Нохчийн Iилманчаш – Германехь

Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетера делегаци, шен коьртехь ректор Таймасханов Хьасан волуш, Германерчу Фрайберган ломан академехь – техникин университетехь хилира. Академи Фрайберг гIалахь ю.

DSC_9682_w1200_h800

Германе яханчу делегацина юкъахь вара Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан техникин университетан хьалхара проректор Заурбеков Шарпудди а, «Технология строительного производства» кафедрин доцент Аслаханов Iаьрби а.

Делегацин цхьаьнакхетарш хилира немцойн академин куьйгаллица. Цигахь дийцаре дира тIейогIучу хенахь шина ВУЗ-на юкъахь зIе а, вовшашна пайдехь хиндолу гергарлонийн некъаш лахар а.

– Фрайберган ломан академи, Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан университет санна, минералийн-аьргаллийн ВУЗ-н Консорциуман декъашхо ю. Иштта, оцу Консорциуман Санкт-Петербурган ломан университетехь дIаяьхьначу цхьана кхеташонехь, тхо шаьш долчу кхайкхира Фрайберг гIалин ломан академин ректора Барбкнехта Клаус Дитерас, – дийцира Хь.Таймасхановс.

Визитан программица нийса а догIуш, уьш академин кхузаманан лабораторешкахь хилира, иштта, цхьаьнакхетарш хилира академин куьйгаллица а, хьехархошца а, студенташца а. Цхьаьнакхетарш хиллачул тIаьхьа, К.Барбкнехта шина ВУЗ-на юкъахь Iилманан зIенаш тасаран хьокъехь шаьш кечйина проект елира. Соьлжа-ГIаларчу делегацин декъашхоша шайн рогIерчу Iилманчийн кхеташонехь йийцаре ян лерина и проект. Фрайберган академин куьйгалло хаийтина проектана официальни барт бар, шаьш долчохь, Фрайбергехь хила шайна луург хилар.

Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан университетан проректора Ш.Заурбековс дийцарехь, Нохчийн Республикера делегаци Фрайберган ломан академехь хилла ца Iаш, маьлхан батарейш ечу заводе а, механ электростанцин комплексе а кхечира, луларчу Дрезден гIалин историн а, культурин а меттигашка хьовса аьтто а хилира.

– ВУЗ-шна юкъахь гергарло лелоран хьокъехь болчу бартан лехамашца нийса а догIуш, тхо Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан техникин университетехь немцойн мотт Iаморан гIуллакх нисдан дагахь ду, дешаран хьалхара мур дIабаьлча Германе а доьлхуш, – элира Ш.Заурбековс.

Нохчийн университетан а, немцойн академин а студенташна пайдехь гергарло иза хиларх тешна бу ВУЗ-ийн куьйгалхой.

Билгалдаккха лаьа Фрайберган ломан академи дуьненахь уггаре а ширачарех цхьаъ техникин ВУЗ хилар. Цигахь минералогин, геологин, металлургин, экологин, энергетикин говзаллаш Iамайо. 1765-чу шарахь схьайиллина ю иза. Цуьнан юьззина цIе «Курфюршески саксонийн ломан Фрайберган академи» ю.

З.ХИЗИРОВА

№19, пIераска, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: