Экономика а, предпринимательство а кхиоран а, иштта, экономикина юкъа керла инвестицеш ялоран а гIуллакхна кхин а алсам тидам тIебахийта беза Правительствос а, муниципальни органаша а. Иштта дIахьедар дира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана министрашца а, кIоштийн куьйгалхошца а, Iеламнахаца а, бакъонашларъяран органийн векалшца а Соьлжа-ГIаларчу резиденцехь хиллачу шен цхьаьнакхетарехь.
«Экономикин декъехь, ма-дарра аьлча, чолхе хьал дара аьлла, хIумма а ца деш Iойла дац вайн! Республика кхиоран программаш кхочушъярехь кхин а жигара къахьега декхарийлахь ву вайх хIора а. Цул сов, экономикина юкъа керла инвестицеш ялор а, налогийн бух а, республикин пайданаш а лакхабахар, жима а, юккъера а бизнес кхиор а ду къаьсттина терго оьшуш. Республика кхиаран некъа тIера дIаерза йиш йолуш яц! Вайн бахархой а, вайн халкъ а дика дахийта оьшуш мел долу хьелаш цунна (халкъана) кхолла декхарийлахь а, Далла хьалха жоьпалле а ду вай. Цундела, оцу декъехь беш болу болх а жигарбаккха беза», – элира цо.
Цул тIаьхьа дош делира Правительствон Председателе Эдельгериев Абубакаре. Цо билгалдаьккхира масех баттахь Москвас а, Соьлжа-ГIалас а «къийсина» йолу республикин карарчу шеран бюджет кхиамца а, кхачам боллуш а тIеэцна а, иштта, республикин Куьйгалхочо гIо-накъосталла дар бахьана долуш, бюджете кхитIе а харжаш кхаьчна хилар.
«Вайна хьалха лаьтташ долу социальни дерриге а декхарш кхочушдан таро хуьлу вайн хIинца. Инвестицийн майданаш кхиоран декъехь, ахь, Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, тхуна хьалхахIиттийна долу декхарш кхочушдарехь кхидIа а къахьоьгур ду Правительствон структураша. И болх хIинццехь дуьйна дIабахьа дагахь ду тхо», – элира А.Эдельгериевс.
Правительствон Председатель вистхиллачул тIаьхьа, Кадыров Рамзана кхин цхьа гIуллакх а тIедожийра Правительствона.
«Правительствос а, кIошташкарчу органаша а цхьаьна болх беш бацахь, вай дийцинарг далур долуш дац. Оцу гIуллакхна а къаьсттина тидам тIебахийтар доьху ас. Делахь а, хIоразза а санна, юха а билгал ца даьккхича ца долу цхьа хIума: муьлхха а хьаькам, уггаре а хьалха, бахархойн гIуллакхна, церан хьашташна сема а, шайн гIуллакх дIадоло луучарна гIортор хила а везаш ву», – тIетуьйхира Р.Кадыровс.
Республикехь, хIора а бIаьста, белхи бар ламаст а хилла схьадогIуш ду. Иза а ца дисира республикин Куьйгалхочун тидамза.
«Хьешаша вайн мохк хаза а, цIена а бу аьлча, хазахета вайна. Амма вайн мохк хазбарехь а, цIанбарехь а дакъалаца-м ца лаьа. Мохк-м хIунда буьйцу, ур-атталла шайн керташкахь долчун а дола дан доьналла долуш бац цхьаболу нах. Иза я Исламаца а, я нохчаллица а догIуш дац. Цул сов, шаьш нуьцкъала гIаланийн, яртийн урамаш цIандан арадаьхна бохуш, аьрзнаш деш берш а хаало. Вай цаьрга цIена Iе а боху, ша санна волчу стага цIанйина меттиг цIена латтае а боху. Шен ков-керт а, шен куп а, урам а, юрт а, кIошт а, республика а цIена латтор хIора а нохчичун декхар ду боху-кх ас», – дерзийра республикин Куьйгалхочо цхьаьнакхетар.
И.ИСЛАМОВ
№19, пIераска, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2017 шо