Аболханов Хьаькимах дош ала таро хилар а доккха хIума долуш, адамаллех, оьздангаллех, гIиллакхах, хьекъалх вуьззина бакъволу нохчи ву иза. Кхин хIумма а ца хилча а, «Даймохк» газетан редакцин учахь иза гучуваьлча белхахошна хазахетар а тоьар ду. «Хьаьким вац иза!? Хьаьким веана шуна!» – бохуш, вовшашка кхаьънаш даха хIуьтту тхо.
Пхи шо хьалха, Делан пурбанца, «Даймохк» газете балха яр нисделира сан. ХIетахь дуьххьара вевзира суна Хьаьким – ас хаьржинчу культурин отделан куьйгалхо вара иза. Муьлхха а хIума, мел хала иза делахь а, Хьаькима дуьйцуш схьалаца атта хуьлура. Нохчийн журналистикин декъехь доккха зеделларг хиларе а, нохчийн мотт дика бовзаре а терра, Аболханов Хьаькиман хIора а дош, хьехар мехала хуьлура. «Со ларор юй-те нохчийн газетехь корреспондентан болх бан, суна хуур дуй-те?», – аьлла, дог-ойла хилла йолу со, Хьаькима, шен говзаллица, кхетамца, хьекъалца, айса хаьржинарг «нийса» корматалла хиларх тешош, хьехарш деш, нохчийн журналистикин халачу, амма мехалчу новкъаяьккхира.
Журналистикехь-м хьовха, муьлххачу говзаллехь а болх беш болчу кегийрхошна а, студенташна а, дешархошна а пайдехь хир йолуш, чулацаме рубрикаш яра Хьаькима «Даймохк» газетехь лелош: «Тхан энциклопеди», «Иллешка дирзина могIанаш», «Искусствон адамаш», «Тхан рузма», кхиерш а. Царах уггаре а мехалниг – «Тхан рузма» – таханлерчу дийнахь а дIахьош ю цо.
Къоначу корреспонденташна хьехар дечу хенахь, ша даима а ма-аллара, «доцца, амма чулацаме» яздо цо оцу рубрикехь а, шен кхийолчу статьяшкахь а. Цхьа дош а яздархьама яздина доцуш, говза а, дагах кхеташ а хуьлу цуьнан хIора статья. Дерриге а хIуманна (ша яздеш долчух лаьцна) духе кхиъний бен а ца язбо цо цхьа а могIа. Изза хьоьху Хьаькима къоначарна а.
Нохчийн журналистикехь, поэзехь, прозехь къахьега, шен хьуьнарш зен лууш волчунна кхин дика хила йиш йоцуш хьехархо ву Аболханов Хьаьким. Цуьнан догцIеналла, дикалла бахьанехь, цо даггара дечу хьехаршка сатесна хуьлу тхо, къонанаш, кхин ца ларрал иза лара а лору оха.
А.МУСАЕВА
№19, пIераска, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2017 шо