиира хьуна хьерара къуьда лато сирникаш цахилар. «КIант, элира ахь (хьайн берийн цIе йоккхуш хьан Iедал а дацара), – вадий цIа а гIой, сирникаш йохьуш волахьа вайна». Ахь бохург кхочушдан сихха араиккхира со. Амма арахь Iаржъеллера. Сан дакъазалла бутт а бацара кхетта. Юхаверза ойла хилира. Кхерам боьссира дагчу. Бодашка гIулч яккха ца ваьхьара. Юхавоьрзийла а дацара. Ас хьоьга муха эр дара «со кхоьру».

Уггаре а хала хиллера хьалхара цхьа-ши гIулч яккха. Сайга ма балло чIогIа буйнаш а бина, бодашкахула дIаволавелира со. Иттех метр дехьа валале хьацар тоьхнера суна. Ас болар сихдира. Сайна тIаьхьа цхьаъ вогIуш санна хийтира. «ХIей, хьо мила ву?» – халла хазийра ас. Цхьа а вист ца хилира. Кийрара схьаэккха санна детталора дог. Амма со юха ца хьожура. Ког ма боллу хьалхахьа воьдура. БIаьргаш а, бодашкахь цхьадерг къаьсташ, боьлла богIура. ЦIеххьана, дагахь а доцуш, кешнийн керта юххе кхечира. Кешнашна юххех ца вала, некъан кхин тача лохуш дIасахьаьжира. Дацара. ОхьатаьIна, цхьацца буйна тIулг а лаьцна дIаволавелира. Дукха сиха тIехтилира кешнашна. ХIинца-м суо цIакхаьчча санна хийтира. Кестта кхача а кхечира, вехьа а вехьаш.

– Ахь хIун до? Хьо цIа хьан ваийтина, – хаьттира воккхах волчу вашас.

– Нанас. Сирникаш ян.

– Хьо ма дика ваьхьна. Юха ваха дезар дагара а даьлла.

– Ваьхьна-кх, – элира ас.

– ТIаккха-м дIаваха а ваьхьар ма ву хьо.

– Ву, – элира ас, алаза цаваларна.

Юха ваха а вахара, айса, сайн куьйга хьерара къуьда а латийра.

– Схьакхечин хьо, – элира ахь, – хьох-м суна накъост хилла ма ваьлла, – аьлла гIеххьа хьаста а хьостуш. ХIетахь дуьйна, нана, буьйсанна аравала ца кхоьрура со. Мичча а дIавоьдура. …

Нана, ахь тхо дитичахьана дукха хIума хийцаделла. Юьртахь хьера а яц. Иза оьшуш стаг а вац. Нана, оха-м хIинца яа а ца юу сискал. Хьокхам а ца бо. Туьканара бепиг, шийла, бепиг дуу оха… Кхерч шелбелла. Кхерчара цIе а дIаяйна. Пеш сонехь гIелъелла лаьтта, тIе телат а тесна, дешин можа бос болу басар а хьаькхна. Цу тIехь хIинца деса яйнаш лаьтта, тIекIал а доьттина.

Нана, хьо дIаяхчахьана дерриге а кхоьлина хета, кхачанан чам а дIабаьлла. Сан чIогIа сагатделла хьуна… ЧIогIа… Меллаша шен ненан кошан барза тIе корта а биллина, дIатийра кIант. Цо кхин латкъамаш а ца бора. Иза дIатийнера нанна уллехь…

С.ХАМЗАТОВ

№18, шинара, бекарг (март) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: