Книгашъезархой алсамбевлла

Теркан кIоштан Лакха-Неврерчу культурин цIийнехь кхиамца болх беш ю библиотека. Массо а дийнахь схьайиллина хуьлу иза. Хьалха цхьана готтачу цIа чохь хилла йолу иза кхо шо сов хьалха шена леринчу чоьнашка схьакхалхийна.

IMG_3934

Кхузахь библиотекин болх хьакъ доллучу тIегIанехь дIабахьарна оьшуш долу хьелаш ду. Гуччу меттехь кечйина книгийн терхеш ю. Библиотекин заведующис Ахматова Заирас а, цуьнан накъоста Байсуева Iайшата а дерриге а до библиотекин болх тобархьама.

Таханлерчу дийнахь книгийн фондан барам 13 эзар гергга экземпляр бу, ткъа книгашъешархой хIора баттахь совбуьйлуш лаьтта. Карарчу хенахь библиотекехь дIаязвелла 1 070 книгашъешархо ву. Коьртачу декъана уьш бу юьртарчу школийн хьехархой, дешархой, интеллигенцин векалш, белхалой. Ешархошна юкъахь пенсионераш а бу. Масала, царех бу пенсионераш Яхъяев Ахьмад а, Хачханов Iалман а, Беталгириев Муса а, Колоев Iимран а, кхиберш а.

IMG_20170217_123518

Библиотекин болх шерра дIабахийта хIоттийна ю шеран план. ХIара шо долалуш уггаре а хьалха Кишин Кунта-Хьаьжин дахаран некъах лаьцна дуьйцуш цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Цигахь дакъалоцуш бара юьртара къаной, эвлаяан мурдаш, дешархой, юкъараллин векалш. ТIаьххьара хиллачу мероприятех ю «Пушкинские чтения» а, вевзаш волчу поэтан Шамсаев Мумадан 85 шо кхачарна лерина цхьаьнакхетарш а. Кхузахь болх беш ю мехкаршна лерина йолу «Рукодельница» цIе йолу клуб а. ХIора а керла арайолучу книгин презентаци а йо кхузахь.

– Оха тхешан ницкъ кхочург до юьртахойн литературе безам кхолларехь, – дуьйцу библиотекин заведующис Ахматова Заирас. – Оцу декъехула тхан библиотекехь кест-кеста вовшахтуху викторинаш, конкурсаш, ловзарш. Оцо а доккха гIо до тхуна болх тобарехь а, ешархойн барам алсамбаккхарехь а. Библиотекин белхахоша тидамза ца буьту заьIапхой а. ХIораннан а хIусаме кхочу, леррина денош билгалдохий. Чекхдаьллачу шарахь дIадаьхьна яздархошца цхьаьнакхетарш. ТIейогIучу ханна а билгалдина дуккха а цхьаьнакхетарш. Вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедиллина кегийрхой экстремистки ницкъаша арахьара бечу Iаткъамах ларбарехь кхетош-кхиоран болх жигарбаккхар. Иттаннаш мероприятеш хилла кхузахь оцу декъехула. Кегийрхойн цхьаьнакхетарш хилла юьртарчу Iеламнахаца, маьждигийн имамашца, бакъонаш ларъяран органийн векалшца. ХIара шо доладелла дукха хан яц, амма хIинцале дикка гIуллакхаш дан ларийна, дан билгалдина гIуллакхаш кхин а дукха ду.

Х.ЖАПАРОВ

№19, пIераска, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: