Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара зударий!

IMG_9030_w1200_h800

Даггара декъалдо шу Зударийн дуьненаюкъарчу денца – бекарган 8-чу денца.

Дерриге а адамашна къаьсттина мехала долчу хIокху башхачу дийнахь оха даггара баркалла боху тхайна уггаре а гергара, хьоме болчу наношна, денаношна, ненананошна, йижаршна, хIусамнаношна цаьргахь долчу доккхачу собарна, тхуна лучу шайн безаман йовхонна.

ХIара дуьне хаз а до, исбаьхьа а до аш шайгарчу оьздангаллица, эхь-бехкаца, догдикаллица, доьзалан кхерчан йовхо, аьхналла латторехь долчу шайн доккхачу жоьпаллица, тхан гIайгIа барца. Аш бераш кхиадо, царна Iамадо дика а, вуон а къасто, дин марздо, шайн Даймахке, культуре безам кхуллу. Шу бахьана долуш вайн хIусамашкахь синтем бу, аьхналла ю, къепе ю.

Уьншерашкахь дуьйна нохчийн юкъараллехь къаьсттина боккха сий а, ларам а беш хилла ю зуда. Вайн дайша еза лоруш а, сийдеш а хилла ю кхерч ларбеш йолу, тешаме гIортор хилла лаьтташ йолу зуда. Вай тахана а къаьсттина гIайгIа а, терго а йо зударийн. Нохчийн берриге а нанойн, йижарийн, хIусамнанойн хьакъ боллу сий-ларам а беш, вай хIора шеран товбецан (сентябрь) беттан кхоалгIачу кIирандийнахь билгалдок- кхуш кхин цхьа исбаьхьа дезде а ду – Нохчийн зудчун де.

Нохчийн Республикерчу зударийн дуккха а зерех чекхдийла дезна. Вайн зударша къар ца луш лайна вайн исторехь хиллачу къизачу муьрийн халонаш, баланаш, цатемаш. Шайна мел хала хиларх, къарбелла кIел ца севцца уьш. Даима а вайна, божаршна, тешаме гIортораш хилла лаьттина. Тахана а Нохчийн Республикерчу зударша шайн хьокъала йоллу хазна юкъаюьллу регион кхиорна.

Хьомсара зударий! Лаьа шу ирсе хуьлийла, доьзалехь ийман, беркат, токхо лаьттийла, дуккха а шерашкахь шу могаш-маьрша лелийла. Дезачу денца!

№19, пIераска, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: