Вайна ма-хаъара, жимма а «дIатасавала» гIерташ къахьоьгучунна гIоьналлин куьг кховдош ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан. Нохчийчуьрчу кегийрхойн кхане сирла хилийтарна оьшу дерриге а хьелаш кхоьллина цо.

Дахарехь шен меттиг карийна схьавогIучарех цхьаъ ву Хьалха-Мартан кIоштарчу ГIойтIара вахархо Сапаров Мовсар. Иза къона предприниматель ву. Ша цхьамма шен гIуллакх дIадолийна цо.
Мовсаран дахар дукхахдерг ГIойтIахь дIадаьлла. Да, нана, 2 йиша ду цуьнан. Мовсар уггаре а жимахверг ву. Иштта дара аьлла ца Iаш, шен 12–13 шо долуш дуьйна а ша чIогIа воккха хеташ, шен гIуллакх дIакхехьа лууш хилла кIант.
«Хьо вуй къона предприниматель?» – аьлла, шега хаьттича, «Дала сайн схьа мел делларг лелош верг ву-кх со», – элира Мовсара.
Иштта цуьнца хиллачу къамелехь тхуна хиира Мовсара ГIойтIарчу школехь дешна хилар а, 9 класс а чекх а яьккхина, Соьлжа-ГIаларчу техникуме иза деша хIоьттина а, цIечу дипломаца иза чекхъяьккхина а хилар.
Цул тIаьхьа Москва деша вахана Мовсар. Маймонидан цIарахчу Москван пачхьалкхан классикин академин Философин а, юриспруденцин а отделени кхиамца чекхъяьккхина цо.
Ша цIа ма-вирззина дIадолийна цо шен гIуллакх. Бакъду, цIера валале а, шайн декъа тIехь дина жима божал хилла кIентан. Цу чохь дусто масех бежана дIахIоттийна хилла. Царах дика гIуллакх хуьлуш а хилла доьзална.
Ша и гIуллакх лело муха марзвелла дийцира тхуна Мовсара.
– Сан дас-нанас жима волуш дуьйна лаьтта тIехь къахьега Iамийна со. Лелош кхаш дара, бIаьста дIабуьйш, ехачу аьхка асарш деш, гурахь чуберзош хасстоьмаш бара. Жима волуш сан самукъа иза дара. Лаьтта тIехь болх бина ваьллачул тIаьхьа дохнна дола дан дезара, кертахь дерриге а дина довлий бен суьйренна чу ца доьрзура. И дерриге а самукъадолуш дора. Нохчийн дахар иштта хилла ду, тахана санна компьютерш, телефонаш я «Гранд-Паркаш» чохь хилла дац, – дийцира Мовсара.

Шуна моьтту хир ду вайн турпалхочун кхузткъа сов шо хир ду. Дац. Мовсаран 27 шо бен дац. Иза ша кхиаваре терра, вуьззина нохчийн кIант ву.
– Бер жима долуш дуьйна кхето деза къинхьегамо бен шех адам дийриг цахиларх, къаьсттина и терго божаберашна тIехь латто еза. Таханлерчу дийнахь Iуьйре а, делкъе а, суьйре а мукъа йолуш божабераш хаало суна. И нийса дац, соьга хаьттича, – дуьйцу цо.
Шен вежарех дог лазаре терра, дуккха а дийцира Мовсара божаберана кертахь дерг а, махкахь дерг а интернетал (эр ду вай) дика девзаш хуьлийла лаарх лаьцна.
– 2013-чу шарахь велира со Москварчу Академехь дешна, – кхидIа а дийцира Мовсара. – Дуккха а керланиг девзира цигахь, говзалла караерзийна а ца Iаш. ЦIавирзинчул тIаьхьа, масех шарахь банкехь болх а бира. Делахь а, юьртабахаман декъехь болх бан болу лаам боккха бара. Иштта, сайн дагна дезаш долчунна тIе юхавирзира. Сайн декъа тIехь долу божалш кхин а шордина, кхитIе а даьхний ийцира ас. Цул сов, кхин цхьа аьтто а хилира сан – 2015-чу шарахь вайн республикехь дIахьош хиллачу цхьана проектехь (Пачхьалкхан латталелорхойн (фермерийн) бахаман программа) дакъалацар а, цигахь грант яккхар а нисделира сан.
Оцу грантаца кхин а дуккха а даьхний гулдира ас – дерриге а 44 корта. Царна доладеш, юург оьцуш, цIано латтош белхалой а бара сан. Дустийна девлла бежанаш дIа а духкуш, церан метта эсий а оьцуш, дIахьо оха тхайн гIуллакх.
Цкъа а керташ ца лелийнарг, дохнна улле а ца хьийзинарг кхетар вац сох. Амма, бакъду, декъа тIехь дечух беркат алсама-м хуьлу. Таханлерчу дийнахь наха дIатесна керташ. Рицкъанаш лаха кхин меттигаш шортта ю. Уьш хилар Iаламат дика ду. Амма кхечу белхашца цхьаьна а ма лелало даьхний а, керташ а.
Хь.БАХТАЕВА
№19, пIераска, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2017 шо