Вайн нохчийн къоман газете корматаллица, говзаллица, яздаран хатIца кхиъна ваьлла журналист балха вар цхьа наггахь бен ца нисло. Иза иштта нисделча тамашийна а хета. ХIунда аьлча, нохчийн къоман журналисташ кечбеш, кхиош цхьа а дешаран кхерч бац дуьнен чохь. ТIаккха тамашийна а муха хетар дац и саннарг нисделча. Иштта, наггахь бен нислуш воцчу белхахойх цхьаъ вара Аболханов Хьаьким. Говзаллехь кхиъна ваьлла, журналистана хаа дезаш долчу дуккха а хIума хууш вара иза 1992-чу шарахь «Даймохк» газете балха вогIуш. Цундела хир дара иза вогIуш лаьтташехь коллективах дIаэр а, цуьнан оцу минотехь массаьрца а уьйр-марзо тасаелла хилар а.

Редакце балха вале хьалха дешаран декъехь тайп-тайпанчу даржашкахь къахьегна хиларе терра, цунна дика девзара оцу декъехь долу хьал, цуьнан лазамаш, кхачамбацарш. Царах лаьцна яз а дора цо. Яздора бехкаш а ца дохуш, Iиттарш а ца еш, вашас вешина а, йишина а санна хьехар а деш, нийса некъ а гойтуш, кхиарехьа гIулчаш яхарехьа дан дезарг а дуьйцуш. Вуьшта аьлча, ша болх бан стенга веана а, нохчийн журналистана хьалха лаьтташ дерш хIун декхарш ду а хууш дIаволавеллачу цуьнан аьтто белира дукха хан ялале редакцин тоьллачу белхахойх цхьаъ хилла дIахIотта.
Хуучунна хаьа и зама (дIадаханчу бIешеран 90-гIа шераш) мел чолхе а, кхераме а яра. Вахар-вар маьрша дацара. Зуламхойн гIеранаш алсамъюьйлуш яра. Политикехь, экономикехь, юкъараллехь кегарий бара. ТIегIерташ тIеман кхерам бара. Оцу чолхечу хьелашкахь газетехула халкъе иза маслаIате, барт хиларе, ойла яре кхойкхуш хьекъале статьяш язйора Хьаькима. Уьш къаьсташ хуьлура автор хьикмате, гIиллакхе, кIеда-мерза Iаь а йолуш хиларца. КIорда ца деш, денна Устрада-ГIалара Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийне охьа а оьхуш маслаIате, машаре къамел дора цо, «Даймехкан» кхечу журналисташа санна. Нах вовшах дагабовлу кхерч хилла дIахIоьттира оцу шерашкахь нохчийн къоман газет. Денна хьеший тIеоьцуш, цаьрца къамелаш деш хиллачарах цхьаъ вара Хьаьким.
Амма, Иблисан ницкъо карзахдаьхна адамаш, цхьана бевзаш боцчу ницкъо тIеман бага кхуьйсуш дара. «Даймахкахоша» хьоькху мохь-цIогIа, маслаIате кхайкхамаш хезаш стаг вацара. Йоккха топ юьйлучохь хезаш ца хилла-кх маслаIатан дош.
Нохчийчохь тIеман кIуркIамани йолаелча, цхьана юкъанна болх сацон дийзира Хь.Аболхановн а, цуьнан накъостийн а. Делахь а, 2000-чу шерийн юьххьехь, тIом сацаза а болуш, «Даймохк» газет арахеца уггаре а хьалха арабевллачарна юкъахь вара иза. Цхьана юкъанна-м царна хьалхаваьлла а лийлира иза, газетан коьрта редактор волуш.
Юьртахула дIасавахар а, тешаме доцчу, юха хьайн хIусаме кхочур ву-вац ца хуучу, денна «зачисткаш» ечу муьрехь зорба тоха газет Теркайисте а, Дагестане а, кхечу регионашка а дIаса а хьош болх бира цо, бакъволчу турпалхочо санна, халонна, кхерамна бIокъажор доцуш.
Делан къинхетамца хала хенаш дIаевлира, маьршачу некъа тIе хIоьттира халкъ, меттахIотто йолийра Нохчийчоь. Туьйранахь санна, хаза хийцамаш хила буьйлабелира ярташкахь а, гIаланашкахь а. ЦIинлуш дара халкъ. Оцу дерригенах а яздора похIмечу журналиста. Цунна санна и «похIме» дош хьакъ долуш журналисташ вайн дукха боций хуур ду оцу а, цул тIаьхьарчу шерашкахь а Аболханов Хьаькима язйина, зорбане кечйина материалаш ешначунна. Цо шех дош алаза цхьа а Iилманча, яздархо, поэт вац Нохчийчохь. Вайн массо а турпалхо, Iилманча, яздархо, политик, юкъараллин гIуллакххо, спорсмен маца вина, цуьнгара халкъана хIун беркат даьлла хаьа цунна. Иза газетехула халкъана дIа а довзуьйту цо. И воцург кхин вац нохчийн журналисташна юкъахь и болх беш верг. ТIаккха доккха хIума дац иза?!
Балхо кIадвеш воцу говзанча хилла ца Iаш, ша саннарг кхин хир вуй-те аьлла собаре,оьзда, ийманехь стаг ву Хьаьким. Цкъа-шозза цуьнца охьахиъна, паргIат къамел дан аьтто баьллачунна хуур а ду иза иштта дуйла. И хаа ирс хилла цо хьехна, Iамийна, журналистикин къайленаш йовзийтина новкъабаьхначу къоначу журналистийн а. Уьш иттаннаш бу. Бакъонца тахана а церан хьехамча хилла лаьтташ ву Хь.Аболханов. Бакъду, хIинца балхахь вац къинхьегаман ветеран. Амма иза мукъа Iаш вац я вуьтуш а вац. Дукха нах хуьлу денна цунах дагабовла лууш, цуьнгара хьехар, беркате дош оьшуш. Денна бохург санна, «Даймохк» газете вогIу иза. Веача белхахошна, редакцин куьйгаллина вуно чIогIа хаза а хета. Хетийта цунна хаа а хаьа. Шен метта хьекъале дош аларца, вела-аьшна хиларца, тIекаре хиларца.
Дала цунна дина дика ду адамашца ваза хаар, царна ша везийта, эшийта хаар. Шена диначу диканан хама бан хууш а ву иза. Тхуна массарна а: иза вевзачарна, цуьнца уьйр-марзо, хьошалла, доттагIалла долчарна юьхькIам хета «Хьаьким суна вевза, оха цхьаьна болх бина» алар. Суна хетарехь, кIеззигчу ханна вайна делла долчу дахарехь стагана цул доккха совгIат дац. Иза ду-кх, соьга хаьттича, стага шен дикаллашца, амалшца ша-шена хIоллам хIоттабар. Цкъа а бухур боцу, ширлур боцу хIоллам хIоттор. Иза Хьаькима шена хIоттийна хиларх тешна а ву со.
Вехийла хьо, Хьаьким, хьайн йиша-вешина а, гергарчарна а, тхуна массарна а кхин а кхузткъе пхийтта шарахь, хIинцачул могашалла, доьналла, хьекъал ца оьшуш, хьикматехь сов вуьйлуш. Нохчийн мотт, гIиллакхаш, оьздангалла, эхь-бехк, яхь-юьхь ларъян оьшуш бу хьуна хьо санна болу къонахий.
С.ПАШАЕВ
№19, пIераска, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2017 шо