хилира августан 18-24-чуй деношкахь Соьлжа-Г1алахь спортан оцу кепехула Россин чемпионат д1аяхьарх
Оха хьалха хаам бина ма-хиллара,карарчу шеран августан 18-24-чуй деношкахь Соьлжа-Г1алин «Олимпийск» спорткомплексехь д1аяьхьира езачу атлетикехула Россин чемпионат. Къийсадаларшкахь дакъалоцуш вара 180 спортсмен, царна юкъахь: спортан хьакъволу мастер – 8, спортан дуьненаюкъарчу классан мастер– 146., спортан мастер – 123 Нохчийчуьра кхо спортсмен вара чемпионатехь дакъалоцуш: Хибалов Мохьмад, Малигов Адам, Могушков Муса.
Кхеташ ду спортаца гергарло долу республикин бахархой царех къаьсттина доглозуш хилла хилар. Тахана кхаъ хиларца билгалдаккха йиш ю ц1ахь йолчу чемпионатехь вайн спортсменаша дакъалацар царна шайна а, республикин бахархошна а юьхьк1оме нисдалар – кхааммо чемпионатан мидалш ехира.
Йозаллин барам 77 кг.йолчу категорехь шина а кепара лерича 347 кг.йозалла а айъина (рывок – 157 кг., толчок – 190 кг), чемпионатан дашо мидал яьккхира Хибалов Мохьмада.
Шен йозаллин категорехь (94. кг) хьалхара меттиг яьккхира Малигов Адама. Оцу толаме иза кхачийра шина а кепара лерича 397 кг. барамехь йозалла айъаро (рывок 178 – кг., толчок – 219 кг).
Шайн йозаллин барам 105 кг. сов йолчу спортсменашлахь дато мидал яьккхира Могушков Мусас. Шина а кепара лерича 454 кг. айира цо. Бакъду, рывок ярехь хьалхара вара Муса. Оцу кепара штанга айъарехь Россин рекорд х1оттийра цо – 213 кг.
Россин чемпионатехь баьхначу кхиамашца ноябран 4-16-чуй деношкахь Казахстанехь хир йолчу дуьненан чемпионате шайна некъ баьстина вайн хьуьнаречу спортсменаша.
Езачу атлетикехула оцу т1ег1анехь къийсадаларш Нохчийчохь дуьххьара вовшахтоьхнера. Спортсменаша а, хьешаша а билгалдаьккхира Нохчийн Республикин физически культурин, спортан министерствос а (министр Хизриев Хасмохьмад), Нохчийн Республикин езачу атлетикин федерацис а
(федерацин президент Кадыров Мохьмад) къийсадаларш 1аламат дика вовшахтоьхна хилар. Иза а бу-кха республикина юьхьк1ам.
Хь.ДОВКАЕВ