ЗIенаш чIагIлуш ю

Ерриге Россехь а санна, Нохчийн Республикехь а дIаяьхьира Граждански оборонин дуьненаюкъарчу денна лерина мероприятеш. Россин МЧС-н Нохчийн Республикехь йолчу коьртачу урхаллин хьаькаман заместитела Орцуев Мухтара дийцарехь, республикехь дIадаьхьира ветеранашца а, граждански оборонин декъехула долу декхарш кхочушдан векал биначу белхахошца а цхьаьнакхетарш а, иштта, цIеяйаран-кIелхьарбахаран дакъошкахь неIарш схьайиллина денош а, юкъарадешаран учрежденешкахь схьайиллина урокаш а хилира. Соьлжа-ГIаларчу кхочушдаран Iедалан органийн а, республикин кIоштийн а, организацийн а белхахошца Iаморан цхьаьнакхетарш хилира МЧС-н говзанчийн. Цигахь царна довзийтира граждански оборонин хьокъехь долу законодательни а, кхидолу а нормативни-бакъонийн акташ.

37i5FSsnHD-800x600

Къеди-Юьртахь а, Горагорскехь а дIаяьхьначу схьайиллинчу урокашкахь дешархошна дийцира граждански оборонех а, иза кхоллаяларх а, цуьнан коьрта декхарех а лаьцна. Царна гайтира юкъараэскарийн ларваларан комплекташ а, противогазаш а тIе муха юхку. МЧС-н белхахоша берашна иштта дийцира арахь а, цIахь а, школехь а кхерам хир боцучу кепара муха лела деза. Курчалойн а, ТIехьа-Мартан а кIоштийн цIеяйаран-кIелхьарбахаран дакъошкахь вовшахтуьйхира довзийтаран экскурсеш. Цигахь йовзийтира цIеяйархоша пайдаоьцуш йолу техника.

Билгалдаккха деза таханлерчу дийнахь Граждански оборонин дуьненаюкъара организаци – иза дуьненаюкъарчу тIегIанехь граждански оборонин декъехь болх беш йолу дуьнен тIехь а цхьаъ бен йоцу организаци хилар. Карарчу хенахь даима а оцу организацина юкъахь 58 пачхьалкх-декъашхо ю. Цул сов, 17 пачхьалкх-тергамхо а ю, иштта, 30 организаци а ю цунна юкъайогIуш. Росси 1993-чу шеран хIутосург (май) баттахь юкъаяхна цунна, хIетахь дуьйна Россин Федерацин векал Россин МЧС ю.

Граждански оборонин Дуьненаюкъарчу организацис гIо до бахархой ларбаран дакъош кхолларехь а, чIагIдарехь а. Карарчу хенахь Россин Федерацис ондда уьйраш латтайо оцу организацица. Цо Россин МЧС-н таро хуьлуьйту, организацин цIарах, дуьненаюкъара маьIне проекташ кхочушъян.

ХIокху шарахь Россин МЧС-о Граждански оборонин дуьненаюкъарчу организацица цхьаьна пхеа пачхьалкхан – Хонкаран а, Иорданин а, Камерунан а, Абхазин а, Къилба ХIирийчоьнан а – чрезвычайни ведомствошна говзанчаш кечбийр бу. Иштта, дIадаханчу шарахь, дуьненаюкъарчу кхиарна гIоlаран проектийн гурашкахь, Россин МЧС-о Iамийра Сербин а, Эрмалойчоьнан а, Тунисан а, Иорданин а, Камерунан а, Кубин а, Абхазин а, Къилба ХIирийчоьнан а чрезвычайни службийн векалш. ХIокху шарахь организаци дагахь ю Азербайджанехь граждански оборонин декъехула йолчу дешаран заведенийн куьйгалхойн цхьаьнакхетар вовшахтоха. Цигахь дакъалаца кхойкхур бу Россин МЧС-н Граждански оборонин академин векалш а. Иштта, хIокху шарахь Россин Федерацин Правительствон а, Граждански оборонин дуьненаюкъарчу организацин а векалша. Цара вовшашца йолу юкъаметтигаш чIагIъяран бартана куьйгаш а яздийр ду. Цунна кечам бар 2016-чу шарахь дуьйна дIахьош дара, хIинца чаккхене доьдуш ду.

Цунах лаьцна хаам бира Россин МЧС-н Нохчийн Республикехь йолчу Коьртачу урхалло.

I.МУРТАЗОВ

№19, пIераска, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: