Лаьмнийн кIошташ кхидIа а кхиор ю

Хууш ма-хиллара, лаьмнийн Веданан а, Нажи-Юьртан а, Итон-Кхаьллан а, Шуьйтан а, Шаройн а кIошташ кхиорехь тIаьхьарчу шерашкахь динарг дуккха а ду. Веданан а, Нажи-Юьртан а, Шаройн а кхаа кIоштан экономика а, социальни дакъа а меттахIотторан дукхахдолу гIуллакхаш хIинцале кхочушдина. Цигахь меттахIоттийна социальни инфраструктура, электросерлонца кхачойина дукхах йолчу ярташна, телевидених а, мобильни зIенах а пайдаэца таро ю, некъаш тодаран а, царна реконструкци яран а белхаш а бу жигара дIахьош. Иштта, дIадаьхьна лаьмнийн кIошташкахь токхамаш хуьлучу меттигашкахь беха нах кхерамазечу метте дIакхалхор.

Chechnya_Kenhi

2016-чу шарахь цигара дIакхалхийна 252 доьзал: иштта, оцу кIошташкарчу бахархошна керла 76 цIа а дина, 5 петар а елла. 2016-чу шарахь автомобилийн некъийн министерствон ницкъашца лаьмнийн кIошташкахь реконструкци а йина, то а дина 146 километр сов йохалла йолу некъаш. Тиллина даьлла Соьлжа-ГIала – Шуьйта – Итон-Кхаьлла некъан 32-чу километрехь долу тIай. Иштта, Сесана – Бена – Бена-Ведана некъан 19-чу километрехь тилла долийна кхин а цхьа тIай.

Цуьнца цхьаьна дIа а баьхьна, хIинца а дIахьош а бу республикин туристийн дакъа кхиорна тIехьажийна болу белхаш. МаьIне хилам бара «Къоьзан Iам» спортан-туристийн комплексехь «Зип-лайн» олу канатан кепехь транспорт юкъаяккхар. 2016-чу шарахь дIадолийра ГаланчIожан а, ТIехьа-Мартан а лаьмнийн а, Итон-Кхаьллан а кIоштийн цхьадолу дакъош а меттахIиттор. Нашха олучу меттигана а, ГаланчIожерчу Iомана а тIекхочийла а йолуш, 50 километр сов йохалла йолу некъ а баьккхина цигахь. Иштта, хIокху шеран чаккхенехь кхочушйина ялийта лерина ю «Ламанан туристийн-садаIаран «Ведучи» комплексан къилберчу басахь ламанан-лыжийн а, цуьнца цхьаьна йолу а инфраструктура» цIе йолу проект. Цигахь проектан- талламийн белхаш бина йолуш ю «Рома» цIе йолу франкойн компани.

И берриге а белхаш дIабаьхьна лаьмнийн кIошташ кхиорна Нохчийн Республикин куьйгалло ондда тидам тIебахийтина хилар бахьанехь. Динарг дукха делахь а, оцу тIехь сацийна бац цигара белхаш, хIунда аьлча социальни инфраструктура а, туристийн объекташ а кхиорехь кхидIа а къахьега деза.

Лаьмнийн кIошташ кхиорна лерина министрашца а, кIоштийн куьйгалхошца а кхеташо хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан карара шо долалуш, кхолламан (январь) беттан юьххьехь. Цигахь Р.Кадыровс билгалдаьккхира бан беза болх дукха хилар а, республикин лаьмнийн кIоштийн инфраструктура кхиорехь лаккхара гайтамаш хила безар а. Цо Нохчийн Республикин Правительствона тIедиллира, йоццачу хенахь, лаьмнийн кIошташ кхиоран программа кечъяр.

– Иштта бен лаккхарчу жамIашка кхачалур дац вай кхидIа а республикин лаьмнийн дакъа кхиорехь. Вайна пайдехь долчу агIор дерзо деза вай вешан лаьмнаш, дай баьхна латта лардан а, хаздан а деза. ДIадаханчу шарахьчул а алсам хир бу хIокху шарахь бан беза болх, – элира республикин Куьйгалхочо.

Р.Кадыровс дийцира лаьмнийн кIошташкахь еш йолчу объекташкахь болх бан цигара кегийрхой а юкъаозо безаш хиларх лаьцна. Иштта, Шуьйтан кIоштан куьйгалхочунна Чабагаев Шадидана цо тIедиллира Соьлжа-ГIалара оцу кIошта балха оьхуш болчу хьехархошна а, лоьрашна а цхьана ханна чохь Iен лерина йолу хIусамаш нисъяр.

Нохчийчоьнан лаьмнийн дакъа шен доккха хиндерг а, тIаьхьало а йолуш меттиг ю. ТIаьхьарчу шерашкахь, лаьмнийн кIошташ кхиор бахьанехь, керла белхан меттигаш а кхоьллина, кхидIа кхуллур йолуш а ю. Туризм кхио а, дайша лелош ма-хиллара, даьхний лелош а, юьртан бахам кхио а бегIийла хьелаш ду цигахь. Иза вайн республикин беркат а, хазна а ю. Цуьнан хама а беш, иза ларъян а, кхидIа кхио а езаш ю.

I.ТЕРЛОЕВ

№19, пIераска, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: