Редакцин отдела чу веара газетан коьртачу редакторан заместитель Дадаев Сайд-Хьасан, шена тIаьхьахIоттийна кегийрхойн тоба а йолуш.

– Хьаьким, хIорш вайн редакце практике бахкийтина къоначу журналистийн школин дешархой бу. Кхаьрга ладогIахьа, – элира цо отделан куьйгалхочуьнга Аболханов Хьаькиме.
Сайд-Хьасан дIа а вахийтина, Хьаьким вистхилира кегийрхошка: – Со ладугIуш ву. Ас хIун дуьйцийла лаьа шуна?
– Тхайн яздаран ницкъашка хьовсуш, хIара цхьацца материал язйинера оха, хIорш еший, хьайна хетарг алахьа, – дийхира кегийрхойх цхьамма.
Цхьана йоIера схьаэцна, материал а ешна, Хьаькима элира: – Ахь язйина материал «дика ю» аьлла хасторе кхаьчна яцахь а, амма мегар йолуш ю, нагахь санна цхьадолу хIуманаш нисдахь. Хьовсал, массара а дика ладогIалаш. Журналист хила гIерташ волу стаг массо а агIор кхетамехь кхиъна хила веза. Нохчийн а, оьрсийн а меттанаш хууш хилла ца Iаш, цхьана маттера вукху матте даьккхина дош предложенехь догIуш, нийса маьIна деш ду-дац хууш хила декхарийлахь ву иза. ТIаккха таро хир ю предложени а, дийцар а нийса яздан. Маггане а мегар дац шен кхетамехь гIуллакхан ойлаяр цхьана маттахь а долуш, ткъа дIаяздар кхечу маттахь хилийтар. Цкъацкъа телерадион передачашкара я шуьйрачу хаамийн гIирсашкара дешнаш схьаэцар а ойла йина хила декхар ду. Иза ас хIунда дуьйцу? Ас цхьа масал далор ду. ХIокху деношкахь телевиденин цхьана передачехь гойтуш бу (муьлхачуканалехь дара дага ца догIу суна) куьцехь мехкарий. Хаза эшарш а локху цара. Ткъа бухарчу титрашкахь яздина ду «иллиалархо» боху дош. Иза нийса дац. Зудабер я зуда йиш локхуш ю, божабер, боьрша стаг илли олуш ву. Ахь а цу тIера схьаэцначух тера ду хьайн материала тIехь йиш локхуш йолчу йоIах «иллиалархо» алар. Иза нийса дац. Кхийтин хьо?
– ХIинца гайтал суна хьайн материал, – элира цо шолгIачу дешархочуьнга. Иза леррина ешна а ваьлла, цунна а, цуьнан гIалаташ билгалдохуш, хьехамаш бира Хьаькима.
– Хьажал, материал язъян цхьанхьа заводе я кхечу предприяте вахале хьалха, дика ойла а йина, дIаяздан деза хьо шайх лаьцна дийца ойла йолуш волу хаттарш: предприятин цIе, цуьнан куьйгалхочун фамили, цIе, ден цIе, цигахь хIун болх бо, хIун арахоьцу, оцу продукцин дикалла, белхалойн коллективехь массарел а гIолехь болх беш мила ву, и коллектив шен белхан планаш кхочушъярца ларор, хьалхелелорхой билгалбахар, оцу белхахойнпредприятин куьйгаллица а, шайн балхаца а йолу юкъаметтигаш, кийча продукци йохкаран хьелаш, – мел ду уьш. Царах лаьцна ас дуьйцу аьллачух цхьадерш хIокху хьан материала тIехь цахиларна а, хьан накъосташна уьш хазийтархьама а, царах цаьрга пайдаэцийтархьама а. Шайна бина хьехамаш, дика ладоьгIна, аш дIаэцахь, шух журналисташ хир ду. Шаьш цакхетарг хатта мичча хенахь а тхо долчу дахка мегар ду шуна. Оха далуш долу гIо дийр ду шуна. Дала аьтто бойла шун!
Вай шех лаьцна дийцинарг Аболханов Хьаькиман белхан цхьана дийнан масех минотехь хилларг бен дацара. Ткъа цуьнан хIора дийнан балхахь дара редакце керла тIеэцначу къоначу белхахошна хьехамаш бина ца Iаш, дуккха а хенахь дуьйна белхаш беш болчарна а хан-зама ца лоьруш, ша дечу шен гIуллакхехь сиха хиларе ца хьоьжуш, деш долу гIо-накъосталла а. Шега диначу хаттарна дала даима а нийса жоп а хуьлура Хьаькиман.
Шен хIора дийнан балхахь и гIуллакхаш деш волчу цуьнан шена дуьххьалдIа тIедехкина белхан декхарш кхочушдан муха кхуьу техьа иза, аьлла хеталора. Амма Хь.Аболханов дика ларавора шен редакцин декхарш кхочушдарца а. Газетехь шен-шен хенахь арайовлура «Литературин агIонаш». Царна тIехь газетдешархойн еша таро яра вайн республикерчу яздархойн произведенеш. Меттигерчу яздархойн керла язйина цхьа а книга ца юьсура газетехь билгал ца йоккхуш. Хаддаза луш яра «Критика а, библиографи а» рубрика. Газето кест-кеста, зорбатухура нохчийн литературин классикийн Бадуев СаьIидан, Мамакаев Мохьмадан, Мамакаев Iаьрбин, цул тIаьхьарчу чкъуран Мамакаев Эдуардан, Арсанукаев Шайхин, Кусаев Iадизан, Абдулаев Лечин, Ахмадов Мусан, Бексултанов Мусан, тIекхуьучу къоначу яздархойн, поэтийн произведенеш.
Билгалдаккха деза отдело газеташдешархошна меттигерчу яздархойн, поэтийн произведенеш йовзийтина ца Iаш, вайн ешархошна пайдехь а, маьIне а йолу дозанал арахьарчу авторийн произведенеш а кест-кеста зорбатухуш хилар.

Хь.Аболхановс куьйгалла дечу отдело хаддаза яздора республикин дешар, могашалла Iалашъяр меттахIотторах, оцу дакъошкахь долчу кхачамбацарех лаьцна. Хьаххийначуьра, къаьсттина, ала лаьа ша хьехархо хиларе терра, Хьаькима школин темина а, нохчийн мотт Iаморна а лерина материалаш газетдешархошна кхеташ а, говза а кечъеш хилла хилар. Оцу гIуллакхна цо пайдаоьцура журналистикин ерриге а жанрех. Цул сов, дешаран, Iилманан, могашалла Iалашъяран, нохчийн меттан исбаьхьалла а, цуьнан сийлалла а, хьалдолуш хилар а довзийтаран, культурин, литературин, искусствон темашна язъеш йолу материалаш тайп-тайпана а, кIорггера чулацам болуш а хиларна доккха гIо деш бара Хьаькима шен отделехь вовшахтоьхна жигархой. Хьаькиман герггара уьйраш яра могашалла Iалашъяран, дешаран, Iилманан министерствийн, Iилманийн академин, лаккхарчу дешаран заведенийн, хьехархойн говзалла лакхаяккхаран институтан, кхечу учрежденийн белхахошца. Оцу зIенаша боккха аьтто бора цуьнан балхахь.
Хь.Аболхановс хаддаза вовшахтуху нохчийн фольклор, шира дийцарш, гIиллакхаш, ламасташ, шира хIолламаш, дуккха а кхидерш довзуьйту материалаш. Билгалдаккха деза отделехь кечйина материалаш даима а кIорггера чулацам болуш а, еша атта а, дог-ойла гIаттош а хилар. Кхечу кепара хуьлийла а дац иза, хIунда аьлча, Хьаьким ша а ву массаьрца кIеда-мерза, гIиллакхе, оьзда, нехан шега хьашт долуш.
Белшах белш тоьхна, дуккха а шерашкахь цунна юххехь, цуьнца цхьаьна болх бина долчу тхуна боккха юьхькIам, дозалла дара иза юххехь хилар. Тешаме накъост, кхетаме хьехамча ву Хьаьким. Оха цунах дозалла а дора, тахана а до. Цундела тхан, Хьаькиман белхан накъостийн, ала йиш ю: Хьаьким хIокху дуьнен чохь хьо эрна ца веха.
С.МАГОМАЕВ
№19, пIераска, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2017 шо