Зударийн сий-ларам беш…

ХIокху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан театрально-концертийн залехь Зударийн дуьненаюкъарчу денна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, культурин министра Дааев Хож-Баудис, иштта кхиболчу официальни наха а. Оцу суьйренехь дакъалаца кхайкхинера шайн белхан декхарш кхочушдечохь кхелхинчу, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон белхахойн наношка, дукха доьзалхой болчу наношка, иштта, экономикин, Iилманан, культурин дакъошкахь билгалбевллачу зударшка.

Зударий декъал а беш, культурин министра дIадолийра цхьаьнакхетар.

– Вайна ма-хаъара, Зударийн дуьненаюкъара де дуккха а регионашкахь билгалдоккхуш ду. Амма, вайн махкахь санна зударийн сийдеш меттиг хир а яц. ЧIогIа еза лерина зуда вайн дайша. Вайн массеран а цIарах Кадырова Аймани а, берриге а нохчийн зударий а декъалбан луур дара суна, – элира цо.

– Дикка ойла ян воьлча, вайн махкахь санна доьналле зударий кхечу мехкашкахь хир а бац, олий дагадогIу. Вайн махка ши тIом беанчу хенахь, даима а хьалхаяьлла, хьуьнаре хуьлушъерг нана, йиша, хIусамнана яра. Вайна ма-хаъара, зама хала хиларал сов, чIогIа къиза а яра. ХIетахь, цхьа а хьелаш доцчу, кхерамечу хенахь доьзална кхерч латто а, цунна юург кечъян а ницкъкхочура нохчийн зудчун. Баккъал а, ма доьналла, майралла шайгахь йолуш хилла-кх вайн наной, йижарий, хIусамнаной. Вайн махкахь хIоьттинчу ирчачу хьоло иза гайта а гайтина. Ткъа наноша ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь кхиийна болу кIентий, мехкарий вайн республикин дахар тодарехь къахьега дIахIиттира Ахьмад-Хьаьжица цхьаьна. Дуккха а халонех, къизаллех чекхдаьлла ду вайн халкъ. Делахь а, ирча зама а дIаяхана. Тахана вайгахь маршо а, паргIато а ю. Вайн мохк хазбелла, дахар а тоделла. Хазахеташ ду мел генарчу регионашкара баьхкинчара а вайн къам а, мохк а хастош хилар.

Цул тIаьхьа, республикин Куьйгалхочо зударшна совгIаташ дира. Шайн белхан декхарш кхочушдечохь кхелхина болчу Нохчийн Республикехула йолчу чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон шина белхахочун наношна «Ненан сий» орденаш елира.

Иштта, Сийлаллин «Къинхьегамца билгалваларна» знакашца а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Сийлаллин грамоташца а, «Нохчийн Республикин кегийрхойн политикин декъан хьакъволу белхахо» цIерш яларца а билгалбехира нохчийн зударий. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун А.-Хь.Кадыровн цIарахчу регионан юкъараллин фондан президентан Кадырова Айманин сацамца, 17 зудчунна хIусамаш елира.

Концертан программа гайтарца дерзийра цхьаьнакхетар. «Нохчо», «Даймохк», «Фирдаус» ансамблаша а, «Грозный» тобано а, нохчийн эстрадин цхьамогIа артисташа а самукъадаьккхира зударийн.

З.ЛОРСАНОВА

№19, пIераска, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: